ТIекхочийла долу линкаш

Элдиева Марет. Безамах ойланаш


Украина -- Безаман туннел

Украина -- Безаман туннел

Эльдиева Марет

Исс эзар чкъор дина, бакъдерг сайн дагца ас хьулдарх
Исс эзар узам беш, бIаьрхиш сайн канашкахь гулдарх
Хазачу дешнех ас юьйцина керт йина ойла
Дуьненна йоьлху сан гатйина безамо Iойла..

БIешерийн хьаннашкахь хьо лоьхуш, ас дина некъаш
БIешерийн къизаллехь ас текхна азаллийн декхарш
Шедаган гIайгIанах даггара хьуна беш тийжам
Абаден къа хилла, сох хьаьрчи, багош сатийсам..

Адамийн кхетаман чолакха бустамаш дуохош
БIаьргаш а дилхи сан, гIиллакхах, собарах йохош
МостагIийн, доттагIийн IиндагIаш доьлу ца дешаш
Безначийн, безачийн бIаьргаша хьоьсту, сох тешаш..

Безаман ойлано нагахь хьан ойла ца ястахь
Безаман йовхоно и хьан дог — ша-тIулг ца дастахь
Хьан доIин Iаь хила, хьожур ю дагна тIе кхача
Хьан къинойн цIе хила, юьсур ю хьан новкъахь яга..

Кхин цкъа а хьаннашкахь ас дийр ду хьо лоьхуш некъаш
Кхин цкъа а къизаллехь лахьор ду ца текхна декхарш
Шедаган гIайгIанах безаман сатийсам белхош
Цхьалла сох хьерчар ю, куралло хьан некъах къехкош...

XS
SM
MD
LG