ТIекхочийла долу линкаш

ХьаьжцIа баха луучийн терахь лахделла кхушара


Iамеркан долларан мах хьалбаларца, Къилбаседа Кавказехь лахделла СаIуда Iаьрбийн махка ХьаьжцIа баха луучийн терахь. Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь хьалхара ю ХьаьжцIа боьлхурш алсам хиларца. Масала, ГIебартойн-Балкхаройчоьнан, Къилбаседа ХIиричоьнан бахархойх кхушара ХьажцIа воьдург 100-100 стаг ву, ткъа елларг 160 а, 390 меттиг яра.

Дагестанна елла 6200 меттиг, ткъа парз кхочушдан ваха билгалваьлларг 4 эзар стаг ца кхоччуш ву. ГIалгIайчоьнна кхаьчна 1400 меттиг, юзаза юьсу 40 метиг. 300 стаг висина Нохчийчохь тур эца аьтто а ца хилла. ХIокху шарахь ХьаьжцIа бвоьдург ву 2600 стаг.

Баха луурш дуккха а бара, амма дукхахболчийн аьтто ца хилла биометрикан паспорташ даха. Дахначу шерашкахь Кадыров Ахмадан фондо ши эзар стаг хьажавора Макка-Медина, амма кхушара фондо хьажош 100 вахархо бен вац. Хьалхара ХьаьжцIа йоьду тоба эцна доьду кема гIоттур ду Гезгамашин-беттан 5-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG