ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакохахь 8,5 шо хан тоьхна бакъонашлараъярхочунна Юнус Лейлаъана


Бакохара суьдо 8 шо ах шо хан а тоьхна, чуйоьллина Азербайджанера бакъонашларъярхо Юнус Лейлаъ. Цуьнан хIусамдена Юнус Арифана тоьхна набахтехь даккха 7 шо.

Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион азербайджанин сервисо. Юнус Лейлаана бехке диллинарг ду экономикан сферехь зуламаш дар, шайна юкъахь бозбунчалла лелор а, ял ца ялар а, бакъо а йоцуш, бизнес лелор а долуш.

Прокурораша дехнера суьде цунна 11 шо тохар а, Юнус Арифана бозбунчалла лелорна 9 шо тохар а. «Чалтачашка кхайкхам бо ас, шайна луург де»,- аьлла мохь а тоьхна, са а мал делла, кхелехь охьавоьжна Юнус Ариф бохуш дуьйцу журналисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG