ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша, коьртачу декъанна телегойтийлаша, болх бо Кремлера хьаькамийн лаамехь а, цара магош дерриг бен а ца дуьйцуш. Цуьнан хьокъехь керла тоьшаллаш даржийна «Оьрсийчоь» телеканалехь шерашкахь болх а бина, цигара дIавахначу Орлов Александра а, кхечу журналисташа а.

Украина аьшнашъеш, шайн пачхьалкх йоха ца яйта гIертачу цигарчу бахархойх «фашисташ», «бандерахой» алар Кремлан зорбано, радионо, телегойтийлаша шайггара долийна дац.

Цунна тоьшаллаш даладо Colta.ru сайта тIехь Оьрсийчоьнан уггар коьртачу «Россия» ВГТРК медиакомпанин шина белхахочо. Цара 1орадоккху Украинерчу хьолах лаьцна хаамаш Кремло шена хеттачу аг1ор кхийкхабойтуш хилар.

Пачхьалкхан медиахолдингехь белхаш бинчу журналисташа дуьйцу, Кремлан пропагандано телевизионе хьоьжучу адамийн кхетам леррина галбоккхуш бу Украинерчу кофликтах лаьцна информаци харц яларца, бохуш.

Дахначу к1иранах Colta.ru сайто зорбане яьхнера ц1арца вуьйцуш воцчу телевизионан шина белхахочо, шаьш болх бечу юкъанна шайн куьйгалло лелийна бозбуанчаллаш дуьненна довзуьйту материалаш.

Пачхьалкхан медиахолдинган декъехь харцонаш лелочу каналех ю, масала, Россия-1 (цхьаъ) а. Журналисташа дечу тоьшаллица, телевизионан куьйгалхошна омранаш ло Кремлера хьаькамаша, Украинан имидж талхорахьама терминаш, украинахой аьшнаш бен дешнаш а т1ехь эфирехь бахийтарца.

Colta.ru сайтехь «Россия-1» телегойтилехь кхидIа болх бар эхье а лаьрра, харцо эфирехь ца йийца, цигар д1абаханчара дийцарехь, телехьовсархошна керла хаамаш муха бовзийта беза, муьлхачу дешнашца – иза а т1ехь хьоьху Кремло.

Масала, иштта дуьйцу дахначу шеран бIаьста Украинера ГIирма йоккхучу муьрехь баккхийчу хьакамаша шайна беш хиллачу хьехамех лаьцна. Украинан цхьаалла ларъеш, шайн махкан дакъош дIаса ца дахийта хьийзачу политикех, жигархойх «фашисташ», «бандеровцаш» баха тIедожийна тележурналисташна.

Я Украино шена юхку газ еза ю аьлла дуьнене аьрзнаш дан долийча, телеэфирехь хенан хIоттам буьйцуш, Украинехь вуно шийла хир ду хIара я важа де, ала дезаш хилла кест-кеста. Цуьнан маьIна ииштта ду: Аш ма эца тхоьгара газ, амма шу милла шел-м лур ду кху шийлачу Iай.

Ткъа кхано Беларусан коьртачу гIалахь Минскехь Донбассерчу сепаратисташний, Украинаний юкъахь тIемаш совцо барт хилча, Кремлерчу хьаькамаша кхидIа украинахойх «фашисташ», «бандеровцаш» алар дихкира, боху пропагандин къайле йовзуьйтучара.

Ткъа юха аюкъаметтигаш сепаратисташца эгIча, меттахIоттийна украинахой аьшнаш бен терминаш телеэфирех бахар.

Украина доцург а дуьйцуш, маьттаза ца хьийзархьама дуккха а журналисташ дIабевлла Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкара. Ши бутт хьалха НТВ-каналера дIавахана Германехь корреспондент Iийна Гольденцвайг Константин.

Ша дIавахале цо интервью елира Берлинерчу журналисташна Оьрсийн президентан Путин Владимиран политика емалъеш. Цул тIаьхьа шен хиллачу телехьовсархошка Фейсбукехула дийхира шена, ша аьшпийн бенахь вехха Iарна къинтIера довлар.

Гольденцвейга а, ВГТРК-хь болх а бина, иза шена цатарна дIаваьллачу Орлов Александра а жоп ло, стенна болх бо кхечара, шайна Кремл харц хеташ хилча, цуьнан пропаганда шайн товш ца хилча бохучу хаттарна.

Бахьана пайдабоццучу кепара ду – журналистийн а бу доьзалш, уьш кхаба банкашкара даьхна кредиташ дIадалархьама Iа даржашкахь, ца бевлла аьшпаш а буьттуш, яздо Орлов Александра.

XS
SM
MD
LG