ТIекхочийла долу линкаш

Дадаев Жамбулат вер дижа ца дуьту Нохчийчоьно


Соьлж-ГIалин Ленинан къоштан кхело сацамбина 3 бутт хьалха Ставрополера махка баьхкинчу низамхоша нохчо Дадаев Жамболат вер нийса ду аьлла йолу Оьрсийчоьнан талламан комитет харцъеш. И хаам тIечIагIбина Дадаевн доьзалан адвоката Садаханов Зоврбека.

Ставрополехь цхьана совдегарца дов даьлча, Соьлж-ГIала веана Iен Дадаев кара а вина, вийра цунна тIаьхьабаьхкинчу полисхоша. Иза емалдира мехкан администратора Кадыров Рамзана, махкарчу талламчаша бехктакхаман гIуллакх гIаттийра. Амма гIуллакх юха а доккхуш, Москохарчу Талламан Комитето ставрополхойн агIо лецира.

10 де ду оппонентийн Соьлж-ГIаларчу кхело бинчу сацамна дуьхьалоеш, арздан.

XS
SM
MD
LG