ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алсам хьан юу: хьаькамаша я цаьпцалгаша?


Къилбаседа Кавказан хьаьттанашка цIоз даьржина, олий, дIахьедо юьртабахаман урхаллаша хIора а шарахь. Цаьпцалгаша чIана дохуш ду буртиган кхаш аьлла ду кху муьрехь доху орцанаш а. Иза бакъ дац, ялта хIаллакдал цIоз цига ца кхаьчна, боху фермерша. Ткъа стенна оьшу Iедална цаьпцалгийн орцанаш кхайкхо?

Кхушара хилла ца Iаш хIора а шарахь бохург санна аьхка, ялташ чудерзочу муьрехь, йийца йохуш ю Нохчийчохь цаьпцалгаш а, церан цIоз-бIоно, эзарниш гектарашкахь хIаллакдеш долу ялтанаш а.

Тахана а тергалло изза сурт. Юьртабахаман министаралло гIардаккхарца, 10 эзар сов гектар латтанаш,юьхьар а дерзийна, 11 кIоштийн кхаш-арешна тIелетта цIоз. Гуттар санна, къаьсттина алсам зенаш дина Шелковск кIоштехь боху официала хьостано.

“Кху тIаьхьарчу деношкахь цаьпцалгийн цIоз хааделла 2.500 гектар майданахь. Цаьрца къийсамс баллош пайдаоьцу хIаваакеманех, кхаш –арешна леррина препарат-молханаш детта кхечу техникаца а. И сагалматаш дIаса ца яржийта ницкъ мел кхочург деш делахь а Шелковск кIоштера хьал чолхе ду».

Цу кеппара хаам дIасабаржийна юьртабахаман урхаллин хьостано. Цо билгалдаккхарца цаьрца балло къийсам халонга боккхург ду тIех йовха хилар а,цаьпцалгаш «тIемаш тIе ховшар а».

Бен-бечу тIегIан хьаькамаша чIагIдарца цаьпцалгаш алсам дебначех,цара кхаш –аренаш йийсаре йинчу кхерамечех ю Теркйист а, Новр а кIошташ.

Бакъду цигахь ярташкахь бехачу ахархоша а,латталелорхоша а кхеттане а кхетош дац цаьпцалгаша инзаре даккхий зенаш дина бохуш юкъараллехь дIасадаржийна хабарш.Ма-дарра аьлча цара шеконца тIеоьцу и сагалматаш сел коьртах а яьхна йийцар. «Ялташша-м дийца а ца оьшу, уьш чудерзийна девлла.

Царал дикка тIаьхьа хуьлуш ю хорбаш а,хьаьжкIаш а. Ур-аттал царна а ца дина цIоз тIе а летта зе. Цхьа хIума кIел диллина даржийна эладитнаш ду, кхин хIумма а дац». И къамел динарг ву Новр кIоштера совдегар-долахо Асаев Ваха.

Шен долахь 20 гектар латта долуш ву Теркйист кIоштера,ас юьззина цIе ца йоккхуш вуьту Майрбек. Цаьпцалгийн бIонах хаттар делча цо элира:

Теркйист, Новр кIоштийн Лаха-Невре, ЧIулга юрт, Ломаз юрт, Ищери, Алпату, Рубежни ярташкахь масала,даккхий зенаш а деш-м муххале а хааелла яц и «меца» садолу хIумнаш. Уьш янне яц бохург дац иза, ю! Амма яц оццул зенаш даллал бIонашка а йирзина эзарнашкахь лелаш. Шена зеделлачух дуьйцуш ву Новр кIоштера латталелорхо Висита а.

Висита: «Суна и бакъдолуш ца хета, стенна боху аьлча, цу ялташлахь лелаш со ву. Ялташ чудерзийна бевлла дукха хан ю. Цаьпцалгаша цхьанне кепара зен дина а дац Теркйистехь. Iедалан совхозаша шайна списать дан деш хIума ду. Дийнна прицепашкахь аратоьттуш долу ялта дуьйцуш а дац! Цаьпцалгаша хIаллакъдина хилча, мичара долу царна?»

Дуккха а бахархошна хетарехь цаьпцалгаш дебаро,кхаш-аренаш мел ю дIасаяржаро «дебабо» цхьаболчу,шайн балхана саготта «хьаналчу» ойланаша огучу маьхькIамхойн хьал-бахам а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG