ТIекхочийла долу линкаш

Лаккхара жамIаш гойтуш ду некъан низамаш дохочарна дуьхьал Нохчийчуьрчу Iедало болийначу балхо. Дуккха а машенаш схьа а яьхна долахошкара, миллионашкахь гIуданаш даьхна цаьргара. ХIетте а кеп-кепара чолхенаш ю хаалуш оцу балхаца.

Нохчийчохь бархI дийнахь 4 миллион 700 эзар соьме кхоччуш гIуданаш дIатекхна некъан низамаш дохийначара. И терахьаш цкъа а ца хиллачу агIор лекха ду. Иштта дIадодахь Нохчийчоь уггаре а хьалхарчу метте яла мега, Оьрсийчуьрчу кхечу регионашна юккъахь, некъан низамашца къийсам латторехь.

Меттигерачу некъан полицийн куьйгалло баржийначу хаамца, кху бетта 10-чу дуьйна, 18 терахь тIекхаччалц, 5535 машен ю церан урхалла дечара некъан низамаш дохийна аьлла, дIалаьцна.

И болх кхин а дика дIабахийтархьама, юккъаралле а гIодехнера полицино, некъан низамаш дохочеран суьрташ шайга схьатаса аьлла. Оцу кхайкхаме хьоьгуш санна, дукха нах айкх бийла буьйлабелла.

Леррина кхоьллинчу Инстаграмман агIон тIе дуккха а суьрташ кхоьхуьйту цара, шайна новкъахь, цхьамо дохийначу низамех лаьцна.

И нах, муьлша-мичара бу а къастадой, полицино царна таIзар до, телехьожийлехь гойту, гIуда туху.

Амма юккъараллехь дукха нах реза бац иштта айкхбуьйлучарна. Цара а кхоьллина оццу Инстаграмм чохь, оцу мотт беттачаьрна дуьхьала шайн агIо.

Цу тIехь цара емал до, нахана юккъахь мотт беттар дебош хилар. Айкхбовла кIела ховшийнечеран суьрташ а ду даьхна цу чу кхиссина.

Масала, некъан йистехь, садайначу хенахь, карахь телефон а йолуш хиина Iаш ву жима стаг. Хьо хIун деш ву кхузахь, аьлла хаьттича, ша некъан низамаш дохош берш ларбеш ву, церан сурт даккха, аьлла жоп ло цо, ша деш дерг, цхьа доккха гIуллакх а хеташ.

Оцу нахах ларлуш хIиница дукхачу машеншелархоша тIе йоза дуьллу: «Машенан сурт даьккхинарг, стаг вац» аьлла.

Кхечара, куьзганна хьалха хуьлуш йолу видеорегистратор тIехьа хIоттайо, шен сурт доккхий цхьаммо а хьожуш. ЧIогIа ирча даьлла и хIума, аьлла хета Шеларчу вахархочунна Далаев Райбекана.

Маршо Радиога вистхуьлуш, цо иштта элира.

Далаев: «Цхьа питан ду иза цхьана агIора, соьга хаьттича. Цхьаъ нийса а дой, важа-галдоккхуш Iедал ду вайн. Тахана хьан сурт доккхуш гучувалахь, вовшех дIай-схьай Iуттур, я летар?

Я вер-ваккхар хилахь? Тахана дукха ду-кх и видеорегистраторш, хьалхахь хIотточу меттана, тIехьа хIоттош. Вай некъаш тIера хьал тадарх пайда буй, вовшашна меттанаш детташ хилча?».

Нахана булуш болу гура, шайна дуьхьала доьрзуш хуьлу хIума даиманна. Цхьаммо, язъйо «Мотт беттачарна дуьхьала» аьлла цIе йолчу агIонна тIехь, ша сизал тех волий хьожуш, телефон хьала а яьккхина, тIехьа хIоьттина вогIуш цхьа жима стаг вара, аьлла.

Дукха улле веанчу цунна дог даьттIа, машен цIеххьана некъа юккъехь сацийна цо. Важа, дукха воьхна, дуьхьал богIучу новкъа а эккхаш, кхулла хьалха ваьлла, и сиз а хадош.

Сурт кхо даьккхина цуьнан. ТIаккха дукха генна тIаьхьа ихира иза шена, чиркхаш летош, машен сацае бохуш, аьлла яздо оцу агIонтIехь цхьана машенлелорхочо.

Некъашца бина болу чIагIам даиманна хир бу, бохуш дIакхайкхадо Iедалша. Иштта тидам бо, машенаца воьдуш-вогIуш а, низам дохийнарг, бен-башхалла вац, аьлла.

ХIинцале полицехь болх беш волу масех стаг дIаваьккхина балхара, иштта гучу а боьвла. Кху деношкахь гIеххьа лахъелла махкахь машенаш. Нах ца хIутту, чIагIам бинчу некъашца дIасалела.

XS
SM
MD
LG