ТIекхочийла долу линкаш

Юха а герзаш дуьйлу Фергюсонехь


Фергюсон олучу Iамеркера гIалахь полицин белхахошца хиллачу герз тохарехь лазийна Iаьржачу басехь волу стаг. Шо хьалха кIайн полисхочуьнан карахь кхин афроIамеркахо вийнера цу гIалахь. И бахьана долуш шуьйра дуьхьалонан акцеш лаьттира Фергюсонехь.

Сент-Луис олучу кIоштан полицин куьйгалхочо Белмар Джона бинчу хаамца, герзаш тохар хилла КIирнадийнахь, кхерамазаллин белхахой герзаца волу афроIамеркахо схьалаца гIоьртача. Полисхой шайн машенна чохь хилла, цу стага царна герз тухуш. Цул хьалха дерриг а дийнахь Фергюсонехь машаран акцеш яра дIайоьлхуш 18 шаре ваьлла хилла Браун Майкл полисхочо вийна шо кхачарна хьажийна йолу.

XS
SM
MD
LG