ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Губашевс юхаэцна ша дина тоьшаллаш


Немцов Борис вуьш ша дакъалаьцна хилар даре деш ша хьалха дина тоьшаллаш Губашев Шадида. Цунах лаьцна хаам бина Москох-гIалин керланаш дуьйцучу «Москва» олучу хаамийн агенталло. Хьалхо изза дIахьедар динера Губашев Шадидан вашас Анзора а. Адвокато Хадисов Мусас дийцарехь, Губашев Анзора латкъам бина шена тIехь къизалла лелийна ша дIалаьцначул тIаьхьа аьлла.

Цул хьалха цу кеппара дIахьедарш динера Немцовна герз тоьхнарг лоруш волчу Дадаев Заура а, политик вуьш дакъалаьцна хила мега аьлла лаьцна волчу Эскерханов Темирлана а. Амма талламан комитет реза цахилла и латкъамаш талла бехктакхаман гIуллакх схьаделла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG