ТIекхочийла долу линкаш

Кхин а дайделла Оьрсийчоьнан сом


Шинарин дийнахь кхин а дайделла Оьрсийчоьнан сом. Москох биржехь валюта дохка долийна масийтта минот ялале еврон а, долларан а мах хьалабаьлла цхьана соьманна. И бахьана долуш хIинца долларан мах бу лаххара 65 сом. Еврох ло 72 сом.

ТIаьххьара доллар оццула дазделлера кху шеран Чиллан-беттан 13-чу дийнахь. Биржийн аналитикашна хетарехь, сом дайлдаларан бахьана ду мехкадаьтта дайдалар а, Китайн Iедалша шайн ахчана - юаньна девальваци яр а.

XS
SM
MD
LG