ТIекхочийла долу линкаш

ТIамах сайоккхурш


Политикан карикатура (Кустовский Олексей, Украина)

Политикан карикатура (Кустовский Олексей, Украина)

ДАIИШна дуьхьал кхоьллинчу дуьненаюкъарчу коалицин куьйгаллехь лаьтта Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ. Дуккъачу совдегаршна а, корпорацешна а и тIом вуно йоккху са йохьуш хилар гучудоккху Iамеркерчу The Daily Beast сайто.

Шо сов хан ю Цхьаьнатоьхначу Штаташа Шемахь а, Иракъехь а къепедацарш лелочу ДаIиш тобанна дуьхьал коалици а кхоьллина, цуьнца къийсам латтош болу.

Хетарехь, кхин а дуккха а шерашкахь бахлур болуш а бу и тIом, Пентагонан лакхарчу куьйгалхоша хIинцалца схьа массийтаза ДаIиш гергарчу хенахь эшалур яц бохург къадийна хилар тидаме эцча. Муьлха а тIамах я тIеман операцех амма, хууш ма-хиллара, цхьаболчарна цIий а, баланаш а, ткъа вукхарна яккхий таронаш а, даржаш а, миллионашкахь са а хуьлу.

Иштта ду ДаIишшца тIом бар а. Цхьаьнатоьхначу Штатийн бюджетера хьажош долу цу тIеман операцин ахчанаш тIамна оьшу гIирс а, герзаш а, говзанчаш а кечбечу концернашна кхочуш ду доккхачу декъехь бохург чIагIдо шен The Daily Beast сайтехь зорбане бевллачу талламашкахь аналисто Бреннен Кейта.

Цо гучудоккху, совдегарийн а, Iедалшна гергарчу концернийн а мел хьашташ кхочушхуьлу, тIеман операци ях мел ло а, ДаIишца дерг ца къаьсташ, дах мел ло а бохург. ЦIераш а йохуш буьйцу цуо тIом бахьана долуш баха ховшуш берш.

Масала, Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министраллин сацамца тендерш кхочучех фирма ю Lockheed Martin. ДаIишца тIом болабелча дуьйна схьа Иракъе Lockheed Martin I60 керла ракета кхачор тIедоьжна цунна. Ткъа General Dynamics фирмано Иракъана миллионаш долларшна танкашна оьшу гIирсаш боьхкина.

Амма кхин а алсамох катуху террорхошна дуьхьал дуьненаюкъара альянс ярах пайда а оьцуш, SOS International цIе йолчу концерно. Цу фирмана Иракъехь болх беш болчу нехан терахь цу пачхьалкхехь Iамеркан векалтийн терахье дIа ца кхочуш ду, бохуш язйо аналисто.

SOS International фирмин хьехамчашна юккъехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министран гIовс хилла волу Вулфовиц Пол а, Пентагонан куьйгаллхеь хиллачу Рамсфельд Доналдан лерина гIоьнча хилла волу Батлер Пол а ву. Деккъа цхьана карарчу 20I5-чу шарахь цу фирмане кхаьчна Иракъехь болх бан 400 миллион долларна меха контракташ. Иза тамаша а бац, цу кепара лакхарчу гуонашкара хьехамчаш цунна гIо-накъосталла деш.

Аналисто Бреннен Кейта бина таллам боьшуш карладолу, Иракъехь Саддам Хьусейн вожоран тIом Цхьаьнатоьхначу Штаташа болийначу а, дIахьочу а шерашкахь цу тIамна тIехь I38 миллиард долларна концернаш а, Iедалшна гергарчу фирманаша а сайаьккхина бохуш хилла долу зорбанаш. ХIетахь уггаре а доккха беркат тIамах даьлларг Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президенто Чейни Дико куьйгалла деш хилла йолу Halliburton компани яра, Файненшл Таймс газетано чIагIдарехь цу тIамехь 39,5 миллиард долларна контракташ йина йолу.

Хууш ма-хиллара, адамаллин исторехь тIом даима а хилла уггаре а санечарех сайаккхаран гIирс. Маьршачу нахана цунах инзаре бохамаш хилахь а, амма эскархойн куьйгаллина а, тIеман гIирс кхуллучу фирманашна а доккха Даладалар ду иза.

Нохчийчоьнан доза дукха жима хиларна цигарчу тIемашна тIехь саяккхар Иракъерчу барамашца дуста йиш яцахь а, амма хийла да ваха хаийра, хийла да вузийра ДегIастанарчу тIемаша.

Интернетехь Нохчийчуьрчу тIамах яьллачу санах лехамаш бича, схьахIутту, цхьана оьрсийчо яздинарг: „сан вашас Нохчийчура тIом бахьана долуш цIенош а дина, машен а эцна, суна-м нйиса хета иза“ аьлла. Цунна дуьхьал вукху жоп ло: „Ткъа Грачевс Майамехь коттедж эцна“ аьлла.

Хетарехь амма цу оьрсийчуьнга кхаьчнарш цинцаш бен дац, кхечара нохчийн къоман бохамна тIех бехкинчу бахамашца дуьстича. Политолога Асхабов Хьамзата дийцира Маршо радионе, Нохчийчохь а, дуьненчохь а дуккхаъ нах шайна тIамах тIум ян Iемина хиларх.

Асхабов : „ТIом уггаре а хьалха профессионала эскархошна пайдехь бу, хIунда аьлча цуьнан гIоьнца уьш даккхийчу даржашка кхочу, пачхьалкъан бюджетера цу тIамна шортта ахчанаш кхочу цаьрга, шортта герзанаш а духку цара, тIамехь дIадиттина шаьш олий.

И хьал массо а меттехь а, тIом болчехь, кхин хийца ца луш, схьадогIуш а ду. Нохчийчохь вайна массарна а дика дагадогIуш эскархоша герзаш доьхкина ца Iаш, ур-аталла нехачуьра сал-пал а тIехь, хIуммаъ эхь ца хеташ, шайн тIеман машенанашна тIе а буттий, дIахьора. Цул совнаха, мехкадаьтта духкура, уггаре а тIом чехкабаьлла боьдучу муьрехь мехкадаьтта доккху завод метта а хIоттийна“.

Мехкадаьтта доьхкина ца Iаш, Нохчийчохь мел хиллачу заводийн а, фабрикийн гIирсаш а, йохийначу гIишлойх йисина кибарчигаш а, цIерпошта некъа тIера а, кхин Iда мел йолчу объекташна тIера а схьа доккхуш, Оьрсийчу а, луларчу республикашка а дохка дIакхоьхьу эчиг а, цIест а, хьанашка хедош дохка дIакхоьхьу дечиг а- кхин а шортта дара оьрсийн чаьлтачийн а, эскарийн дайн а, лакхарчу даржашкарчу хьаькмийн а Нохчийчохь ахчанаш дахаран хьостанаш.

Ткъа уггаре а маьттазниг а, амма оьрсийн чаьлтачашна уггаре а атта хетарг а, марзделларг а - лийцина нах бохкар я шаьш байъинчу нехан декъий дохкар а дара.

XS
SM
MD
LG