ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талибано эккхийтар дина Кабулехь


Онда эккхийтар дина ОвхIанистанан коьртачу гIалан Кабулан аэропортан керта воьдучу меттехь. ТIаьххьара болчу хаамашца, и бахьана долуш 5 стаг вийна, 18 чевнаш йина ву. Лазийначарна юкъахь кегийн бераш ду. Полицино бинчу хаамца, чохь оьккхуьйту молха долчу машенна урхалла деш хилла Iожалхо. Цо эккхийтина бомба.

И тIелатар шаьш дина аьлла дIахьедар дина Талибан олучу боламан векалша. Цара чIагIдарехь, церан Iалашо хилла кхечу пачхьалкхийн эскархойн ковра эккхийтар. Кхин а цхьа эккхийтар дина Оршот дийнахь Кабулан малхбалехьа йолчу кIоштахь. Байина иттаннаш нах.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино бинчу хаамца, хIара шо даладелчхьана цу тайпа тIелетарш а дина, ОвхIанистанехь вийна цхьа эзар ах эзар сов маьрша стаг. Кхин а кхо эзар сов стаг чевнаш йина ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG