ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францино Оьрсийчоьнна дIалур 1 миллиард 200 миллион евро


Ша беракеманаш леладен тIеман Мистрал-хIордкеманаш дан хIоттийна хилла барт бохорна Францино Оьрсийчоьнна дIалур 1 миллиард 200 миллион евро, дIахьедина Парижо. РТЛ радиоца къамелдеш Францин тIеман министра Дриан Жан-Ива элира, и гIуллакх вовшашца дийцаредина шина а пачхьалкхан президенташа.

Францино ши Мистрал-хинкемана дан бина хилла барт юкъахбаьккхира, ткъа болх ах бина баьлла бара, цундела мелла а лахара хир ду Парижо охьадуьллу ахча, бохура Дриан Жан-Ива.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG