ТIекхочийла долу линкаш

Краснодаран кхело ца волуьйту ара Темирханов Хаважи


Краснодаран кхело жоп ца луш дитина Сочехь пенсионерна талордина бохуш, талламчаша жоьпе ийзочу Нохчийчуьрчу вахархочун Темирсултанов Хаважин адвокатан арз. Адвоката бахарехь, бехкевечунна чохь латто тоьхна хан тIехъяьлла, амма хIетте а араволуьйтуш вац.

Кхело доьазза яхйина Темирсултанов лаьцна латто магош йолу хан. Цо эшамбина аьлла, девне озийначу пенсионеро Задельников Артура бакъ ца до шена зулам динарг Темирсултанов Хаважи хилар.

XS
SM
MD
LG