ТIекхочийла долу линкаш

Янукович тIекхуьйкху Украинан прокуратурано


Украинан прокуратурано еарийденна коррупци лелорна талламаш беш, тIекхайкхина вара цигахь президент лаьттина, хIинца Оьрсийчохь къайлаваьлла веха Янукович Виктор. Иза кхеле озош, цуьнга дахьийтина кехат шен агIонна тIетоьхна «Урядови курьер» олучу газето.

«Низамехь а доцуш, хьал доладерзор», «пачхьалкхан даржах пайда а оьцуш, шуьйрра бозбуанчалла лелор», аьлла ю цунна дуьхьалъяхна бехктакхаман артиклш.

Янукович веддачул тIаьхьа цунах йисинчу резиденцехь карийра гIаттамхошна иттаннаш еза машенаш, тIех баккхий мехаш болу йийбар, зоопарк, кхидолу хьал.

XS
SM
MD
LG