ТIекхочийла долу линкаш

Ягочун дефицит хIотта кхерам бу Оьрсийчохь


Оьрсийчохь ягориг латточу «Роснефть» компанин куьйгалхочо Сечин Игора махкахь бензинан якъо хIуттур ю, пачхьалкхо мехкдаьтта доккхучарна балхатIехь керла аьттонаш ца бахь аьлла дIахьедина. Ял яккхаран политика кху шеран юьххьехь хийцаяларца доьзна, оьшуш ду компанера белхан хьелаш, оцо 5 миллион тонна ягочун дефицит хIоттор ю Оьрсийчохь, аьлла яздина Сечина ша президенте Путине хьажийначу кехата тIехь.

Юьйцу йолан кеп маьIдадаккхархошна хийцира Оьрсийчохь, мехкдаьтта доккхучу компанешна хьовзаме лору иза Сечина. Ягочун мехаш бесташ хилар хаало Оьрсийчохь кху муьрехь а.

XS
SM
MD
LG