ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан эскаран буьйранча хилла инарла чувоьллина кхаъ эцарна


Оьрсийчоьнан гIашсалтийн эскаран буьйранча хилла Чиркин Владимир чувоьллина, 5 шо хан а тоьхна. Иза бехке вина ахчанца кхаъ эцарна. Цуьнан гIуллакх листинарг ю Москох гарнизонан эскаран кхел. Чиркин вохийна инарлан чинах.

Цуьнгара дIаяьхна ерриг а орденш а, мидалш а. Талламахоша дийцарехь, 2008-чу шарахь, юкъарло лелош стаг а волуш, 450 эзар сом кхаъ эцна хилла Чиркина пенсехь волчу майорана Лопанов Владимирна чохь ваха петар лург.

Цу ахчанах оццу дийнахь кетар эцна цо. ТIаьхьо гучудаьлла инарло Лопановна чохь бехаш доьзал болу петар елла хилар. Лопановс латкъам бина эскаран коьртачу прокуратуре. Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Чиркин Владмиран адьютант хилла прапорщик Даниелян Валерий чувоьллира 12 шо хан а тоьхна тIеман министраллан 150 петар лачкъорна.

XS
SM
MD
LG