ТIекхочийла долу линкаш

11 а, 9 а шерашна набахте хьажор дехна бакъоларъярхой


Бакох йоьдучу кхелехь прокуроро 11 шарна набахте хьажор дехна бакъоларъярхо Юнус Лейла. Иштта, 9 шо дехна цо цуьнан майрачунна Ариф Юнусна а. Зуда, майра бехкедо пачхьалкхана ямартло ярна, бозбуанчаллаш лелорна, харц кехаташ кечдарна, ял дIа ца яларна, бакъо а йоцуш бизнес лелорна. Девнан рогIера ладегIарш дIахьор ду оршотдийнахь. Стохка дуьйна Азербайджанан Iедало лаьцна долу и ший а ду цомгуш, ткъа ца до оьшу дарба.

60 шераш долчу ЮнусгIеран могIаршкахь бу иттаннаш политикан бухатIехь лецна политикаш, журналисташ, Iедална критика ен нах. Президентан Алиев ИлхIам бехкево уьш хьийзорна дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн хьукматаша.

Бакхох Машаран а, демократин а институт кхоьллина Юнус Лейла эрмалошца цхьана хьийзира ийгIина дехачу шина къомана юкъахь барт бан. Оцу балха тIехь делла дуккха а совгIаташ а ду бакъоларъярхочун.

XS
SM
MD
LG