ТIекхочийла долу линкаш

Стохка дуьйна а маьхьарца кхайкхош ду Нохчийчохь хьехархой тоьаш цахилар. Х1етте а хенарниш пенси хьовсо беза аьлла, 1едало вуно чIогIа тIеIаткъам бо хьехархошна,балхара дIабаха хьийзош. Хьесапе оьцуш дац зеделла хьехархой дIабахаро, бераш кхетош-кхиорна эшам бийриг хилар а.

Кху деношкахь хьехархойн урхалло гIардаккхарца карарчу хенахь 350 говзанча ца тоьу вайнехан ишколашкахь. Къаьсттина церан хьашто ю, дийцарехь, лаьмнашкахь Iохкучу кIошташкахь.

ТIаккха а, уьш тоаме боццушехь, 55 шо кхаьчна зударий –хьехархой а, 60 шераш дуьзна божарий а, бегашена а доцуш дIабаха хьийзош бу балхара.

ДIабаха хьийзош бу официала Пачхьалкхан цIийнехь хуьлда иза, я дешаран министараллехь хуьлда иза бина сацам а, арадаьккхина омра а доцуш. Кхеторхьама аьлча, и барта дина тIедиллар хьехархойх хьакхаделла а ца Iа Iедалан балхахь мел болчарна беш бу цу кепара тIеIаткъам.

Вуьшта аьлча ишколехь хехо ву 5 эзар алапа оьцуш, пенси а догIу цунна 5-6 эзар. Иза балхара дIавоккхуш ву. Тахана бIеннашкахь багарло цу кепара балхара бохийнарш. Балхара вохочунна хене вала пенси тоаме дуй те боху хаттар, бодашка кхоьссина топ санна, жоьпаза дуьсуш ду.

Ишколашкахь, дарбанан цIийнашкахь, Iедалан хьукхмат- урхаллашкахь-массанхьа а, белхан меттигаш мел йолчохь, хьехош дерг, коьртах а даьккхина дуьйцуш дерг цхьаъ ду- протокольное поручение, протоколан тIедиллар.

Хьаькамаш шаьш даре а деш, барта, лакхара охьадаийтина, Оьрсийчоьнан низамаца догIуш доцу и омра-сацам кхочушдар, цхьа перза декхар санна тIедожийна массо тIегIан куьйгалхочунна.

Цу билламах хьалха юьтуш яц ишколаш а. Протоколан тIедиллар бохург хIун ду? Официалан тIеэцна низам ду иза я къайлах-къулах, кIелдIашхула лело хIума ду иза?

Хьехархойх доьзначу декъана цу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш лохуш сан къамел хилла цхьана ломан кIоштехь 35 шарахь хьехархо филолог болх бинчу, кхана-лама 60 шо кхачар бахьнехь, шех сих-цIийх боьлла болх бита безачу, сан юьззина цIе йоккхийла доцчу Салавдица.

Тхан къамелехь дика къаьста аьлла хетало хьехархойн а.лоьрийн а,эзарниш кхечеран а сагатдеш долу, бух боцуш тIедохку декхарш.

Салавди: «Протокольни поручени бохург, арадаьккхина низам а, кехат тIехь дина омра а доцуш, пенсехь болу хьехархой мукъабахар бохург ду-кх. Хьеха нах боцуш Iаьшше-хь и хIума долийна. Кху тIаьхьарчу 15-20 шарахь дипломаш дIаделла шортта бу, амма бац хаарш долуш, педагогикан доьшийла яьккхинарг а, я лоьрийн дешар дешнарг а. Корматалла ю аьлла карахь диплом ду, амма коьрта чохь хIума дац».

Маршо Радио: - Ишколехь, масала, 5 филолог ву. Царех 3 дIавоккхуш ву баккхий бу аьлла. Церан мета дIахIотта стаг а воцуш уьш дIа муха боху?

Салавди: «Безработица дIаяккха гIерташ бу-кх. Пенсехь верг пенси а вахийтина, дIо-о меттиг боцуш Iаш бу бохуш хабарш. Баккхийнарш дIа ца бевлча меттиг бац боху сурт ду-кх кхуллуш. Дипломаш долуш бан ма бу, хаарш дац-кх.

ТIебогIуш берш охIла бацахь а меттиг дIалоцу-кх цара. ХIинцца хIоттийначу цхьана директоро дийцира. Шена еъна бохура цхьаъ математик ю ша аьлла. Цхьа пайдабоццу хаттар дича хууш кIадда а ца хилла, ша и схьа а ца оьцуш дIаяхийтира, шена, кхузткъара ваьлла велахь а, хууш верг веза бохура цо. Цу могIарера масалш дукха ду….»

Пенси хан тIекхачарх бахьна а деш бахархой балхара бохабарх дийцина Салавди а, цуьнга тера бIеннашкахь кхиберш а дегайовха бу, шаьш лелориг хаза неха санна хенарчу махкахошна «хьокха тухуш», эшаме хIума дуй а хиъна, урхаллехь берш низаман хорша боьрзур бу аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG