ТIекхочийла долу линкаш

Кху деношкахь социалан машанехь дIасакхоьхьуьйтуш яра Соьлж-ГIаларчу бераш дечу хIусамехь иккхина инцидент. Лоьрийн бендацаро кхин цкъа а доьзалхо хир воцчу хьоле яьккхинчу жимчу зудчун гергарчара куьйгбехке лоьраш кхеле боьхуш йолу видеоролик. Схьагарехь, и тайпа масалш дуккха а ду.

Даима санна, Оьрсийчохь дуьненчу довлучу берийн терахьашца Къилбаседа Кавказ хьалхарчу меттигехь хилла ю. Масала, кху деношкахь хаамийн гIирсаша кхаьънаш бохуш хазахетарца кхайкхош дара, Дагестанехь 3 миллионе хьаладаьлла бахархойн терахь, бохуш.

Заздоккху-баттахь Орьсийчоьнан бизнес каналан гайтамашца, Нохчийчуьра Устрада-ГIала а, Гуьмсан кIошт а, Хьалха-Марта а билгалъяьккхира пачхьалкхехь адамаш алссам тIекхиарца хьалхара меттигаш дIалоцучех ю аьлла.

Хьал ма-дуьйццу хилча, хета-кх бер дуьненчу доккхучу хIусамашкахь лоьраш юьззина терго еш хила беза нанойн а, царех схьадовлучу берийн а, царна саготта, гонах хьийзачу церан гергарчийн а.

Кхо бутт хьалха интернетехь йоккха гIовгIа экхийтира Дагестанерчу Хасу-Юртара 8-гIа бутт а болуш, доьзалхочух хилла Магомедова Узлипатна оьшу дарба шен хенна ца дарна, дуьненчу дала а кхиале божабер даларо. 22 шо кхачаза, нана хила а ца кхиъна жима зуда кхин цкъа а доьзалхо хир воцчу хьоле яккхира лоьраша.

ЙоьIан нанас а, дехоша а лоьрашна бехкаш дохкуш, Iедале беллера оцу гIуллакхна бехкеберш.

Кху деношкахь изза хьал хIоьттира Соьлж-ГIаларчу бераш дуьненчу дохучу лоьмар 2 йолчу хIусамехь а. Цига ялийнера 21 шо а кхачаза, доьзалхочух йолу зуда. Бер айххьа дуьненчу доккхучу хьолехь яц хьо, аьлла, операци йина цунна, бер тIехула схьаэца деза аьлла, катоьхна этIийна, схьаэцнера йоI.

Бер дина йоккхаеш, цIаяхначул тIаьхьа, лазарша хьийзош, охьаэга йолаелла и жима зуда. Шена хилларг хIун ду ца хууш, масех дарбанан цIийнах чекхъяьлла.

Эххар теллича, гучудаьлла, бер динчул тIаьхьа, лоьраша кхачо йоллу цIано ца еш, чов тегар бахьана долуш, зуда оьгуш хилар.

Дан хIума а ца хуьлий, беран цIа дIадоккхуш шолгIа операци лов оцу жимчу нанас.

И ца лайначу йоьIан гергарчара 2-чу берийн хIусамехь лоьрашкара даьллачу зуламах жоп доьхуш, яьккхина видеоролик ю кху деношкахь нахалаяьлла ватсапехула лелаш.

И тайпа масалш дийцина ца валлал дукха ду Нохчийчохь. Лоьраша, церан министралло бакъ ца до шаьшлахь коррупци лела бохург. Амма могIарчу наха ма-барра буьйцу вовшашка дарбан цIийнашкара инзаре хиламаш.

Маршо Радион ладогIархоша дуккха а хаамаш кхоьхьуьйту тхан редакце шайн мехаш а хIиттийна, дарбанан цIийнех бизнес йинчу лоьрех лоций.

Соьлж-ГIаларчу Дианас боху, бер дан оцу хIусаман неIаран тIам лаьцна хьо чоьхьа яьллачул тIаьхьа, дIадолало хьан лоьрашна ахча лесто дезар.

Диана: «Тхан вешин зуда яханера бер дан. 10 дийнахь хьизийра и зуда, тIехула схьаэца деза бохуш, Iеха а еш.Юха ша схьавира кIант. Я оьшу цIано ца йинера чохь, цуьнах бала хилла лийлира, тега еза чевнаш теганза йитинера.

КIант винчу хенахь дикчу хьолахь вацара, кислорода буха вилла везаш хиллера. Юха тхан нана тIе ма кхеччи, цо кисана лоьрийн 4 бIе туьма диллинчул тIаьхьа, "хIайтт" аьлла хьаьвзина лоьраш, беран а, ненан а гIуллакхан терго йира ян-ма еззара».

Бер дан юьгучунна хIоттийна прейскурант интернетехь вовшашна йовзуьйту наной хила безачу къоначу зударша. Иштта ю иза.

Бер дуьненчу доккхуш 5-7 эзар сом. ЭтIийна, тIехула бер схьаэцар - 8-I5 эзар. Бер дан хIусаме чу оьцуш, ара йолуьйтуш, кеп-кепара анализаш луш, капельница хIоттош мах боккху 9 бIе сом.

Бер дуьненчу даьлча боккхучу кхоан мах: йоI елахь - 500, кIант велахь - 1000.

Бер могуш хилар хаийтарх 200 сом. Беран цIонга охьадоьжнийла хоуьйтуш – 200 сом.

Бер динчул тIаьхьа, тIехьожучу санитарна, чу горгам хьакхарна - 200 сом.

ЭтIийна, ша яха-ян де доцуш, Iуьллушъерг, лаьцна, цхьацца хьашташка юьгург а мах боккху.

Ешар яц лор цомгушчунна кег-мерса хьашташ кхочушдеш гIодан, амма оцу «белхашна» дIахIиттийна бу лор-йижарий. Царна дала декхарийлахь хуьлу I00-200 сом.

Бер а, нана а арадолуьйтучу дийнахь, гарехь, юха а етт бехка оцу хIусамийн лоьрашна. Берийн лоьрана I000 сом, бер схьаэцначарна - кемпеташ, зезагаш, бер дIа а хьарчийна, дIадига баьхкинчарна тIедигарна - I000 сом.

Цул совнаха, бер дан оцу хIусаме йоьдучу зудчо дукха хьолахь маттана тIеюьллу шаршош шен цIера яхьа езаш хуьлу, берийн памперсаш а цхьаьна.

Къаьсттина новкъа ду махкахошна, бер дан шаьш долчу кхаьчначу зудчун могашалла сакхте ю а олий, лаахь-ца лаахь, хьан могашаллина кхерам бу, олий, и зуда а, цуьнан нах а теша а бой, этIийна, тIехула бер схьаэца лоьраш сихбалар.

ХIуъа а дай, этIа ца еш, бер шега дайта хьовсахьара шу, бохуш, дехарш деш, саготта шайна гонах хьийза наной тергамза буьту соьме марзбеллачу лоьраша.

ХIунда? ХIунда аьлча, мах лакхара хуьлу операци еш.

Диана: «Къаьсттина бераш дуьненчу дохучу хIусамашкахь дерг дийца а ца оьшу! Доьзалхочух йолу зуда шайн кара ма кхеччи, шега схьадалур долу бер, хIан-хIан, этIийна, тIехула схьаэца деза олий, хьо дестар долуш ю, хьан жаннаш ду лозуш, олий, Iеха а йой, цаьргара 15-20 бIе туьма даккхархьама. Бизнес йина цигахь а. Вуьшта ша схьадича, 7 эзар бу мах.

Хьо тергал ца йо, ахь кисана сом ца таIийнехь. Амма ахча делларш, бевзашберш, хьал долуш берш хьалха боху, цхьа миска, таро йоцурш тергал а ца бо».

Белхан меттигаш тоьаш йоцчу Нохчийчохь, кегийрхошна некъ бокххуш, къанбала боьлла нах балхах боху. Хийцамаш беш, уггаре хьалха балхах мукъабаха кечбинарш хьехархой а, лоьраш а бу. Ткъа царех мукъабевллачу меттигашка богIучу кегийрхошна ца тоьа корматалла. Оцо алсамбаькхина нохчашкара сингаттам.

Дарбанан министралло хIора а бер дуьненчу доккхучу хIусамашкахь гуччохь тоьхна кехат ду, шайгара ца догIу ахча лоьраша дехахь, оьшу молха-дарба дац алахь, хIокху лоьмарца сихонца хаамбе, бохуш. Ткъа Маршо Радиоца зIенехь хуьлучара дийцарехь, хаамбинчул тIаьхьа, дан деза таIзар дина а, я кхеле озийна а лор хаавелла вац.

...ХIара материал кечъечу юкъанна Маршо Радиога кхин цхьа кехат а кхечира кIира хьалха Нохчийчу хьажа-хIотта вахана-веанчу Бельгехь вехачу Муслимера. Цо иштта яздо:

«Дарбан цIийнашкахь долу хьал массарна а девзаш ду вайн цIахь. Сан гергарчу стагана цхьа жима операци йира со цIахь а волуш. Массо хIума "маьхаза" ду бохуш дийцира соьга дарбан цIийнерчу белхалоша. Делахь а, лоьро "хьайн даго къобалдийриг лохьа" элира соьга... Делира ас-м, хIу дийр дара, тхайн стеган могашалла масех бIе туьманал а еза хийтира-кх!»

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG