ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Заманаш - Юнин хIусаман хьеший


Шира гIирс гулбархо, бизнесмен Успанов Юни шен цIерачу музей чохь, 5Мар2015
Шира гIирс гулбархо, бизнесмен Успанов Юни шен цIерачу музей чохь, 5Мар2015

Адамаша заманийн йохаллашкахь леллийнарг, дахар чIагIдеш хьегнарг, иза кхиош кхоьллина хьашташ, йийбар, духар, пхьегIа, герз – и дерриг а довзаро дIавузу вайх муьлхха а дуьненан селханеханах, йовза аьтто ло тахане, хаа ницкъ ло кхана хила тарлург. Ша-шеггара шен цIахь музей кхоьллина дуккха а нахана вевзачу истори езархочо, совдегархочо Успанов Юнис.

Успанов Юнин цIе Къилбаседа Кавказехь дикка еввзаш ю. Цо дуьххьара кхоьллина этнографин ресторанаш. ХIирийн махкарчу Мазлакъ гIалахь ю цуьнан коьртачарех цхьаъ.

Оцу кхачанан чоьнан башхалла ю, цу чу хьо вахча, пIенда сатталц гай дузорал сов, хьуна аьтто ло, хьайн къоман ширачу исторе кховда.

ХIора чоь екъна ю Кавказехь дехачу къаьмнийн цIарах. ХIирийн кхача баа лаьий? Леррина чоь ю, оцу къоман шира хIуманаш а йолуш, церан даарш а долуш.

БаIарш, корта- ког, жижиг-галнаш дезахь, нохчийн чоьна чуваха веза. Иштта ю эрмалойн а, гуьржийн а, гIебартойн а, кхечу а къаьмнийн чоьнаш.

Амма дукхачу хьолахь, оцу ресторане воьдуш, бакъдерг ала деза, еккъа хIума яа ца воьду. Ша тайпа мехалла йолуш музей ю иза.

Успанов Юни, ша истори езаш ца хилча, и тайпа болх цуьнга вовшахтохалур а бацара. Шира хIумнаш гулъяр шен муха доладелла аьлла, дийцира цо Маршо Радиога. Уьш чохь латтон чоьнаш а гайтира цо. Билгалдаккха лаьа, хIинцалц цхьанна а журналисташна гина а яц уьш.

Успанов Юнин музейхь
Успанов Юнин музейхь

Успанов: «Музейш ю вайн кхузахь. Цкъачунна кху Къилбаседа Кавказехь бен яц уьш. Вуьшта, кху пачхалкхехь массанхьа а хира йолуш ю уьш. Дуьххьара дуьйлалучу хенахь, зударийн цхьа шира доьхка деъера суна тIе.

Украине а, Европе а дIахьош ду бохура иза дохка. Хала а хетта, ас ийцира иза. Вайн берашна иза кхана юьсура яц-кх аьлла. Иштта волавелира со. Ша ерриг сан цIахь яц уьш.

Цхьацца меттигашкахь гайта дIахIиттийна ю. Ткъа хIинца, сайн склад санна йолу, и хIуманаш гулъеш а, Iалаш а еш йолу меттиг гойтур ю ас. Накъосташна-м гайтина ас, амма журналист, хьо дуьххьара ву цу чу вогIуш»

Шен цIенна кIелахь йолчу лекха тхевнаш долчу чоьнаш чохь, дечкийн йина шортта терхеш ю. Цу тIехь, эзарнашкахь, гайта кечам беш йолу экспонаташ ю. ДаьIахках йина шед, Юнис кара а эцна, иза лелоран маьIнех лаьцна дуьйцу.

Успанов Юнин музейхь
Успанов Юнин музейхь

Успанов: «ХIинца вайна хета, хIара еккъа шед бен яц. Амма лаьнмшкахь тезет даьлла аьлла хаам бан жима стаг вохуьйтуш, и шед кху куьйга лаьцча, обаргаша а дIавохуьйтуш хилла, тIе а ца кховдуш. Иштта доьналла долуш, гIиллакхе хилла хьалха нах.

Тайпа-тайпана тухуш а, Iуттуш а долу шира герзаш ду Успанов Юнис гулдеш. Мел жима хIума а, эца а оьций, иза цхьана кепа тояйта хьожу иза. Эзарнаш шераш хьалха хиллачу Iодан пхенийн веднаш эца а оьций, уьш хьалха ма хилла дIахIоттайо цо. Цхьа мор боьттина ду уьш цуьнан.

Успанов: «Хьажал, хIорш пхенаш ду хьуна. Веднаш ас оьцу. ХIинца, хIара, вайн заманал а хьалха, 5 оьмарера ю хьуна. Борзах йина ю иза. ХIорш эчигах ю. Уьш вайн заманан 9-I2 оьмарера ю.

Ас хIну до? Пхьере дIа а лой, цара хила ма еззара тайо суна уьш. Кхузахь вайн шадоллу герзаш а ду. I7 оьмаран чакхенера мокхазан топ ю хIара. Мукъ даьIках бу цуьнан. Кхузахь мокхаз хилла биллина. Молха чу а дуттий, иза арадолучу меттехь лаг озийча, мокхаза суй а тухий, молх латош хилла. ТIаккха йолуш хилла.

ХIара туркойн махкара «акинак» тур ду. Немцойн "кайзеран" Германера тур ду хIара I9 бIешаран чакхенера, 20 - чу шерийн йохьанцара. БIе шо сов хене долуш ду хIара, кхиъ чIогIа сеттар дара. Ткъа хIара гIалгIазкхийн «бейбут» олуш долу шаьлта ду».

Успанов Юнин музейхь
Успанов Юнин музейхь

Ширачу заманара хIуманашца къамеле волуш санна хета Успанов Юнина, ша дукха къенаерг каралаьцча. Ойланашца цига дIавоьду ша, боху цо.

Успанов: «Хьалха вай лелийна хIуманаш ма яй уьш. Каралаьцча, цара цхьа хIуманаш дуьйцур долуш санна хетало. Муха хилла теша уьш? Вайн берашна а, кегийчарна а, дийца а , гайта а, хIума хилийта чIогIа лууш дара суна. Вовшахтоха езаш ю, хила езаш ю уьш».

Шира патефоне а ладогIа аьтто бу Успанов Юни волчахь, хьошалгIа кхаьчча. Ког баьккхинчохь, шаьлташ, неIаран мачаш, верташ а, суй туху тоьпаш а, шаьлтнаш а ю. Халахетарг ду, и санна истори езаш болу нах а, шайн бакъ, историн мах болу хIума санна, наггахь бен карош а бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG