ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МИ-8 беркема охьадоьжна Оьрсийчохь


Оьрсийчохь Охотское олучу хIорда чудоьжна Ми-8 олу беркема. Цкъачунна болчу хаамашца, 6 стаг велла, 7 некъахо а, 3 экипажан декъашхо а къелхаьраваьлла. «Интерфаксо» бинчу хаамца, таллам беш долу беркеманаш бохам хиллачу меттигана тIекхача аьтто боцуш дисина чIогIа дохк хилар бахьана долуш.

«Восток» авиакомпанин беркема хилла Осипенко Полинин цIарахчу эвлара Хабаровск махкарчу Онгачан олучу метте доьдуш. Иза шен хеннахь дIацакхаьчна. ТIаьхьо беркеманан командиро хаам бина иза охьадоьжна дIакхача дезачу меттигана 3 километр генахь аьлла. ТАСС агенталло бинчу хаамца, беркема рейс еш хилла, цхьана бизнесхочо мехах лаца а лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG