ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркин байракх хьалаяхийтина Куберчу векалаллана тIехула


Кху тIаьхьарчу 54 шарахь дуьххьара Цхьаьнатоьхначу Штатийн байракх хьалаяхийтина Кубехь йолчу Iамеркин векалаллана тIехула. Шина пачхьалкхан дипломатийн юкъаметтигаш юхаметтахIитторна хьажийначу цу церемонехь дакъалоцуш вара Iамеркин пачхьалкхан секретар Керри Джон.

Иза дуьххьарлера Iамеркин пачхьалкхан департаментан куьйгалхо ву 1945-чу шарахь дуьйна Кубе визитаца вахана волу. Байракх хьалаайира Цхьаьнатоьхначу Штатийн хIордан гIашсалтийн Корпусан эскархоша. Iамеркан байракх цаьрга дIаелира 1961-чу шарахь ХIаванехь иза охьайохуьйтуш дакъалаьцначу кхаа эскаран ветерано.

Цу церемонехь вистхуьлуш, Керри Джона элира хуьлуш дерг историн момент ю аьлла. Амма цо билгалдаьккхира Цхьаьнатоьхна Штаташа кхин дIа а кхайкхам бийр хилар Кубехь политикан хийцамаш хиллалц. Шаьш тешна ду Кубан халкъана оьшург бакъйолу демократи хиларх, адамаш шайна оьшу куьйгалхой харжа маьрша а долуш элира Керрис.

Кубано шен векалалла юхасхьайиллира Вашингтонехь кху шеран Мангал-баттахь, шина пачхьалкхана юкъахь дуккха а халонаш юьсуш ялахь а. Вашингтоно ХIаваница йолу юкъаметтигаш дIахедийра Кубехь 1959-чу шарахь революци хиллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG