ТIекхочийла долу линкаш

Иракъехь премьер-министр лаьттинарг бехкево


Мосул гIала 2014-чу шарахь йожарна, аьлча а, ДАIИШ-на дIаяларна, оцу мурехь Иракъехь премьер-министр лаьттина аль-Малики Нури бехкевеш дIахьедар дина Иракъан парламенто. Ал-Малики а, кхин а иттаннаш хьакамаш а кхеле озор доьху дIахьедар диначара. Ткъа ал-Маликис даре ца до ша цунах, цхьа а маьIна а, бух а боцуш ду депутатийн дIахьедар, аьлла цо шен Фейсбукехь.

Цунна хетарехь Мосул йожийтинарг ю Туркойчоь. ДIахьедар мехкан инарла прокуроре хьажийна Иракъан парламенто, шайн пачхьалкхехь йоккхаллица шолгIа ларало гIала йожарна бехкенаш кхеле озор доьхуш.

XS
SM
MD
LG