ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

84-гIа бакъоларъярхойн юъаралла "арахьара агент" кхайкхийна


Оьрсийчоьнан юстицин министралло «Арахьара агент» ю аьлла дIакхайкхийна ГIебартан-Балкхаройчохь а, цул арахьа а вевзаш волу адамийн бакъонаш ларъярхо Хатажуков Валерий коьртехь волу юкъаралла. Юстицин министралло стохка тIеийцира йозуш йоцчу, кхечу мехкашкарчу, шаьш санначу юкъараллашца зIе а кхобуш, болх бечу хьукматех «арахьара агент» олу низам.

Иза юкъадаларца долийра уггаре хьалха адамийн бакъонаш ларъен юкъараллаш оцу цIара буха хIиттор, царна тIеIаткъамаш бар. Ткъа Хатажуков Валерий коьртехь лаьтта адамийн бакъонаш ларъен юкъаралла ю Оьрсийчохь дIакъевлинчу юкъараллашлахь 84-гIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG