Украинин эскархой Iамор алсамдаккха дагахь ю Британи. Цунах лаьцна хаам бина шина денна леринчу визитаца Киевехь волчу Британин тIеман министро Фэллон Майкла. Цо дийцарехь, хIара шо чекхдолуш цара Iамочу Украинин эскархойн терахь алсам доккхур ду шозза – цхьана эзарна тIера шина эзаре кхаччалц.
«Британи, белш а тоьхна, лаьттар ю Украинина, цо Оьрсийчоьнан агрессица къийсам дIахьош», - элира министро. Амма шайн Украинехь болчу эскархойн терахь алсамдаккха дагахь яц Британи. Цигахь хир вац 75 эскархо а бен. Карарчу хенахь и терахь мелла а лахара ду.