ТIекхочийла долу линкаш

Исмаилова Хадиджин кхелан ладогIарш хилла


Маршо Радион корреспондентна Исмаилова Хадиджина тIехь ечу кхелан рогIера ладегIарш дIаьдаьхьина Бакох. Дов хоттуче ца битина журналисташ, бакъоларъярхой. Арахь лаьттира Исмаиловах доглозурш, Азербайджанан байракхан басахь цIен, баьццара лоппагаш а, Исмаилован суьрташ а карахь а долуш. 39 шо долчу журналиста ша болх бечу юкъанна масийтта дуьненаюкъара совгIат даьккхира Азербайджанехь лела коррупци прессехь Iораяхарна.

Iедало иза бехкейо шен белхан бакъонел совъяларна а, пачхьалкхана ял дIа ца яларна а. Бакъоларъярхоша политикаца дузу Исмаилова кхеле озор.

XS
SM
MD
LG