ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркин консулствонна тIелатар дина Истанбулехь


Оршотан Iуьйранна Истанбулехь герз тоьхна Iамеркин консулствон гIишлонна. Меттигерчу зорбанан гIирсаша дийцарехь, и тIелатар дина цхьана стага а, зудчо а. Зуда лаьцна полисхоша. Стаг къайлаваьлла. Вийна а, лазийна а стаг вац. Карарчу хенахь Iамеркин консулство йолу меттиг гоне лаьцна ю полицин ницкъаша.

Оццу хенахь Истанбулехь Султанбейли олучу кIоштахь машен эккхийтина полицин декъана хьалха. Чевнаш йина ву 10 стаг, царах кхоъ полицин белхахо ву. Цул тIаьхьа герзаш тохар хилла. Вийна тIелатар дина волу ши стаг а, полисхо а. Цкъачунна и тIелатар шена тIе ца эцна цхьаммо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG