ТIекхочийла долу линкаш

Сепаратисташа яккхийн тоьпаш тоьхна шит стаг вийна Украинин малхбалехь


Украинин малхбалехь Шоьтан буса Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа яккхийн тоьпаш йиттина Дзержинск олучу гIала. И бахьана долуш вийна маьрша ши вахархо. И шиъ хилла болх бечура сацийна йолчу Артёман цIарахчу шахтийн кертахь. Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, церан гергаш еттайелла декъий карийна Iуьранна.

Украинин президентан администрацин векло Лысенко Андрейс бинчу хаамца, ПIераскан дийнахь дуьйна кху тIаьхьарчу эха шарахь цахиллачу кепара тIеман жигаралла гойтуш бу сепаратисташ. Даханчу дийнахь-бусий 175-зза герзаш диттина цара конфликт йоьдучу гIаланашкахь а, ярташкахь а.

XS
SM
MD
LG