ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн дуьххьара киносериал


Нохчаша дуьххьара яьккхинчу «Деган аз» киносериалан гайтар хилира Соьлжа-ГIаларчу Лермонтовн цIарах театрехь. Кхайкхина дуккха а хьеший а болуш, дIаяхьира и презентации.

Цхьана меттана, шина денна яхъелира дуьххьарлерачу нохчийн сериалан гайтар. Дуьххьарлерачу сарахь, цхьана шина сахьтехь презентации яра дIахьош. Бистхуьлуш бара, цхьаъ вукхунна тIаьххье баьхкина хьеший а, филман тIехь болх бина болу актераш а, продюсераш а.

Киино хIинца гойтур ю аьлла хеттачу хенахь, Лермонтовн цIарахчу театрехь, ток дIаелира. Иза хIинца схьаяла мега бохуш, цхьана шина сахьтехь Iийра нах.

Баьхкинчу хьешийн, Высоцкий Никитин а, Пятков Александран а, Матросов Денисан а гулбеллачеран самукъадаккха дийзира, цхьацца стихаш йоьшуш а, актерийн шайн дахарехь хилларг дуьйцуш а.

Иза а, тIехьажийна цхьана видеокамеро лучу серлонца дара. Ток дIа ма елли, могIаршкахь бехачарна юккъахь беларш иккхира.

Хьажархо: «Генератор яц, автоматика а яц. Миллиард а делла хIара гIишло йина, амма генератор яц. Ток дIа ма яйн, генератор хила ма еза кху чохь. Ма эхь ду хIара!»

ШолгIачу денна тIаьхьа теттира кино хьажар. Хьалхарчу дийнахь санна дукха бацара нах, амма залчохь йоллу меттиг дIалаьцна яра. Филм йолаялале, режиссера Терекбаев Беслана шен къамелехь хьажархошка дийхира, иза емал а ца еш, мелла а кхета а кхеташ цунна мах хадор.

Иза хIун ду ца кхетара могIарера берш, амма нохчийн киношка дуьххьара хьожуш воцучуьнна хууш дара.

«Деган аз» фильм массанхьа дIакхайкхийна ю, дуьххьарлера нохчийн филм санна. Амма иза иштта дацц. Иза дуьххьарлера киносериал ю. Цуьнан чулацамехь ду сериалехь мел хила дезарг: безам а, цхьа йоI шинна езар а, дахаран чолхалла а, бохамаш а.

Оцу ша долчу хIумано кхуллу цхьа боккха сюжетан уьйриг. Ясмина-коьрта турпалхо ю. Iийса бохучу кIантаца шен дог дохуш йолу иза, цIерачара ца йохуьйту, иза бахам болуш вац аьлла.

Кийсак: - Ясмина, ма елхахь. Ойла ехьа! Оьший теша хьуна и бала? Хала бохкуш ма бу IийсагIар. - Суна мегаш хилчхьана, шуна хIун ду теша иза? Безамо аьттонаш ма ца лоьху, Бирлант! Со реза ю-кх, цуьнца муьлха а хало лан!»

Нохчийчохь чIогIа ира лаьтташ долу хаттар а айдо сериал чохь. Зудчунна тIе зуда яло дагахь волуш, цунна цIенош деш ву коьрта турпалхочун Ясминин ваша. ХIара къамел цуьнан шен зудчуьнца ду.

Кийсак:

-Даиманна балхахь ву хьо! Хан яьлчий бен чохь хуьлуш а вац. Хьан доьзалца цхьа а бала а бац!

-Ахь хIун боху?

-Ас хIун боху бохий ахь? И даиманна хьоьга язъеш йолу Самира мила ю боху-кх. Суна йовза мегар дарий иза?

-Иза хьан бала болуш хIума дац. Кестта хуур ду хьуна, иза мила ю. Хьайн гIуллакх доцург а ца дуьйцуш, хьайн кIанте хьажахь.

-Муха кестта? Ахь хIун до?

-Сайн гIуллакхе воьду»

Фильм гайта йолаялале, Оьрсийчоьнан хьалкхан артиста Пятков Александра тидам бира, Нохчийчохь санна, мел йолу зуда коьртахь хIума а йолуш, еха кучамаш лелаяйта лаьара шена шай зударшка, аьлла.

Филм чохь а ю мел йолу зуда къовлаелла, даккхий йовлакхаш а техкана. Нохчийчоьнан культуран министр волчу Дааев Хож-Баудис, оцу хIуманна жоп луш санна, хIара дIахьедар дира.

Дааев Хож-Бауди: «Вай шен доьзалца, воккхачуьнца, жимачуьнца хьажа тамехь йолуш хир яцара-те бохуш, яьккхина ю хIара. Вайна хууш ду, масех шо хьалха вайна юккъе яьккхина йолу проекташ схьа а оьцуш, тахана ерриге а Оьрсийчохь, массо а тIегIанехь, изза, оцу хIуманна тIе а богIуш, схьадогIуш ду хIара.

Вай нийсачу новкъахь хиларан билгало ю иза. Тахана вайх ца кхеташ берш а хир бу. Амма коьртаниг, нигат ду- диканиг, оьзданиг, гайта лууш».

«Деган аз» цIе йолу филм Нохчийчуьрчу кинотеатршкахь гайта йолайийр ю цуьнан мел йолу I2 сери яьккхина яьлча. Иштта иза гайтаршка йилла мега, Iаьрбойн пачхьалкхашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG