ТIекхочийла долу линкаш

Ши стаг вийна Соьлж-ГIалахь некъан бохамехь


Мел-лаххара а кхин а ши стаг вийна Нохчийчохь некъан хьовзам а хилла. Кхин а ши стаг госпитале охьавиллина ву, еза чевнаш а хилла. Жима ши машен дуьхь-духьала кхетта Соьлж-ГIалахь Заводан кIоштIахь.

"ВАЗ-2114" олучу машенахь хилла стаг а, "Лада-Гранта" олучу машенна урхалла деш хилла стаг а ву кхелхинарг. Схьагарехь, "Лада-Гранта" машенан хьалха хилларг ву бехке аьлла, хаам бина некъан полицин векалша.

XS
SM
MD
LG