ТIекхочийла долу линкаш

Путин Владимиран дIахьедар


Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедина, ГIирманах гIезалойн автономи йойла дац, уьш оцу ах-гIайри тIехь кIезиг бу, аьлла. Сталина шен заманахь махкахбаьхначу, ткъа Стохка Кремло Украинера шайн махкана аннекси йинчу ГIирмехь гIезалой I0 процент сов оьккхуш бен бац. Ткъа депортацера цIа а ца берзийтира уьш, кхечу махкахдаьхначу къаьмнашца буьстича. Кхо де даьккхира Путина кху муьрехь ГIирмехь.

Оползневое олучу курортехь иза цхьанакхийтира меттигерчу администрацица туризм юьйцуш, цигахь къамел дира гIезалойн лидершца а. «Арахьарчу мехкаша бакъоларъярхошкахула ГIирме зуламаш чукхоьхьу, гIезалойн ир-кара хIиттабо хьал талхорхьама» - элира Путина, амма Кремло иза магор дац, аьлла тIе а тухуш.

XS
SM
MD
LG