ТIекхочийла долу линкаш

Мали махкахь нах закъалтна лецча...


Мали махкахь Севаре гIаларчу хьешацIенна тIелеттачу герзахоша закъалте лаьцнера 12 стаг, царалахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн миссин белхахой а болуш.

Пачхьалкхан эскар террорхошна дуьхьал дIаяьхьначу операцин жамI иштта ду – лаьцна хиллачех 3 велла, хаамбина Франс-24 телеканало. Вийна Малин 5 эскархо а, тIелеттачех 4 а.

Оцу махкарчу векало Горелов Виктора, Оьрсийчуьра стагга а вац, аьлла, хаамбинера хьалхо. Амма вийначу кхаа закъалтхочух цхьаъ оьрси ву, боху Рейтер агенталло.

XS
SM
MD
LG