ТIекхочийла долу линкаш

"Исламан пачхьалкх" олучу тобанашна дуьхьал къовсам болор бу Туркойчоьно


«Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашна дуьхьал маьIна доллуш къовсам Туркойчоьно болор болуш бу, дIахьедина оцу мехкан арахьарчу гIуллакхийн министра Чавушоглу Мевлюта. Азин мехкийн кхеташонехь Куалу-Лумпурехь кхаарийдийнахь цо бохура, Iамеркан чохь лелош стаг воцу кеманаш Шемин дозанерчу шайн Инжирлик базе дIагуллуш ду, Туркойчоьно церан гIоьнца йолор ю тIеман операцеш.

Малайзехь Чавушоглу цхьанакхетта Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретарца Керри Джонца. Iамеркан векалша бахарехь, дахначу кIиранах Штатийн кеманаш дIагулдала доьлла туркойн базане.

XS
SM
MD
LG