ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера а, Iамеркара Оьрсийчу бохьу кхача лахбелла


Оьрсийчоьнан юьртбахаман сурсатийн башхаллин тергоечу «Россельхознадзор» урхалло дIахьедина, президента Путина Европера а, Iамеркара а кхача пачхьалкхе ца кхочуьйту омра арахецчхьана схьа лахбелла Оьрсийчу бохьу кхача, аьлла. Хьалха Европера Беларусах чекх а боккхкий, Оьрсийчу кхача бохьу машенаш дийнахь хуьлура 70-80, хIинца 8-10 бен ца нисло, боху «Россельхознадзоро».

Ткъа иштта чукхаьчна кхача а, багийна хIаллакбан дина омра а лела Оьрсийчохь. Шинарийдийнахь Самарехь дагийна масала, ах эзар тонна хьакхин жижиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG