ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайчохь рогIера тIематасадалар иккхина Iедалан эскаршний, гIаттамхошний юкъахь. ТIемалойн тоба Нохчийчу дIаяхна, аьлла, кхайкхийна гIалгIайн низамхоша. ТIаьххьарчу муьрехь кест-кеста дуьйла герзаш шина мехкан дозанашкахь.

КIира сов хан бен ца яьллера ГIалгIайн махкахь, Сунжа кIоштерачу хуьнхахь тIемалойн тоба хIаллакйина. Яьккхий тоьпаш а, минаш а йиттина 7 тIемало цхьана эвлана йистерачу новкъахь вийнера. Берш нохчий хиллера. Церан декъий дIаделлера гергарчаьрга.

Амма, уьш дIадоьхкинчу дийнахь, кешнийн кертана го а бина, уьш хьала а даьхна дIадаьхьина туьтмIаьжгаш йоьхкинчу герзхоша.

Ши де хьалха оццу Сунжа кIоштехь Даьттах цIе йолчу юьртана йистехь а хааелла хиллера тIемалойн кхин цхьа тоба.

Циггахь тIеман тасадалар а хилла низамхойн цаьрца. 12 стагах хIоьттина йолчу оцу тобанан аьтто баьлла луларчу Нохчийчуьрчу Буммат агIор дехьа яла.

Тасадалар хиллачу меттехь карийна, цара я вахькхоьссинехь, я ца хууш йоьжнехь а, тапча а, цIийх дуьзина киса а.

Оцу хIумано гойту, тIемалошна юккъахь лазийна цхьаъ ву аьлла, бохуш, хаам баржабо ГIалгIайн ницкъаллийн структураша.

Нохчийчохь, цкъачуьнна официалан агIор, цхьанна а тайпа хьахош дац и тIемалойн тоба шайн дозане яьлла я ца яьлла аьлла.

Амма нийса итт де хьалха, ТIехьа-Мартан кIоштерачу Янди-кIотарана йистерачу новкъахь, лаьттах йоьллинчу минан тIехь оьрсийн эскархой иккхина,шайна юккъахь 1 вала а леш, кхин 2 лаза а веш.

Иштта, ши де халха оцу кIоштахь карахь герз а , цуьнан гIирс а болуш тIемало а дIалаьцна меттигерачу полисхоша. Оцу хIуманашна юккъараллийн башха дIоггара терго тIейохуьйтуш дац Iедалша. Амма чIагIамаш некъашца цхьа кIира хьалха дуьйна бина, кхин лахбина а бац.

Луларчу Дагестанехь-м тIемалошца долу хьал гуттар а чолхе ду. Лаккхара даржхой, цхьацца куталш лелийна аьлла дIалийцаро а, хIумма а синтеме ца гойту иза. Иштта кегар болчу меттехь, атта хуьлу низамашца доцу хIуманаш лелочу нахана дIасабаха а, лачкъа а.

Дагестанерачу политологан Эседов Альбертна хетарехь, Шема дIабахана,цигара хIинца цIаберза гIертачу тIемалошна дуьхьало ян еза. Церан тIеман говзалла а лаккхаьлла, цундела царна дуьхьало ца хилахь, хьал гергарчу хенахь талха мега, боху цо.

Эседов: «Шемахь болчу тIамо, улле оьзна, карахь герз а долуш, хIун ду ца хуучуьнга кхайкхам беш болу нах. Ас хьалха а комментарий йинера, заманан кху муьрехь уьш цIа берзийта мегар дац аьлла. Церан тIеман говзалла лекха ю, могIарерачу полисхошкахь йолчул а. Вукхарна гина ма даций хIумма а, молхан хьожа а ца яьккхина цара. Цундела оцу шайна зеделлачуьнца и тIемалой чIогIа кхераме бу Къилбаседа Кавказехь. Цу тIе тоха еза вай къаьмнийн амалш а».

Къилабседа Кавказера тIемалойн карарчу хенахь Iалашонаш хийцаялар а, уьш дукхачу хьолехь «Исламан пачхьалкх» це йолчу тобийн мехаллашка тIе а гIертар ю аьлла хета политологна Эседов Альбертна. Цхьанна тIетовжинчу царна дикка кхеташ дац боху цо, оцу ша долчу хIуманна Iалашо хIун ю.

Эседов: « ХIинца хьал меттахдоккхуш ду. ГIалгIайн махкахь а, Нохчийчохь а, тхо долчу махкахь а, кортош айбеш ю цхьацца тобанаш. Уьш гучубогIу, цаьрца тIом а бо. Церан жигаралла а хила мега, хIара хьал тахкорхьама гойтуш. Бакъдерг дийцича, вай пачхьалкхехь экономикаца долу хьал а дика дац. КестолгIа харжамаш а хир бу.

Оцу йоьххьехь а хила мега гIовгIа яккхар. Хьаннашкахула лелачу дукхачу нахана шайна а кхоччуш кхеташ дац, шайца цхьана тоьлан чохь хало Iовшуш боцучу нехана лаамаш кхочуш деш тайнигаш хилар».

Луьрачу кепара тIех сов къизаллийца, Нохчийчохь тIемалойн болам хаьшна дIабаьккхина лоруш бу. Тахана мехкан Iедалша дIахьедарш до, Шемахь хиллачеран цIаберза кхин меттиг яц аьлла. ГIалгIайн махкара Нохчийчу сехьаяьллачу 12 стагах лаьтта тоба мичахь, муха хаалур ю а ца хаьа.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG