ТIекхочийла долу линкаш

Вазирстанехь кеманашца ракеташ йиттина 43 гIаттамхо вийна


Еарийдийнахь кеманашца Вазирстанехь 43 гIаттамхо вийна шаьш, аьлла, хаам баржийна Пакистанан эскарша. ОвхIанистанан дозанца йолчу шина юьртатIе йиттина ракеташ. Маьршачу бахархошлахь мел дараш ду хоуьйтуш дац цкъачунна. Журналисташ герга буьтуш бацарна, хала ду дериг ма-дарра довза.

Шо кхаьчна Пакистано Вазирстанехь тIеман операцеш дIахьо. Iедало бахарехь, 3 эзар тIалиб хIаллаквина оцу махкахь пачхьалкхан эскарша, Вазирстан ерриг санна дIацIанйина жихIадхойх, чIагIдо Пакистанан Iедалан хьостанаша.

XS
SM
MD
LG