ТIекхочийла долу линкаш

Европахошна кхерамаш туьйсу ДАIИШ-о


ДАIИШ-на дуьхьал гулам, Берген-гIала, Норвеги

ДАIИШ-на дуьхьал гулам, Берген-гIала, Норвеги

Есташ ю шина пачхьалкхан ах-ах дакъош а дIа а лецна, Евроазина шаьш кхеточу кепан джихIадца кхерамаш туьйсу шайх «Исламан Пачхьалкх» олу тIеман тоба. Юкъ-кара Шемара, Иракъера схьа Европерчу мехкашна неIалташ а хеза цаьргара. РогIера дIахьедарш ду хIинца немцошна дуьхьал деш.

Кхаарийдийнахь ша шех Исламан Пачхьалкхе олучу ДаIиш тобано интернетехула баржийначу видео гайтамна тIехь ши чаьлтача ву гуш, карахь масагерзаш а долуш, тIехь тIеман духарш а долуш, шаьшшин яххьаш хьулйеш а воцуш.

Цу шинна хьалха гор хIоттийна, вен кечвина латтош ши стаг ву, маьршачу нехан духар доьхна. Шайна тIе герзаш а хьовсийна, лаьттачу чаьлтачийн къамеле гIийла ладоьгIу горлаьттачу шиммо, хIинций-хIинций шаьшшиъ вуьйр вуйла хууш.

Ткъа вукху шиммо немцойн маттахь кхерамаш туьйсу шаьшшиъ схьаваьллачу шина махкана - Германиний, Австриний. Хьалхара вистхуьлуш верг немцо ву, хетарехь Гергарчу Малхбалера я МагIрибера орамаш долу. Иза ша шена Abu Omar al-Alamani аьлла цIе а тиллина лелаш волу Цо иштта дуьйцу.

Хьалхара террорхо: „ Хьоме йижарий, вежарий, схьакхета тхан тобанах, шаьш тIаьхьадиссале. Шайн вежаршца хила, царна гIо-накъосталла де! Нагахь санна шуьга царна кхуза схьа даьхкина, хиджрат дарца гIо-накъосталла ца далахь, тIаккха Германехь де царна гIо!“

ШозлагIниг Автстрехь а, Германехь а дика вевзаш ву. Венехь вина а, кхиъна волчу цуьнан цIе Мухьаммад Махьмуд ю. 30 шо долу Мухьамад Махьмуд ша Австрехь вехачу хенахь „Глобала исламхойн медиафронт“ цIе йолу сайт а кхоьллина, цу тIехь джихаде кхайкхамаш барца гIарваьллера.

Вевзаш волчу „джихадан Iелим“ шех олуш волчу Макъидисин белхийн гочдарш дуьххьара немцойн маттахь зорбане дехира цуо цу шен сайта тIехь. 2008-чу шарахь террорхошца зIенехь хиларна 4 шо хан а тоьхна чувоьллинера иза.

ТIех сов дегIан дилх шен хиларна„ Флоридсдорфера думмитIакха“ шех олуш волу Махьмуд цул тIаьхьа Германе дIавахара, ткъа цигахь а ша лацале ведда Шема ваха новкъаваьллачехь Туркойчохь лецира иза 20I2-чу шарахь. Цигахь масех баттахь чуваьллинчул тIаьхьа Шема дехьа а ваьлла, ДаIиш тобанах дIакхийтира иза.

ХIинца шен ДаIишера схьа бинчу дуьхьарлерчу кхайкхамех Мухьамад Махьмуда вуно эмоционале къамел дира, юкъ-кара КъурIан аяташ а, Пайхамара, Дела салам хуйла цунна, хьадисаш а дахкош. Цуо иштта Германин канцлерна Меркел Ангелин, цунах „боьха жIаьла“ аьлла маьттаз цIе а йоккхуш, бекхаман кхерамаш а тийсира. Этикан бахьанашца юкъ-кара хеда а йина хозуьйту Маршо радионо „Флоридсдорфера думитIакхин“ кхайкхам.

Мухьамад Махьмуд: „Сан хьоме бусулба йижарий, вежарий. Хиджрат де, схьадуьйлу кхуза. ЦIадуьйла, шайна лаахь. Шун цIа ма ду кхузахь. Ца лаахь шайна хала ду шуна. Сихло, сихло, цIерпошта дIаяхале тхох схьакхета! Исламан пачхьалкхе дIахIоьттина яьлла шуна! Стенга хьоьжуш ду шу хIинца а? Я кхузахь муджахIидех схьакхета! Я Германехь а, Австрехь а джихад де! Ткъа дIадерзош хьоьга тIаьхьара дош эр ду ас, Фрау Меркел. Оха бекхам бийр бу хьуна!“

Кхин дIа цуо боху, шаьш Меркелна бекхам бийр бу, Пайхамар, Делан салам хуьйла цунна, сийсаз варна а, ОвхIанехь мел Iенийначу цIийна а, Шемахь а, Иракъехь а мурдаташна гIорторйарна а.

Мухьаммад Махьмуд шен кхерамаш тийсина ваьллачул тIаьхьа шина чаьлтачано шаьшшина хьалха горлаьттачу шина закъалтина герз тетта доладо. Къизаллех шайна вуно там хуьлуш санна, камераш герга а хьош, меллаша а гойтуш, схьаоьхьу видеогайтамехь вийначу шиннан коьртех масагерзаш диттина хилларг. И маьттаза сарташ КъурIан чуьра аяташ дешарца цхьаьнадаладо. Ткъа видеон цIе ю „Кху умматан туризм“ аьлла.

ХIинца дуьххара немцойн маттахь цу шиммо, Мухьмад Махьмудасий, ша шех Абу Iумар ал-Алмани олучой, бина кхайкхам – шайн агIончашка Европин гIаланийн урамашка а буьйлуш, маьрша нах байъа, царна зенаш де бохуш болу, - дуьхьара хазош бац ша шех Халипат олучу ДаIишан могIаршлара.

Масех бутт хьалха цу тобанерчу цхьана нохчочуо, Абу Муса Шишани шех олуш волчо а баржийра интернетехь цу кепара гайтам. ХIетахь цуо маьрша нах байъина ца Iаш, церан машенаш ягайе, шайга кхин хIуммаъ ца далахь, вогIу-воьдучунна я шайн лулахошна юхь тIе туйнаш тоха бохуш кхайкхира.

Мичара даьлла те цу даIишхошна бусулба динах а, тIом барах а, адамашца йолчу юкъаметтигех а сел тамашийна кхетамаш? Муха хила тарло, цкъа мукъне Сийлахьчу Делан сел кIеда, сел хаза дош дешна а, хезна болчарна сел къиза дегнаш а, сел маьттаза меттанаш а? Магадо-те бусулба дино цу наха дуьйцург? И хеттарш Маршо радионо Венерчу нохчийн маьждиган имам волчу Абубакаре делира. Цуо дуьйцу.

Имам Абубакар: „Нахана вуо хIума дар, цаьрца вуо хилар, ша тIелаьчначу Iедална ямарт хилар – иза бусулба динехь бух болуш дац. И санна долуш хIума цхьаццайолчу тобанаша, шайн цхьа хIума чекх ца даьлча, дуьйцуш а, лелош а ду. Бусулба динехь Дала КъурIанчохь аьлла ду, нагахь санна хьайна цхьана стаго шаьш леринехь, шайн сий динчун дуьхьал сий делаш, шайн динчул алсамох а деш. Кхузахь болчу бусулба нехан а, нохчийн а кхузарчу Iедало а, наха а сий дина. Вайн декхар ду цунна дуьхьал церан кхин а алсамох сий дар“.

Цу юкъана цхьа могIа аналисташа билгалдоккху, цу кепара шайн яххьаш а ца хьулйеш, летта йолчу камерашна хьалха террорхоша нах баъйар дуьххьара хилар. ХIинцалца схьа ДаIишан чаьлтачаша даима туьтмIаьжигаш юхкура шайн кортах, шаьш ца бовзийта.

Амма хIинца Мухьамад Махьмуда а, цуьнан накъосто а шаьш гайта а гойтуш, нах баъйар- иза цара шаьшшиъ кхин цкъа а Европе юхавоьрзур хиларх дог диллар а, цуьнца цхьаьна шайн масалица немцойн мотт лелачу мехкашкахь шайн агIончаш яхье а баьхна, ира-кара хIоттон гIортар а лору ша бохуш дийцира немцойн уггаре а вевзачех террорхойх эксперт волчу Нойманн Петера „Билд“ газете.

Цунна хетарехь, цу видеогайтамера кхерамаш а, кхайкхамаш а даIишхошкара дуьххьара хезаш бацахь а, амма чаьлтачаша шайн сибаташ ца хьулдар ду керла а, кхераме а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG