ТIекхочийла долу линкаш

Немцова Жаннас жоп доьху шен да вийначаьргара


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, «Север» тIеман декъехь лаьттинчу Геремеев Русланан гергарнаш а жоьпе озийна, барт-хаттам бича, шен да Немцов Борис вийнарг, вен кхачийнарг мила ву гучудер дара аьлла. дIахьедина Немцовн йоIа, Немцова Жаннас. Дахначу Iай Москох юккъехь вийра Немцов Борис. И зулам дина аьлла лецна бу Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а Дадаев Заур, ГубашевгIар – Анзор а, ШахIид а, Бахаев Хьамзат, Эскерханов Тамерлан. Кадыров Рамзан а, Геремеев Русланан гергара нах ДелимхановшIар – Iелабек а, Адам а левар дехнера хьалхо Талламан комитете вийначун йоIа, амма дехар жоп доцуш дитира, бохуш хаам бо Немцов Борисан доьзалан адвоката.

Оцу тIехь ца соцуш, деношкахь Немцова Жаннин цIарах адвоката Прохоров Вадима Москохарчу Басманан кIоштан кхеле арздина, талламчийн билгалбаьхна нах лебан лаам ца хиларна хан йоьду, ткъа куьйгбехкениг хIинца а маьрша ву, аьлла.

XS
SM
MD
LG