ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Имарат Кавказ" тобан рогIера хьалханча Сулейманов вийна Дагестанехь


«Имарат Кавказ» олучу тобанан хьалханча Сулейманов Мохьмад вийна шаьш аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн векалша. Цара дийцарехь, Унцкул кIоштахь хилла иза, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша леррина тIеман операци дIахьош. Верриг а цигахь вийнарг ву 4 тIемало.

Сулейманов Мохьмад вевзаш вара Гимринский Абу Iусман цIарца. Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша дийцарехь, кхин а масийтта тIемалочуьнан аьтто баьлла хуьнхахь къайла вала. Сулейманов Мохьмад «Имарат Кавказ» тобан куьйгалхо хIоьттинера кху шеран Стигалкъекъа-баттахь, цул хьалха цу даржехь хилла Кебеков Iела-Асхьаб вийначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG