ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхачаннан эмбарго кхайкхийначу пачхьалкхийн го шорбина Оьрсийчоьно


Кхачанан эмбарго кхайкхийначу пачхьалкхийн го шорбина Оьрсийчоьнан Iедалша. Цу хьокъехь оьшуш болу сацам, куьйг а таIийна, тIечIагIбина премьер-министран даржехь волчу Медведев Дмитрийс. Керлачу цIейозанна юкъатоьхна кхин а 5 пачхьалкх: Албани, Черногори, Исланди, Лихтенштейн, Украина.

Товбеца-бутт чекхболуш Евроберто Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш кхайкхийначу пачхьалкхашна тIекхийтира Черногори, Албани, Лихтенштейн, Исланди, Норвеги, Украина, Гуьржийчоь.

2014-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна Оьрсийчоьно дихкина шайн махкахошна Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашкара а, Iамеркера а, Канадера а, Норвегера а, Австралера а жижиг а, чIара а, шура а, цуьнах дина сурсаташ а, стоьмаш а, хастоьмаш а эцар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG