ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоь -Iамерканна уггаре а боккха кхерам


Уггаре а боккха Iамеркина кхерам бохьуш йолу пачхьалкх Оьрсийчоь ю аьлла дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штатийн гIашсалттийн эскарийн штабан куьйгалхочо инарло Одиерно Рейса. Цо дийцарехь, Москохо йохо мегаш ю НАТО-на юкъайогIучу Балтерчу пачхьалкхийн суверенитет.

Инарлана хетарехь, Оьрсийчоьнна мотта мегаш ду ша лелош дерг НАТО-н сагатдеш дац аьлла. И бахьана долуш шайгара гIалат далийта мега Оьрсийчоьнан Iедалша, аьлла хета Одиернона. Iамерка кийча хила еза, оьшуш меттиг балахь, цу регионера шен эскарш алсамдаха аьлла дIахьедар дина инарло.

XS
SM
MD
LG