Iамеркан президентан Обама Баракан аьтто ца бала тарло ГIажаройчоьно заррат герз кхолла хилла лаам а буьтуш, цунна тоьхна лаьтта эмбарго дIайоккху барт, Iалашонехь ма-хиллара тIечIагбан.
Дуьхьало йийраш бу Конгрессера республиканхой. И хаам бина Сенатехь алсамбовлучу республиканхойн лидеро Макконнелл Митчела оршотдийнахь. Ткъа Обамас ша вето тухур ю Конгрессан сацамна тIе, нагахь санна иштта нислахь, аьлла.