ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказан мехкашна ахча хьажийна Оьрсийчоьно


Оьрсийчоьно Къилбаседа Кавказан мехкашна 33 миллион сом кредит хьажийна шура ло даьхний кхион. Итт – итт миллион сом делла Ростоврчу а, Краснодарерчу а фермершка. Кхечу кавказхойн мехкех хIоранна кхаьчна миллион гергга сом.

Ткъа уггаре кIезиг делла ахча Адыгейна – 170 эзар сом. ГIалгIайчоьнна делла 179 эзар сом. Амма Нохчийчоьнна кепек а ца елла – цуьнан бахьана цкъачунна кхеташ дац ахча хьажош арахецна омра дешча.

XS
SM
MD
LG