ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дешархой боцуш юьсуш лаьтта Соьлж-ГIалара институташ


Нохчийчоь --Пачхьалкхан мехкадаьттан университет, 2015
Нохчийчоь --Пачхьалкхан мехкадаьттан университет, 2015

Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяла аьтто боцуш дукха бераш дисина кху шарахь Нохчийчохь. Оцу бахьаница Соьлж-ГIаларчу лакхарчу доьшийлашкахь студенташ тIе ца тоьаш сингаттам лаьтта. Цуьнца доьзна цкъа а бина боцу кхайкхам баржийна доьшийлаша: мехаза дуьйлий а, дешахьара аш, бохуш.

Пачхьалкхан юкъара экзамен (ЕГЭ) берашка ялийтар долийчхьана цунна гонах дуккха а дийцина дай-наноша, хьехархоша, Iилманчаша, политикаша, журналисташа, шаьш кегийрхоша. Къаьсттина, кхушара бераша дIалуш дукха емалйора дешаран барам талларан, мах хадоран кеп наха.

Амма дешаран, Iилманан министралло лергах ца ухьу церан латкъамаш.

Кхушара къаьсттина луьрачу хьелашкахь хилира Нохчийчохь экзаменаш ялар, полици тIехь а лаьтташ.

Тахана а шайлахь дуьйцу бахархоша Закан-Юьртарчу школехь и экзамен бахьанехь полисхоша цхьана дешархочунна еттарх.

Пачхьалкхан юкъара экзамен тIех шогачу кепашкахь дIаяхьар бахьана долуш, вуно дукха дешархошна тIеIаткъам а хиллера. Цул совнаха, ледара хилира хаарийн жамIаш а.

Цуьнан тоьшалла санна ду социалан машане Соьлж-ГIаларчу пачхьалкхан университетан хьехархоша оьрсийн маттахь кху деношкахь бина кхайкхам.

Гочдо: «Накъостий! Гергара нах бу шун, доттагIий-накъостий, бевза-безарш, балабе уьш тхан доьшийле, мегаш ду муьлхха а диплом. Пхеа шарахь церан деша лаам бацахь а, схьада кехаташ, тхуна тIе ца тоьа студенташ.

Бюджетан меттигаш дIа юьзча ца довлуш хьал ду тхоьгахь. Иштта юккъера дешар дешна, техникумаш чекхъяьхна дипломаш карахь долучаьрга а ду тхан дехар, дуьйла тхо долчу деша, къаьсттина тIе ца тоьа студенташ «Географин», «Агротехнологан», «Историкан», «Математикан», «Физикан», «Филологин» факультеташкахь».

Маршо Радио зIене елира Нохчийчуьрчу пачхьалкхан университетан нохчийн филологин кафедран доцентца Мамалова Хьозица. Цо довзийтира, шена хуучу барамашкахь, ша болх бечу доьшийлера хьал.

Мамалова: «Дукхахдолчу бераша дIацалуш йисинарг математика экзамен яра. Тхан филологин факультетехь набор яра, Ватсаппехь хиллачу хаамца гIалаташ ду. Заочни олучу отделенехь проблемаш яцара, математикан, физикан, радиофизикан, географин, геокологин факультеташкахь дара кхачамбацарш.

ХIунда аьлча, эццахь оьшург яра математика. Исторехь, филологехь юьхьанца хIоьттинера кризис, юха дипломашца дуккха а нах бахкар бахьана долуш, йирзира проблема».

Нохчийчоьнал арахьа а, шуьйра евзачу, дукхачу къаьмнийн тоьлла академикаш, профессорш, хьехархой, лоьраш арахецна йолу Нохчийн пачхьалкхан университет хилла а цаIа тахана еса, студенташ тIе ца тоаьш.

Кхин тоьлла хьал дац Соьлж-ГIалин мехкадаьттан университетехь а, Нохчийн Пачхьалкхан институтехь а.

Дуккха а шераш ду Серганова ТIауса Соьлж-ГIаларчу хьехархойн институтехь болх бен. Дешаран система ерриг йоьхна, боху цо тхан къамелехь. Делахь а, еккъа цхьана Нохчийчохь хилла а ца Iа и хьал - йоллу Къилбаседа Кавказехь а лаьтта.

Серганова: «И хьал махкахь долу ши-кхо шо а ду. Кхушара цкъа а ца хиллачу кепара хала а, къиза а дара гIуллакх. ХIунда аьлча, меттигерчу Iедало массарел а хьалха а бевлла, шаьш чIогIа цIена дIахIура ю кху шара ЕГЭ аьлла, спецоперацеш еш санна массо а школашкахь полици а хIоттийна, проверкаш а, досмотраш а, обыскаш а еш оцу берашна, хьал дара.

Техникумаш, училище яьхна берашка "схьадагIахьара шу" бохуш, «шаьш дIахIиттор ду шу» бохуш, и кхайкхам а бина, гергарнаш, бевз-безарш, лулара а схьабалийнера. Хьехархойн институтехь а, мехкадаьттан университетехь а дара ишта хьелаш».

Гарехь, пачхьалкхан юкъара олучу экзамено кхин а кIаргъйийр ю лаккхарчу доьшийлашка студенташ цатоаран проблема. I0-II шарахь тоъал Iамийна боцчу кегийрхойшкара цхьана дийнахь луьра, лаккхарчу тIегIанара хаарш дехар гIалат долчух тера ду.

Эзарнашкахь оцу экзаменан хьокъехь боьлху ериг Оьрсийчохь дай-наной, бераш.

Ткъа цунна дуьхьал хьалхалера кеп Кремлна юхаялон ца луучух тера ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG