ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоьнца гергарло чIагIдан дагахь ю Оьрсийчоь


ГIажарийчоьнна тоьхна латтае санкцеш дуьнено юхаяьхначул тIаьхьа цуьнца экономикан, йохк-эцаран гергарлонаш чIагIдан дагахь ю Оьрсийчоь, дIахьедина арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс. Оршотдийнахь шен гIажаройн дипломатин лидерца Зариф Мохьаммадца Москох хиллачу цхьаьнакхетарехь дира цо и къамел.

Оьрсийн хаамийн гIирсаша бахарехь, дийцарш хилла ТехIеранна С-300 олу зенитийн ракеташ йохкарх а, зарратан энерги йоккхуш гIодарх а лаьцна. Шина министра шаьш реза вац бохура Шемин диктаторо Асад Башара ша шегара дарж дита дагахь ву аьлла динчу дIахьедарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG