ТIекхочийла долу линкаш

ТIаьххьарчу хенахь Нохчийчуьрчу некъашца хуьлу зуламаш алсамдийларца, Iедало низамаш чIагIдан долийна. Хуьлийла иза могIарера вахархо я даржера стаг, жоьпаллехь хIора а цхьабоса хир ву, аьлла дIахьедарш дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

КIира хан а ца эшна Нохчийчохь машенаш лелачу некъаштIехь къепе хIотто. Автоинспекцино болх чIагIбина, амма оцу бахьанца а дац иза дукхачу хьолехь.

Ватсаперачу номер тIе сурт а, видео а яьккхичхьана, уьш Инстаграмман лерринчу агIоне йохку хIинца. Пачхьалкха автоинспекцино иштта аттачу баьккхина, иза барна алапа оьцуш болу болх.

Кхечу дешнашца аьлча, нах айкхбуьйлуш бу, шаьш санна болчу машенашлелорхошна, цара некъан низамаш дохош ду, аьлла.

Дукхачу хьолехь, цара дIакхоьхьуш долу суьрташ ду, гIашлелархойн сизна тIехь машен сацийна, я нийса сиз хадийна аьлла. Машенийн номер хиъчхьана, цуьнан долахо жоьпе озор болх некъа полицина тIехь бу.

Юккъараллехь хIинцале билгалдоккху, некъашца, мелла а дIасалелар атта ду аьлла. Машенашлелорхой, лакхахь-ма аллара, полицех озалуш бац, мичара доккху а ца хууш, сурт доккхучарех озало.

Дийцарехь, оцу гIуллакхна леррина арабевлла бу махкахь шортта йолчу кегирхойн цхьанатохараллера декъашхой. Ткъа кхечу агIор, мотт тохар а, айкхвалар а къобал деш дац цхьаболучара. Дуьйцу Соьлжа-гIалара вахархочо Исмаилов Лечас.

Исмаилов: «Цхьана агIор, аттачу даьлла некъаш тIехь долу гIуллакх. Ваха а, ван а паргIат ду. Пайда хIун бу? Хьо милла а велахь а, хьо муьлххачу даржехь велахь а, ахь дохийний низам, цунна жоп дала деза хьан, низамашца догIуш ма хиллара.

Нохчаша бусулба дина тIеэцале а, вайна юккъахь мотт тухуш хилла дац. ЦIена цIий долчу нохчочо цкъа а тоьхна бац мотт. Муьлхха а Iедал хилча а, ца хилла иза мотт тухуш».

Ишттачу чIагIдаларах кхета машенлелорхой. Кху тIаьххьарчу 7-8 баттахь, 110 сов стаг велла махкахь некъашца. Амма жоьпалла а, некъаш тIехь зуламаш дечу нахана дуьхьал къийсам стенна буьллуш бу могIарерачу нехан белшаш тIе? ХIунда ца доьху жоьпалла некъа низамаш лардечу полицига? Цуьнах ца кхета нах, бохуш кхин дIа а дуьйцу Исмаилов Лечас.

Исмаилов: «Тахана и болх автоинспекцино бан безаш бу. И суьрташ дахарх кхоьру нах. Автоинспекцех кхоьруш бац. Беламе даьккхина ду и хIума. Мотт беттар моде даьлла вайна. ХIинца ларбала бевлла мел а. Ткъа жамIаш муха хуьлу? Некъан полисхоша дина хуьлу уьш. ХIан-хIа, цо болх бинехьарий, некъан бохамийн терахьаш а хир дацара иштта дукха. Царна луш долу алапийн меттана, видеорегистраторш хIоттаехьа. Цо лоцур ма ву милла а. Наха бан безаш болу болх, кхечарна тIебиллар дика дац».

Ша а машенлелорхо волчу жимчу стагана Агаев Анзорана хетарехь, дукхачу нахана сингаттам боккхуш хир бу иштта сурт доккхучу наха. Кху чолхечу заманахь, цхьанхьа бохам хилла, сихвелла воьдуш я дарбан хIусаме кхача гIерташ а хир ву.Ткъа цуьнан сурт тIаьхьа богIучара даьккхича, иза нийса ду аьлла ца хета. И болх полицино бен бойла дац, элира цо.

Агаев: «Низамаш дохийна аьлла хIума далахь, полицино дан деза иза. ТIаьхьара суьрташ а дохуш, уьш интернет чукхиссар, суна-хаза хIума дац аьлла хета. Кхин а дика хира дара, нах меллаша, сих а ца луш лелахьарий.

Сиха верг а, хьовзам баьлла воьдург а хир ву. Суьрташ дохучу вукхарна ма ца хаьа, иза мича воьдуш ву. ТIаккха, вукхара, машен мичахь лаьтташ ю а къастадой, иза дIаюьгу. Цул а а, лаьттачу инспектора сацаван веза. Цо дан деза иза. ТIаьхьа а хоьхкуш, суьрташ дахар, хаза хIума ду аьлла-м ца хета суна».

Оьрсийчохь дикка гIарабаьлла бу «СтопХам» цIе йолу болам. Цуьнан декъашхоша, машен нийса ца хIоттийначу меттехь, цуьнан куьзган тIе иза дIа ца вахийта доккха кехат латадо.

Хийла царех летта, лелочунна реза боцу машенашлелорхой. Цара дукхачу хьолехь бохург ду, шаьш низам дохийнехь, жоьпе а озийна, таIзар дан дезарг полици ю. Ткъа, шу муьлша ду, олий.

Изза хьал ду Нохчийчохь а. Цул совнах, некъан низамаш дохийна аьлла, суьрташ чукхуьйсурш шаьш а машенашлелорхой бу. Цара а некъан низам, телефон машен йоьдучу хенахь, кара эца йиш яц боху, луьра низам дохадо. Амма оцунна бIаьргаш дIакъевлина ду.

XS
SM
MD
LG