ТIекхочийла долу линкаш

Бадуев СаIид. Бешто


Нохчийчоь-- шира кешнаш Нохчийчохь

Нохчийчоь-- шира кешнаш Нохчийчохь


БАДУЕВ СаIид

Бешто

I

Яьлла лаьтташ бIаьсте а яра. Стигал дошан басахь тхов бина кхозура. Юькъачу хьаннех а дуьзна лаьттачу дехачу баьццарчу аьрцнаш кIел кешнаш гора, гонахара керт нийсса ах охьа а кхетта. Цу кертара чарташ тIелата кечдинчу эскарх тера дара, цу чарташна нийсса хьалха, сехьахьа, кертана сов генадоцуш, ахдахка а делла, лаьтташ цхьа дечган лоха чурт гора. И чурт ширдаларна агIордаьллера. Цу чуртан ширачу борза тIе берталвоьжна цхьа стаг Iуьллура.
Иза вара ерриге эттIа ал гIовтал а юьйхина, тIехула гатанан доьхка а дихкина, лекха Iаьржа куй а болуш. И стаг Iуьллура белшаш а кхийсалуш. Цуьнан кхийсалучу белшех, иза воьлхуш Iуьллу, я иза иштта белшаш кхийсалуш висина ву, ала хала дара. Цо боху хезара, шен корта хьала а кхуьйсуш:
– Баба!.. Бешто хьерваьлла!.. ХIумма а дац, Баба, Бешто хьерваьлла!.. Ваьлча хIун ду Бешто хьер?.. Баьхча хIун ду наха, Бешто хьерваьлла?.. Бештона шен дагна, шен дегIана хилларг шена хууш хилчахьана. Бахийта!.. ХIумма а зен ца хуьлу цхьанне а, Бешто хьерваларх. И талхарх, цунна тIаьхьавелха цхьа а вац… Амма, и хьерваьлча, хIара дуьне хIун ю ца хууш, и телхича, са дIа а даьлла и висича, цунна атта-м дара. ТIаккха… и паргIатвер вара…

Иза меллаша ирахIоьттира. Шен хих буьзна бIаьргаш а цIанбеш, цо элира:
– Баба! Кестта цхьаьнакхетар ду хьуна вай… Баба! Кестта цхьаьна хир ду хьуна вай, – аьлла, корта а оллийна, иза меллаша волавелира. ТIаккха цу кошана сехьа, бархI-бархI гIулч гено баьццарчу басарца кечдина лаьттачу ширачу чуьрта тIе а веана, цунах дай-й куьг а хьаькхна, цунах ах чу а бахана лаьттачу ширачу борза тIе бертал а воьжна Iуьллучохь цо элира:
– Бусана!.. ХIумма а дац хьуна, Бусана, хIокху Iаьржачу лаьттан кийрахь хьо ялларх. ХIумма а дац хьуна, Бусана, кху лаьттан букъа тIехь, Бешто санна гIайгIанан хIорда юккъехь хьо йисина ца хилчахьана. Бен ма хетахьа, Бусана! Хилахьа паргIат, хьо паргIатонан кийрахь хилча. Вай-м кестта цхьаьна хир дай. Вай-м, цкъа мацца кхетта а, цхьаьна ца кхетча йиш яций…
Гора а хIутташ, иза хьалаайавелча, цуьнан къаьрзина бIаьргаш гучудевлира, уьш мелачу хих а буьзна, кхохкабелла бара. Цуьнан къаьсташ, ца къаьсташ хебаршка ихинчу яьллачу беснеш тIехула охьахьада меттиг а ца хилла, цунна ихина хи, мера улдIашха тачанаш а хIиттош, охьаихнера. Цуьнан юькъа еха яьллачу Iаьржачу можах ала мегар дара, иза ханна кхузткъе итт шо кхаьчна ву. Амма цуьнан жимачу, къоначу сибато цуьнан, шовзткъа шо делахь, кхин доций-м хоуьйтура.
Иза, цу борза тIера баьццара буц дIаса а хьоькхуш, юха а вистхилира:
– Нагахь Бешто телхина вагIахь а, хьуна хууш ду-кх, иза хIунда телхина, хьуна хууш ду-кх, иза хIун Iадат бахьанехь телхина… Бештона хаьа-кх, Бусана! Хьуна санна, хаьа-кх Бештона а, хьо мича бахьанина хIаллакьхилла… Хаьа, ца хууш делара… ма хезна делара… – аьлла, велхаран мохь а болуш, иза юха а цу ширачу борза тIе юькъа, лекха яьллачу баьццарчу бецан маравахара.
Бешто мила ву, ас дуьйцу хьуна, ахь ладогIа, дешархо!

II

И дара нийсса пхийтта шо хьалха.
Малх, шерачу арара жима юрт сарралц дешица а кхелина, хIинца сарахь цу юьртана генайоцчу баьццарчу бархатан регIа тIехьа чубузуш лаьттара; цуьнан, цIен дари санна, гуш болу гуо, богучу малхе даьккхина цIен ангали санна, лепара. Цо шен лепарца кху юьртан цхьа агIо цIийбинера.
Кху юьрта йистера жимочу тишачу бахаман да ткъе пхиъ шо кхаьчна Бешто, шен гIеххьа расха дин, уьйтIарчу гоьзанах тесна, цIан а бина, шайн кетIахула, хьеран апарехула санна, хьаьдда охьадогIу татол а малийна, и дин шайн ханнийн божал чу бигина дIа а Iалашбина, шайн лоха мокхачу цIенойх аьтту агIорчу цIа чу вахара. И цIа гIеххьа доккха дара. Цу чохь, мокхачу цIенкъарчу истанга тIе мотт а биллина, цомгаш Iуьллуш Бештон нана РакаIат яра. Цуьнан юьхь иръеллера; цуьнан бIаьргаш вуьшта болчул а баккхий хиллера; цуьнан бос ширделлачу ахьарал мокха бара.
Бештос, ша чуваьлча:
– Баба, муха ю хьо? – хаьттира.
– Иштта дIа ю-кх, Бешто, – аьлла, РакаIат шен шуьйрачу бетан декъа ши балда цIубдира. Бешто, меллаша товхана юххехь лаьттачу кхийрачу боганаш тIе а веана, цхьа кхийра кад схьаэцна, цу чу шура а йоьттина, сискал схьаэцна, цунах жимма яьккхина, дуьйраш санна, отуш, шури чу а кагйина, РакаIатана юххе а вахана, чучча когаш бохкуш охьа а хиъна, вистхилира:
– Баба, хьан хIума кхоллу хан-м хилла хьуна, жимма кхоллий ахь?
ТIаккха, РакаIата шена дуьхьало ца йича, цунна и яо волавелира.
Ша шура йиъна яьлча, РакаIат йистхилира:
– Бешто!
– ХIун бах ахь, Баба?
– Бешто! Вайшиъ кхин доьзалхо, кхин да воцуш цхьа ши стаг ду, цул совнаха, со цамгаро лаьцна а ю. Хьо стаг вац а, хьоьга хьуна езза зуда йогIур яц а-м ца боху ас, делахь а, наха, хьо хIинца тIехьийзаш волу Бусана, ша хьалдолчу нехан хиларе терра, хьоьга йогIур а яц, цо хьо ле а во, бохуш, дуьйцу-кх соьга. Нагахь йогIурйолуш елахь, и ялаяй а, кхин ялаяй а, сан бIаьрг хьожуш боллушехь, цхьа зуда ялаехьа. Хьан да дIаиккхичахьана, кхин дика суна дайна а дацара. ХIинца со ялале, хьуо вайн цIен тIе воьрзуш гайтахьа суна, – РакаIатан бIаьргех хи хьаьдира.
Охьа а таьIна, ладоьгIуш Iен Бешто, шен жимачу юьхьа тIера таьIна-ал ши бIаьрг горгбеш, жимма ойла а йина, вистхилира:
– Баба, ахь суна бехк а ма билла, ахьа, хьайн со цхьаъ бен кхин доьзалхо цахиларе терра, хьайца эвхьазваккхарна, со хьоьца эвхьаза ву. Наха, соьга Бусана йогIур яц, цо со лево, бохуш, иза а дуьйцуш хир ду. Сох нах а буьйлу хир бу, со лакха кхоссавелла, бохуш… Кхин цхьаъ-м ду хьуна, Баба: Бусанина хIун пайда хуьлу, со леварх, со кхаа шарахь шена тIехьийзаварх? Баба, цо со шена веза а боху, и мелла делахь, бакъ а ду… Амма, хьуна а цунах хало хиларна, Баба, тахана ас цу гIуллакхан цхьа йист-м йоккхур ю, – Бешто, жимма кхечу тIера лаьцна къамел деш, РакаIатан са а тедина, пенах доллучу къорзачу истанга тIехула кхозу шен Iаьржа кечйина гIама схьа а эцна, суьйрана Бусанина хийисте ваха аравелира.

III

Кху юьртан тогIи чухула догIучу хин шина басахь наггахь лаьттачу цIенойн туьнкалгашкахула ирхбуьйлуш кIур а ца гора. КIур бан-м бара ирхъоьхуш, амма иза керташкахь йогучу кхеллех я товханех-м буьйлу ала мегар дара, яьлла лаьтташ бIаьсте хиларна. Цу цIеношна хьалхарчу акхтаргаш тIехь а, дитташ тIехь а суьйрана декачу олхазарийн гIовгIанаш яра хезаш. Кху хина пурх шина а агIор тIебогIучу новкъахула кегийчу наха, хитIа а кхуьйлуш, шайн дой суьйрана чудерзо чехкка цIа кхуьйлура. Царех цхьаболу кегий нах, кегийчу берашка шайн дой цIа а кхуьйлуьйтуш, хийистехь а соьцура. Уьш боцурш кхин дуккха а нах кху хитIа баьхкина бара, хIинцца хитIа оьхуш дуккха а мехкарий хиларна. Цу зудаберашца кегийчу наха, куьйгаш а туьйсуш, маьI-маьIIехь къамелаш дора. Церан дешнашна дуьхьало ца еш, церан массо а дашна дуьхьал там беш, зудабераш, чIогIа царех са а къералуш, гIадъоьхуш, доьлура. Цу зудаберийн чамеш кIудалех детталуш, цIестан гIовгIанаш а яра хезаш. Кху юьрта юккъехула чекх а буьйлуш, хина дехьий-сехьий оьхучу кегийчу наха, цу зудаберашна тIекхаьчча, шайн дой тIетуьйсуш, еттачу шодмийн татанаша хин йист наг-наггахь екайора. Цу хьешийн дешнашна а зудабераша дуьхьало ца йора. Царех цхьаммо: «ЙоI, йолахьа соьга маре» аьлча, йоIа, шена иза дуьххьара гуш воллушехь: «Дера, йогIур ю-кх со-м», – олура. И зудабераш, шайн къамелаш ца хадош, меллаша хих кIудалш а юзий, юхадахка, чехкка цIа оьхура. Уьш цIа а ихина, шаьш бисича, кегийчу нахах наггахьволчо олура: «Дала хIун боху-м ца хаьа, бакъду, и жима кIорни нахе далийта безам бац сан». Цул тIаьхьа кхечо олура: «Вешан дагахь долу зудабераш вайна кхачо бен, вай цу Дала кхоьллина а дац, шек ма довлалаш, кIентий». Иштта шайн жималлех сакъералуш болу и кегий нах, цу дешнех синкъерам болий, гIадъоьхуш, куьйгаш вовшах а детташ, буьйлура.
Зудабераша хи оьцучуьра хина тиллинчу жимачу тIайна генадоццуш хи тIе а дерзийна лаьтташ, кIайн кир а тоьхна, гобаьккхина йина чIогIа аннийн керт а йолуш, цхьа дика цIенош дара, кертахь лаьттачу кIа оручу машинан ирхъяхана Iаьржа, еха топ а гуш.
ХитIара мехкарий а, кегий нах а шайн-шайн цIабирзинчул тIаьхьа, цу бахаман диллина лаьттачу жимачу ринжехула, кIайн духар а дуьйхина, Бусана араелира. Цуьнан пхьаьрсах тесна цIестан кIудал яра, аьтту буйнахь цIестан чами а бара. Бусанас, ша ринжах ара ма-елли, шен горгачу юьхьа тIера Iаьржа ши бIаьрг дIасахьажийра. Цу бIаьргех вуно атта хуур дара, цо шен цхьа безам болу стаг лоьхийла. Бусанин цIеххьана бIаьргкхийтира, юкъ хецна Iаьржа гIовтал а юьйхина, карахь гIама а йолуш, вогIучу Бештох. Бешто шена гучуваьлчахьана, хIара цкъацкъа елалой, кхуьнан кегий цергаш гучуйовлура, иза шена дукхавезарна, тIаккха цIеххьана, шена хилла цатам дагабогIий делахь а, кхуьнан юьхь, цкъа а ца елаелча санна, елаяла хаъане а ца хууш санна, кхулура. Бусана, корта а оллийна, меллаша йогIура хитIа. Иза, экхан дилхахь а йолуш, дегIана лекхо стаг яра, хана берхIитта шо хирдолуш. Цуьнан сибатах а, иза эсала, догцIена стаг юйла хаарал совнаха, цунна цхьа цатам хиллий хуур дара. Цуьнан когарчу баьццарчу кIархаш тIехула юьйхина ши пошмакх цо, лергех кхозу дашо хьалкханаш гойтуш, тIехьа дихкинчу бекистан йовлакхца цIоьлла къуьйсуш санна яра. Цуьнан когара кIайн ши пазат цуьнан еха коч санна кIайн а яцара. Ойлаеш, еана, ша хийисте кхаьчча, Бусана, шен кIудал охьа а хIоттош, шена тIекхачча воллучу Бештога хьаьжира. Кхунна шена болу цатам цIеххьана бицбелира, хIинццалц а шена ма-хеттара, хIинца а Бешто вогIуш чIогIа хазахетарна. ХIара елакъажарна кхуьнан цIечу беснеш тIе кегий кIаьгнаш хIиттинера.
Бешто, тIехь чоий, гIовтал цхьаьна долуш вацахь а, куц долуш стаг вара, муьлххачу а йоIана везалучу кепара дегI а долуш, массаьрца а велавелла а волуш, зудаберашна, дийцича, тамхуьлу хабар шеца чIогIа а долуш. Къаьсттана хIара зудабераша везаран бахьана хIара нахаца тIекере чIогIа йолуш хиларрий, хIоранна там бан хууш хиларрий, лаца йогIучохь чIогIа яхь лоцуш хиларрий дара.
Бештос, ша Бусанина тIекхаьчча, вела а къежаш, цхьа куьг хаьн тIе а хIоттош, элира:
– Суьйре дика хуьлда хьан, Бусана!
– Далла воьзийла хьо а, – аьлла, Бусана, шен сибатца шена и везар хоуьйтуш, дIахIоьттира.
– Бусана! – аьлла, Бешто юха а вистхилира.
– ХIун бах ахь? – аьлла, Бусана йолчу тIе а елаелира.
– Ас хьайга аьллачуьнан ойла йиний ахь?
– Стенна бах ахь, ва Бешто? – аьлла, Бусанас шен деха охьадеана Iаьржа гиччо лергал тIехьа тесча, Бешто: – давала-кх хьо дуьненан! – олуш, шен карахь ловзо гIама жагIана тIе а язъеш, оьгIаз а вахна, дIахIоьттира.
– Хьуна хIун хилла? Ахь хIун до? Хьо тахана ма оьгIазе ву? – аьлла, Бусана леррина Бештога хьаьжира.
– Суна бахий ахь? – олуш, Бештос, шен тIе чо а балаза Iаьржачу аматехь йогу юьхьа тIе дайн куьг а хьаькхна, къамел дIадолийра:
– Ахь цадинарг суна хилла хIумма а дац… Бусана! Тахна сан хьо йолчу вар хIокху кхаа шарахь айса хьоьга лебинчу меттан муьлххачу а цхьана агIор йистъяккха дагахь ду-кх… Бусана! ДагадогIий хьуна, дуьххьара вайшиъ вовшийн гича, «со къен стаг а ву, вайшиннан гIуллакх вовшашца дика а догIур дац, наггахь соьга са а къерий, IадъIехьа» ас хьайга аьлча, «суна хьан даьхни хьашт дац, сайна дукхавезавелла хьо сайна хилчахьана», – айхьа соь аьлла? Ахь и аьллашехь, сайн ницкъ хууш, со юхаийзавелча а, «тIехьийзачуьра сеца ма сеца, со, мацца еана а, хьоьга йогIуш ю» ала, бохуш, тахханналц айхьа суна тIе зударий лехкар дицделлий хьуна? Ахь сайга, «едда йола ца олуш, сан дега ехийтахьа со» аьлча, ас, молланаш, хьажой вовшах а тоьхна, шена тIе уьш бахкийтича, хьан дас, со къен стаг хиларна, хьо соь цаялар хаьий хьуна, Бусана? – аьлла, Бешто вистхилча, хьалхе дуьйна а тайп-тайпана хийцалуш лаьттачу Бусанин бос дикка байра. Бештос шен къамел юха а дIадолийра:
– Бусана! Хьо чIогIа езарна, сайн къечу цIен тIехь дечу гIуллакхах а ваьлла, дийнахь деш а доцуш, буьйсана наб а йоцуш, корта хьере а хилла, кегийчу нахаца йолчу уьйрах а хаьдда лела-кх со. Ахь айхьа хьуо дукха сайна хьашт хилийтарна, дийнахь сарралц тхешан бешарчу стоьмийн дитташ кIел а вуьжий, хилла кхозучу стоьмашка хIоранге а бохург санна сайн кийра хьо езар бахьана долуш гулъелла гIагIа ялхайо-кх ас… ТIаккха суьйрана, хIинца санна, хьо йолчу вогIий, хьуна а воьлхий, буьйсанан заманчохь стиглахь лепаш кхозучу седарчашка хIоранге бохург санна сайн хьоьгахь болу безам буьйцур-кх ас, хьоьга сайн гIайгIа ялхаяр цаьрга доьхуш. Бакъ ма ду, Бусана, куьг мел говза хиларх, къолам мел шера хиларх, суна хьо дукхаезар цхьаьнгге а язлург цахилар. Хьо езар алсамдуьйлуш, сан дегах хьерчаш лаьтта элпаш, йоккхачу юьртахь дуьстинчу кехат тIе мел говзачу стага йозанца вовшахтийсарх, тарлур ма дацара. Яраббий, хIай сан жима Бусана, оццул чIогIа суна хьо езаш хилча, ма вехьа со хIаллак! ХIокху кхаа шарахь сан наха вийцар тоьар дара-кх!..Со вайн юьрта юккъехула волавелча, маьI-маьIнехь пхьоьгIанаш а йина лаьтта нах, «вайн кIант лакхо-м кхоссавелла» бохуш, сох бийлар тоьар дара-кх! Бусана!.. Дехьа ас бохург, ерзаехьа айхьа сан дагна йина чов! Лоьраша шаьш а йина-х ца ерзайой дархочун чов? Цара-х, шайн хIумма а бехк боццушехь, бо дархочух къинхетам… Бусана! Хьо йоцург, кхин яц-кх сан дагна чевнаш йинарг. Бусана, хьо йоцург, кхин лор вац-кх сан чевнаш ерзо. Шайн бехк болуш санна, бехкала боьлхий хьаьвзачу лоьрашка ла а догIий, бехьа сох къинхетам!.. ДогIахьа жимма соьга ла! – аьлла, цкъа соцунгIа хилла, дIасахьаьжна Бешто, гIелъелла корта а оллийна, чIогIа ладоьгIуш лаьтта Бусана а яйна, шена хилла ницкъ ца лайна делахь а, оьгIаз а вахана, юха а вистхилира:
– Хьо соь йогIурйолуш елахь, тховса-кхана едда маре ян хан йилла еза ахь. И ахь ца дахь, кхидIа хьуна тIехьийза ца лаьа суна, хIунда, сайна хьо дукхаезарх вайшиннах цхьанна цхьа бохам бер бу сайна моттадаларна… Бусана! Тохара юьхьанца, ойла йиний ахь, аьлла, ас хьоьга хаьттинарг и хан йилларан гIуллакх дара. Ас хьуна ойла ян делла кхо де дIа а даьлла, хIинца ахь суна тIаьххьара жоп дала а деза-кх, – аьлла, Бешто сецира. Бусана, шен бIаьргех оьху хин тIадамаш шен коьртарчу цIечу йовлакхан тIомаца дIа а дохуш, йистхилира:
– Бешто, суна хьо мел веза, ас ца дийцича а, хьуна хьайна хаьа-кх. Бакъ ду-кх, хьох яьлча, суна кху дуьненах чам кхетарг цахилар; ма сихлохьа, Бешто, ма яккхахьа со хьайх, тахана тIаьххьара жоп а дехий! Дехьа жимма собар! – аьлла, Бусана, шен елхар Бештона ца хаийта гIерташ, хала къурдаш дан юьйлира. Бешто юха а вистхилира:
– Бусана, нах сайх белар со кхидIа лалурдолуш вац… со кхидIа нахе сайна тIе пIелгаш хьежадойтуш вац. Хьайна луъург дан хьан карахь ду-кх хIара, резавацахь а, ахь динчунна реза ву со, хьайна луъург де-кх…
Жимачу кийрахь ша Iуьллучу Бусанина бIаьргех оьху хи чехка эга доладелира. Иза сихдинна и хиш дIа а дохуш, даккхий къурдаш а деш, меллаша йистхилира:
– Бешто, хIокху дуьненахь уггар боккха бала боьссинчу коьртехь долу хьал сан коьрте догIийла, харцдерг ас хьоьга дуьйцур делахь… Сайна хьо чIогIа везарна цхьана дикане сатуьйсуш, хIинццалц хьоьга дIа ца хоуьйтуш, IадIийнера со… Бешто, вайшинна юккъе чIогIа вон доьлла-кх, – аьллачу Бусанас корта оллийра.
– ХIун ду иза? ХIун ду вайшинна юкъадолаза дисина, суна ца а хууш?.. Дийцал, Бусана, и хIун ду.
– Со-м хьастаха ахь аьлча а, хIинца а и гIуллакх бахьанехь Iарий Iад, хьуна хан ца юьллуш. Со-м хьоьга ян ца луушший, хьо ца везашший ца Iарий.
– ХIун ду и? Схьадийцахьа.
– Ахьа суна и хьайх лачкъадарна бехк а ма билла, хIинцца цхьа кIира хьалха аса тхешан нене, хьоьга яхийта со, аьлла, шайга алийтича, сан вежарша дуйнаш биъна-кх, яхча мегар а дац, йохуьйтур а яц шаьш, аьлла. – Бусана, ша и дийцича, цхьана хенналц елхаран къурдашка яхана, йист ца хилалуш, Iийра. ТIаккха Бештос: – дIадийцахьа, сеца а ца деш, – аьлча, Бусанас шен къамел юха а дIадолийра:
– ХIинца со хьоьга маре еъча, тхан да а тIехь, уьш массо а, схьахетарехь, со ерал хьалха хIума дийрдолуш бац-кх. Хьо везарна, хьоьга ян а лаьара, тхешан нехан дош кхочушда а лаьара… Суна-м ца хаьа, Бешто, хIинца айса хIун дан деза а.
– Дика ду… хIинца хьайн наха хьо соьга ца йоуьйтий, хууш ю-кх хьо… Цул совнаха, ахьа суна мосуьйттазза, соьга йогIур ю, аьлла, дош а ду-кх делла. Тховса я кхана-сара соьга ян хан юьллий ахь?
– Иштта ма алахьа, – аьлла, Бусана, цкъа соцунгIа а хилла, юха а йистхилира: – Бешто, хIинца ма алахьа, хьуна хьайна а гуш ду-кх хIара гIуллакх, ахь цхьажимма собар дахьара, цхьана бахьаница вайшинна цхьа аьтто бала мегара-кх, тохахьа жимма са, – аьлла, шен шуьйра накха чуозош доккха са а доккхуш, Бусанас шен къамел хадийча, цо и долийчхьана а макхвелла лаьттачу Бештос, боккха къурд а беш, элира:
– Бусана! Хьан наха хьо соьга шайн бертахь ца яийта чIагIо йина. Бакъ ду-кх, Бусана, хьуна хIун ду а ца хууш, тховса-кхана бохург санна цара хьо, хьуна хетаре ца хьоьжуш, шайна хеттачу цхьанхьа маре лург хилар, хьайна со веза а везахь, хьашт а делахь, суна хан йиллахьа, Бусана.
– Ма алахьа!
– КхидIа дан а дац хьуна, юьллу ахь, ца юьллу ахь?
– Ма алахьа! Собар дехьа!..
– Делахь-хIета… цхьаьна Iен гIертачу вайшиннан безамна юкъадоьлларг хьан наха чIагIо яран бахьана а хир ду хила-м, амма и чIагIо яран бахьана шун хьоле сан къен бахам цакхачаррий, сан Iаьржа куьйгаш механа говза цахиларрий а-м ду хьуна… ХIумма а дац, Бусана, сан-м хьуна билла бехк бац. Бакъду, суна хьо езарххий, хьуна со везарххий, суо кхидIа-м ца левойту ас, – аьлла, лаьтта хьажначу Бештос, шен когашна юххехь Iуьллу чамхалг схьа а эцна, «тIаьххьара а цкъа хьажа соьга» аьлча санна, Бусане а хьаьжна, «Ма! Ма! Бешто!..» цо боххушехь, шен карара чамхалг, хадош, юккъехула шиъ а еш:
– Кху тайпана хаьдда, кхин хоттадала йиш йоцуш, тахана дуьйна дIадели-кх вайшиннан гIуллакх, – аьлла, шен карара ши дакъа хилла чамхалг охьа а тесна, Бешто, шен ненан докъа тIаьхьа хIоьттинчу кIантачуха корта а оллийна, дIаволавелира.
– Бешто! Ва Бешто! Ца даьлла хьуна вайшиннан гIуллакх дIа! Юхаверзахьа! Хезий хьуна, Бешто? – аьлла лен яьлла Бусана, нахана хазарна ца кхийринехьара, шийлачу маьхьарца тIаьхьа екар яра. Бусана, нехан аларх ца кхийринехь, Бештона тIаьхьа хьодур яра. Иза хьанна а хуур дара цуьнан кхохкаяларх а, цуьнан эгочу дегIах а. Цунна Бешто везий хуур дара, цуьнан даг тIе куьг а диллина, ладоьгIча, цу ладегIа хIоьттинчунна карор дара цуьнан жима дог, куьйрано лаьцча детталун олхазар санна, деттадаларца, цуьнан шуьйрачу некхах леташ. Цуьнан керлачу цIийна Бештон цIийх эн лаьий хуур дара, дала меттиг боцуш, цуьнан дегIан пхенашкахула юткъа тулгIе етташ, хьийза цуьнан керла цIий гича.
Бусана ехха лаьттира Бештона тIаьхьа хьоьжуш. Цуьнан бIаьргех оьху даккхий, мела хин тIадамаш цуьнан горгачу беснеш тIехула керчарца охьаоьгура. Бешто, кхин юха хьаьжна кхуьнан дог дика ца деш, къайлавелира.
Бусана, шен хих буьзна бIаьргаш цкъа чIогIа хьаббина, хи охьа а даьккхина, меллаша охьакхевдина, хийистерчу жагIи тIехь ши дакъа хилла Iуьллу чамхалг схьаэца, шен деллачу беран бедаре хьоьжу нана санна, цкъа леррина еха цуьнга а хьаьжна: «Иштта-м хирг хир дац. ХIан-хIа, тхойшиъ иштта къаста-м йиш яц», – аьлла, меллаша и чамхалг охьа хецна, ца догIучу дагца, набарна санна, ойланашна хьегIаш, меллаш шен кIудал хих юьзна белша тIе а яьккхина, дайчу боларца цIа яхара.

IV

Бусанин да Хизар – наха къонах ву а олуш, нахана юккъехь дош а лелаш, къаьсттана чIогIа уьйр совдегаршца а йолуш, ша а дика таро йолуш а волуш къена стаг вара, ханна 60 шо хирдолуш. Иза лохачу дегIахь вара, газанан маж а йолуш. И жима кIайн маж цо наггахь бен ца лоргура, тIеяларна иза башха чехка йоцу дела. Хизарна вуно шера хаьара, наха шена къонаха ву олий. Иза даима шен цIе яккхар нахалахь даржар алсамдалар лууш а вара, цуьнан ойла чIогIа еш а вара. Наха шена «дика къонаха ву», «дика стаг ву» аьлча, Хизар хьанна а шен ницкъ кхочу гIуллакх деш а, дийрдолуш а вара, кисанна зен доцуш иза хилчахьана. Хизарна наха къонаха ву алар хIара массо адамал майра волушший, къечу стагах кхо къинхетам бешший, шена халахетийтича стаг кхуо вуьйшший, шен доьзалшна лууш дерг дешший, царна бан богIу там кхуо бешший, хIара бIаьрмециг воцушший дацара. И дара хIара шен дош кхочушдеш хиларний, нохчийн Iадат кхуо чIогIа леладарний, дин кхуо дика леладарний.
Хизарна хьал а дезара, наханачул дукха аьлла, делахь а кхуьнан кIорггера механ говзалла яцара, говзалла яцахь а, Хизаран кIа ору машен а яря, хIора шарахь даа а, дохка а кIа а доккхуш, цул совнаха, кхуьнан уй доху чарх а яра, шиъ хьер а яра. Хизар, кхунна шений дайна, хIумма а хала вехаш вацара. Иза, ша къена велахь а, вижина ца Iуьллура, шен кертахь дан хIума доцуш ша висча, шен хIера а воьдий, хьархочуьнца цхьаццанхьа Iитталуш воллура. Дан хIума доцуш ша висча, кхуьнан сагатлора. Мичча хена а арахь бан Iаьржа болх-м бара кхунна, делахь а кхуо и бан-м ца бора. Цу балхах кхуьнан тоххара догдаьллера. Кхуо арара болх ца бен хIинца итт шо кхаьчнера. Кхуо хIинца а арахь ялта ден-м доьра – бархI уьрда тIе хьаьжкIаш а, итт урд кIа а, амма и ялта кхуо, белхий бой, я мехах чудерзадойтура. Итт шо хьалха Хизар арара болх гIеххьа беш вара, и болх бан шен гIирс кIеззиггий, ледарий хиларна. Кхуьнан цхьа ирс хилира – хIинца а кху юьртахь наха ма-аллара, хIора йоI хаза кхуьуш хилар. Кхуо Бусане нийсса хаза хьалакхиъна шен ши йоI таронаш йолчу нахе маре яхийтира. Цу наха кхуьнан ши йоI, кхунна хьеста а луш, йига а йигира, и шиъ юьртахь гIараяьлла хаза хиларна. Ша уьш маре луш, Хизара цаьрга, шуна лаьий, ца лаьий, аьлла, хеттарш ца дира, уьш а, дас аьлларг ца дича девр дац шаьш, аьлла, Хизарна, чIогIа са а туьйсуш, лоьхуш карийнчу маре бахара, шаьш реза ца хиларна тийжарца белха а боьлхуш. И ши йоI маре яхна, Хизарна дукха ахчанца там беара. Цу томех кхуьнан бахам дикка айбабелира. ТIаккха дуьйна Хизар, шайн захалшца чIогIа уьйр а тесна, меха велира, цул тIаьхьа дукха хан ялале кхуо кIа ору машина ийцира, цо дикка пайна шена тIебеъча, уй доху чарх йиллира, цу чархо а кхунна дикка тIе хIума еара, тIаккха дукха хан ялале кхуо хьер а йиллира. Мухха а, Хизаран бахам хIетахь дуьйна тIаьхь-тIаьхьарчу дийнахь айалуш, стамлуш, толуш схьабогIура.
ХIинца шен карахь йолчу Бусанех а чIогIа воккхавеш вара Хизар, иза а цхьана совдегаре дIанисйийр ю ша, бохуш. Цунна Бусана вукхушина йоIал а чIогIа хаза хетара. ХIара хIумма а шек вацара важа ши йоI бахьанехь шен гергарло тасаделлачу совдегарел Бусана юьгуерг шозза а таро йолуш хир вац аьлла. Хизарна, араволуш а, маьждиге воьдуш а, Бусанех шен бIаьрг ма-кхийтти, сурт хIуттура совдегарш болчу баккхийчу а, кегийчу а наха детин, дешин ахчанах дуьззина тIоьрмигаш шега кхийдош: «ХIан, хIара деши ду хьуна! ХIан, хIара дети ду хьуна! Рема езий?.. – Рема ю хьуна! Жа дезий? – Жа ду хьуна! Терзан тIе яккха хьайн Бусана, цо ма-уззу детий, деший, даьхний ду хьуна! Хьуна дезарг кху дуьненахь хьан ду-кх! Схьалохьа Бусана, дIаэцахьа дети! ДIаэцахьа деши! Хьо а, хьан керт а оха детица кхолур ю, Бусана оха дешица кхолур ю», – бохуш.
И сурт шена дуьхьалтесча, Хизар, шега ца ягIахь а, йовхарш а йой, хазахетарца дагах гилгаш а дуьйлуш, ша гуттар а ма-диллара, тIехьа ши куьг а дуьллий, шен гIуллакхе дIавоьдура.
Бусана хитIара чуйогIуш, Хизар шайн доккхачу сирлачу цIа чохь ламаз оьцуш воллура, нарана йисте а хиъна, шен дуткъийчу пхьаьрсийн гоьлел лакха доккхуш, Iаьржачу гIовталан ши пхьош хьала карчийна, пхьаьрсаш дилина а ваьлла, ангали санна, лепачу шен баьшначу коьртан хьаьж тIе хи хьокхуш воллучу Хизаран, пхьаьрсах кIудал а тесна, чуяьллачу Бусанех бIаьргкхийтира. ТIаккха кхуна цIеххьана дуьхьалтесира кIайчу куьйгашца шега детин, дешин ахчанах дуьззина тIоьрмигаш кхийдош. И шена дуьхьалтесча, кхунна хьаьж тIе хи хьокхуш ша доьшуш дерг дицделира, хIокхо – оллохIум… шаIари… оллохIум шаIари…оллохIумма хьарим шаIре! – бохуш, юх-юха доьшуш, иза вуно хала дийшира. Хизарна Бусана бахьанехь шен хьал алсамдалар лаахь а, Бусанина башха вон маре нислойла ца лаьара, цо кест-кеста олура: «Хьал долуш а волуш, Бусанина гIеххьа жима а волуш, цхьа стаг нислахьара, сан гIуллакх вон хир дацара… Амма, бакъдерг аьлча, хьал алсам а долуш, динна дика а волуш стаг нислахь, и къена варий, чолакх варий аьлла ца Iаш, ас Бусана дIа-м лур ю… ХIунда? Дуьненахь Бусанина хьега дика а хирдолу дела, къематан дийнахь и декъала а хирйолу дела.»
Бусана, неIара юххехь могIара лаьттачу кIудалшна юххе шегара кIудал охьа а хIоттийна, тховх кхозу баьццара лампа а латийна, шайн оти чу яхара. Оти чохь Iаьржа яра, куьйгаш хьоькхуш, кора тIе а яхана, Бусанас кху чуьра лампа а латийра. Кху чохь цIеххьана серлаевлира, сен сурт тIехь а долуш пенах боллучу куза тIехула кхозу кхелина туррий, кхелина нохчийн тапчий, кхелина шаьлтий. Оцу заманчохь кхарна генадоцчу жамIатан маьждигехь маьркIажан молла кхайкхира: «ОллохIу акбар!.. ОллохIу акбар!.. ОллохIу акбар!..» – аьлла. Логера веттанаш дIадохка ца ларош, Хизар шен къеначу боларца маьждиге хьаьдира. Арахь маь-маьIIехула чехкачу боларшца ламазе оьхуш гуш Хизар санна а, цул къена а, кхин баккхий а нах бара.

V

Бусанин ВахIид, Хьасан боху шалавина ши ваша шайн хьераш тIе вахана цIахь вацара. И шиъ цIахь волуш Бусанас цкъа а шен пондар ца озабора, цу шиннах бехк хеташ. Тахана и шиъ цIахь а воцуш, Хизар маьждиге а вахана, ша паргIато хетта Бусана, шайн оти чохь цкъа нара тIе бертал а йоьжна, Бештон, шен хиллачу къамелан ойла а йина, кора тIехь лаьтта кехатан пондар схьа а эцна, и лакха йолаелира. Цо лоькхург гIийла йиш яра. Цо лоькху йиш Бештона лоькхура:

Хьо гIийла вацара суна гергахь,
Хьо везар алсам соьца ду,
Хьашт дацара суна сайн нехан кхел.
ХIун де аса, Бешто? Догдоьхна йиси.
Хьо бен ма вацара сан дог лаха,
Хьо бен ма вацара сан чарх Iехо,
Сайн наха бина барт хьашт дацара суна-м,
Елла яла со, хIун де ас, Бешто?
Хьо къен ву, бохуш, бIаьргаш хьуна къерзадо,
Совдегар вац, бохуш, хьо юьстахтуьтту,
Сан гIийлачу дагана совдегар хьо вара,
Сан мерзачу синна дерриг деши хьо дара.
Хьох яьлла со йисахь, лаьттан кийра гIойла,
Хьох къаьстина со йисахь, марчош юкъа юьллийла.

Бусанас ехха лийкхира и йиш, цо, пондар охьа а биллина, шен хих буьзна бIаьргаш а цIанбина, нара тIе бертал а йоьжна, юха а ойла йира, тIаккха, охьа а хиъна, ша-шега элира:
«ХIун хуьлура-теша сан дена а, вежаршна а, со Бештога маре яхийтича? Бешто къен хилар бен, стаг воцуш а ма вацара, гIиллакх а цуьнца чIогIа ма дара, нахаца тIекере а цуьнан чIогIа ма яра. ТIе, нах а безаш, чIогIа догцIена стаг ма вара и.. Ма суна хьашт дацара-кх цуьнан доцу даьхний, хьаллий, и ша сайна хилчахьана. Болх цуьнга балуш бу, соьга а иза балур бара, тхаьшшинна хаза болх а беш, деха долу тхойшиъ хIунда ца кхоьтуьйту-техьа кхара вовшах?». Бусанина шаьш итт шо хьалха хьегна хало ца йицъеллера. Кхунна вуно шера хаьара, шайн да хьалдолуш шен ши йиша бахьанехь хиллийла, кхунна кест-кеста дуьхьалтосура – кхо бутт юкъа ца болуьйтуш, шен ши йиша Хизарас маре луш, и шиъ, ша жима йоллушехь, шена тIе а етталуш, тийжаш, елхар. И сурт шена дуьхьалтесча, Бусана кхералора, кхуо наггахь ша-шега олура: «Со а , и шиъ санна, юхкур ю-кх сан дас». И дешнаш Бусанин даго хьоьхуш дара. ХIинца, ша Бештога маре лур яц аьлла, шен вежарша дуйнаш биъчахьана, Бусана гуттар а чIогIа тешна яра, и дуйнаш цара шен ден а бертахь баарна, шен дас ша а цхьана совдегарна йохка мега, аьлла. ХIара цу гIуллакхан ойла чIогIа еш яра, масийтта зудчух дагаяьллера, Бештога хIун дича яхалур яра-теша ша, шайн нах бертахь а болуш, аьлла. Дукхахболчу зударша кхунна жоп делира: «Хьайн наха аьлларг ахьа ца дича, яла а, йола а меттиг хир бац хьан», – аьлла. Цхьаболчуша элира кхуьнга: «Маре дац, шен везачу стагца дацахь. Хьуо ехь а, хьайна а везаш, хьо а езашволчу стаге маре гIо хьо», – аьлла. И къамел Бусанина чIогIа товш а, дезаш а дара. Кхуо наггахь олура: «Со юьйр елахь а, гIур ма ю со Бештога». Амма цIеххьана ВахIида шена шаьлта ойуш сурт а хIуттий, «нохчийн Iадат ду-кх стаг атта вуьйш, юьйр ю-кх со кхара, бежнахчул башха къа ца хеташ», – олий, Бусана, шина а куьйга корта а лоций, елха хуура.

VI

Арахь гIеххьа Iаьржа яра. Стиглахь наггахь гуш седарчий а дара. Байн хьоькхуш мох а бара, цо хазош юьрта йистехь а, эвла юккъехь а летачу жIаьлийн гIовгIанаш а яра, наггахь хезаш берийн маьхьарий а дара.
Ламазера арабевлла баккхий нах шайн молла а, Хизар а юкъахь маьждига хьалха лаьтташ бара, цхьацца къамелаш деш. Дикка лаьттира уьш цу тайпана. ТIаккха дIасабекъабала вовшашка куьйгаш луш, куьпан молла вистхилира:
– Хизар хьо дIа ма гIолахь, хьоьца дан жимма къамел ду хьуна сан.
– ХIоккхуза соцу со-м, – аьлла, Хизар, жимма сехьо а ваьлла, сецира. ТIаккха шен къамел дан молла шена тIевеъча, Хизар юха а вистхилира:
– ТIеян йоллучух тера ю вайна, тхан цигахь дан мегар дацара ахь хьайн къамел? – аьлла.
– Дика мегар ду, – моллас аьлча, Хизар и, молла а эцна, цIехьа волавелира.
ХIара шиъ чу кхаьчна, нара тIехь чучча когаш а бехкина Iен дукха хан ялале Бусанас, кхаьрга цкъа куьйгаш а дилийтина, кхарна хьалха къорза шаршу тесна, чIепалгаш деара, юха дехьа чу а яхана, зезаган сурташ тIехь долчу стаканаш чохь шекаран чай деара. ЧIепалгаш Хизиран дааршлахь уггаре хаьржина даар дара, уьш мерза хеташ а, шен цергаш яцарна даа атта хеташ а.
ХIума йиъна ваьлча, кху шимма шаьшшиннан хьена куьйгаш маьхьсийх хьаькхира. ТIаккха моллас: «Элхьамду-лиллахIи-раббил-Iаламин!» – аьлла, куьйгаш айича, цунна тIаьххье куьйгаш Хизара а айира. Шаьш доIа дина ваьлча., Хизара – «хIорш дIаяха!» – аьлла, мохь а тоьхна, схьаеанчу Бусанас кхарна хьалхара пхьегIаш дIаехира.
ХIара шиъ цхьацца къамелаш деш дикка Iийра, тIаккха моллас, шен даьIахкийн юьхьа тIера лергинчу кIайчу можах куьг а хьаькхна элира:
– Хизар! Сайн хьоьца долу гIуллакх дийцича хIун дара-теша ас?
– Дийца, дийцича бакъахьа ду.
– Ас хьайга аьллачунна ахь цкъа а дуьхьало ца ярна делахь а, я цхьа пайда боцу гIуллакхаш ца лоьруш хьо вуьззина къонаха а, нохчо а хеташ делахь а, суна тIедиллина цхьа гIуллакх ду-кх, хьоьга хьахо со декхарийла вожош, масала, ахь суна и дийца пурба лахь.
– Хьуна пурба ца делча сан-м йиш яц, молла, пурба ду хьуна, дийца хьайн гIуллакх, – аьлла, Хизар велакъежира. «ХIо…ОххIо…хIо…», – аьлла, йовхарш а йина, цIен басар хьаькхначу цIенкъа гIеххьа туй а кхоьссина, моллас шен къамел дIадолийра:
– Хизар, и жа долу Маса ву-кх хьан йоIе безам болуш… цкъа шуьга а веана, хьан сискалах ша кхетарна, хьох чIогIа бехк хеташ вара иза. Вайна ма-хаъара, иза, хIара вайн ахюрт эццал жа а долуш, лелош мах а болуш, хIокху юьртахь массарел таро йолуш а, дика стаг ву. Динца а иза молланашка нийсса чIогIа ву, тIе, ша нахана новкъа ца гIерташ, эсала стаг а ву. Цхьабакъду, шун йоIана дика хетар доцуш цхьаъ ду – цуьнан бухахь зуда хилар а, боккха доьзал хилар а, и къено хилар а. Иза а, суна хеташ, хIумма а новкъа дац-кх, хьан йоIана дуьненахь хьега дика долу дела, тIе, Маса шеца дин чIогIа долуш хиларна, хьан йоI эхартахь декъала а хирйолу дела. Хизар, со юкъара ву хьуна, хьан йоIана цо шен доьзаллий, зудий новкъа хуьлуьйтург цахиларна. Баккъалла а бакъду хьуна Маса хьан йоI дукхаезаш а, хьоьца долу гергарло дезаш а хилар а. И гIуллакх дара-кх со хьоьга ала воллург а, суна чIогIа тIедиллинарг а. ХIинца ахь цу тIехь сайн юьхькIаййийр ю моьтту суна, баккъал аьлча, ас хьуна тIедеана гIуллакх-м хьуна зенехь а дац. Маса-м захало хила дезаш а, хила мегар долуш а бакъахьара стаг вай, – аьлла, моллас, жимма вела а къежна, шен кIайчу обанан тIам чухула агIорхьара мерах а хаькхира.
Моллас дуьйцучуьнга ладоьгIуш, ойланашка вахана Iачу Хизарна цкъа дуьхьалтосура 55 шерера волу Маса, шен баьллачу бIаьрга тIе куй а тоьттуш, шен ехачу Iаьржачу можа тIе куьг а хьоькхуш: «Хизар, хIинца дуьйна мах а, кхидолу гIуллакхаш а цхьаьна лелор ду вайшимма, кху пхи эзар жах хьайна луъург дан хьуна бакъо ели ас», – бохуш. ТIаккха дуьхьалтосура кхунна Бусана, бIаьргаш а цIийбина: «Иза-х, сан денда хила а мегар долуш, воккха стаг ву, цу бIаьрг баьллачу жIаьле ахь со хIунда ло? Аса айса-сайна-м тухур ю хьуна», – бохуш, шийла мохь хьоькхуш.
«Хизар, хьо ма чIогIа гIелвели», – аьлла молла юха а вистхилча, охьатаьIна Iен Хизар, набархаволу стаг санна, хьала а таьIаш, «со бах ахь? – аьлла, шен коьртара лекха Iаьржа куй дIа а боккхуш, юха а вистхилира:
– Молла, и-м харцахьа гIуллакх дац. Делахь а, хIинца хIара гIуллакх дохьуш сайна дуьхьалвеанарг хьо воцуш кхин хилча, ас йоIе а хаттийтина бен дийрдоцуш-м дара. Хьан юьхь ца йича тхо девр дац, тхуна тIехь декхар ду хьуна лиънарг кхочушдар. Молла! Масина и йоI боху шайтIа резадацахь а, хьан дуьхьа со и гIуллакх деш ву-кх.
– Делахь, хьайн йоI Бусана Масе маре яла суна дош ло-кх ахьа, Хизар?
– Ло-кх аса хьуна, молла, и дош.
– Дела резахуьлда хьуна! – аьлла, молла хазахетарца жимма велакъежира, цунна дуьхьалтесира Масас, хIара гIуллакх кхочушхилахь, шена лур ду аьлла итт туьман кехат, хIинца Масас, вела а воьлуш, шега схьакхийдош. Цул тIаьхьа моллас «хIо…-оххIо…-хIо…» – аьлла, йовхарш а йина, кхин къамел долийра, тIаккха, дукха хан ялале пхьуьйран ламазна кхайкха деза шен, моллас а аьлла, хIара шиъ, ламазе воьду, аьлла, аравелира, пхи минот ялале молла кхойкху а хезира:
– ОллохIу-акбар!.. оллохIу-акбар!.. оллохIу-акбар! ОллохIу-акбар!
И кхойкхуш волу молла шена хуьлудолчу итт туьман кехатах воккхавеш вара. Цо ол-олург а олуш лаьтта Хизар а хIара керла захало бахьанехь шен гуллундолчу хьолах воккхавеш вара, шена и захало бакъахьа хетар моллех лачкъа а дина.
Тховсалера пхьуьйра хан кху шинна воккхавер дохьуш хIоьттинехь а, цхьа адам халла дечу къурдашца гIийла тийжо мегаш-м яра. Масане стаг хир ву, шена дика болх хилчахьана, шен гергара цIий хеназа, маьIана доцуш дукъадаларх бен ца хеташ… Иштта адамаш дан а ду, уьш Нохчийчохь къаьсттина дукха а ду.

VII

ШолгIачу дийнахь Бусанина шен ненехула хиира, ша Масега маре яла Хизара дош деллий. Бусана, шега и дийцича, мохь а хьаькхна, оти чу а яхана, ехха йилхира. Иза, цхьа цомгуш стаг санна, хьегIаш йисинера, цуьнан бос макхбеллера. Иза, цкъа а ца елаелча санна, елаялар хIун ду ца хууш санна, олла а елла йисинера. Цо кест-кеста: « Хизарас дош-м делла, со гIура-м яц Масега. Аса айса-сайна тухур ю, со цуьнга лахь. Со кху дуьненахь ехар яц, суо цу къанделлачу гужамана йохкахь»
Бусанина дийнахь а, буса а гIена къоьлах а дуьхьалтуьйсура къена Маса, «Бусана! Схьахилахьа, суна-м хьо, хIинца санна, гуттар а дукхаезар яй. ДIа ма гIертахьа, ма гIертахьа дIа. Кху дуьненахь хьуна дезарг хьан ду-кх… Оцу вайн пхи эзар жан да хьо ю-кх» – бохуш, къеначу Масас шен хебаршка ихина, тIера кховраш дийлладолу куьйгаш шена тIекхийдош. Оцу тайпана сурт Бусанина кест-кеста хIуттура, хIара, кхералой, мохь а хьокхий, Iадийча санна юьсура.
Бусанас шен ненехула Хизаре дIахаийтира ша Масега гIуриг цахилар а, цуьнга яха шена цалаар а. Хизар цу дешнашна чIогIа оьгIазваханера, цунна дагадогIура: «ХIун, сан дош кхочушший!» дийр ду! Сан дош доха йиш яц! Сан наха юккъехь лела деза. Сан нахе сайна тIе пIелгаш хьежадайта йиш яц!»
ХIинца Бусана хIитIа а ца йоьдура, шайн кел ара а ца йолура. Иза, лаьцна стаг санна, гIайгIано лаьцна, чохь йиснера, дийнахь а, буса а бохург санна елха а йоьлхуш.
Хизара Бусана Масе маре лур ю аьлла ши кIира даьллачу заманчохь, цхьана дийнахь, туьха а туьйсуш, кхекхий шайн кертахь малхе туьйсуш воллучу ВахIидний, Хьасанний, шаьшшиъ цецвоккхуш, шайна чуьра шийла мохь хезира: «Вай, Везан Дела, ас хIун дийр ду!» – бохуш.
ХIара шиъ, хьала а иккхина, шайн чу хьаьдира, шаьшшиннан хьаладина пхьуьйшаш охьа а керчош. И шиъ хIинцца меракIелош Iаржъелла йогIуш вара, хьанна ткъатткъа шо сов хирдолуш, кIайчу аматахь а волуш, тIехьаьжча, ханна а Бусанин ши ваша вуйла а хуурдолуш, Бусанин санна, Iаьржа бIаьрг-цкъоцкъам а долуш.
Шайн оти чу ваьлча, ВахIидний, Хьасанний, нара тIе бертал а йоьжна, шийла мохь хьоькхуш Бусана а гира, шен кегийра бIаьргаш а цIийбина, цунна улло лаьтташ шайн къена нана а гира.
Бусанина хIинцца шен нанас Амантас дийцинера, тховса и Масина дIайига нах богIу, аьлла. Бусана цу дешнаша ягийнера, иза чIогIа холча а хIоьттинера. Бусанас, шен ден дош кхочушдийр дац ша, бохуш, ен дуьхьало а, и тховса юьгийла а хуушволу ВахIид, Бусанина тIекхетта, пхьарс а лаьцна, охьа а хаийна, тIечевхира:
– ХIун хилла хьуна, ва вир? Стенна цIийза хьо… Иммансиз!.. ас хIокху Делан сохьта партъаьлла и са доккхур ду хьан! Сацийта!.. Сацийта, бохий ас-м хьоьга, ва гIам!
– Дош дан а, КъорIанара, дацара хьан корта, хьовззийна, схьа ца баьккхича, – аьлла, Хьасан а тIечевхира.
Кхеран нана Аманта, шен кIенташка йистхила а ца яьхьаш, меллаша ара а яьлла, дехьачу а яхана, шен йоIана хуьлчу ницкъана елха хиира.
Бусана йоьлхучуьра тийра. Амма цуьнан бIаьргех оьху хиш совца-м ца туьгура, уьш тIаьхь-тIаьхьа луьста оьгура. Кхунна Бешто а, цо шега баьхнарг а дуьхьалтуьйсура, хIара чIогIа дохкояьллера, тоххара Бештога едда маре ца яхана. Бусанас шен дас Масега маре яла дош деллачул тIаьхьа а ехха ойлайира. Бештога едда маре яха, амма, вежарша ша ерна а кхераелла, Iадда-м Iийра.
Бусана чеха а йина, араваьллачу ВахIида Хьасане элира:
– Тховса хIара дIайига уьш схьабагIахь, кхуо цхьа юьхьIаьржо ярна кхерам бу, и кхекхий дIаса а листина, йиттина а, човхийна а, хьаьстина а, уьш бахкале, Бусана кечъян еза вай.
– Тховса билггал бахка мукъана а богIий уьш? – аьлла, Хьасан вистхилча, ВахIида юха а элира:
– Тховса бахка-м муххале а богIура уьш. Билггал бакъ ду хьуна, Хьасан, Бусана цаьрга яха а ца йоьдуш, цо вай тховса юьхьIаьржахIиттадахь, ас и ерал хьалха хIума дийриг цахилар…Айхьа ойла ехьа. Хизара делла дош цо дохийча, ен ца йийна, кхин хIун дийр дара цунна?
– Иза бакъ ду… кхуо дуьхьало яхь, наха вайна дуьйцудерш гуш ду-кх вайна… – аьлла, ВахIидана тIехьа хIоьттина вогIушволу Хьасан, цул хьалха а иккхина, шайн кхекхашна тIе вахара.
VIII

Шаьш кхекхий малхе тийсина девлча, ВахIида, зударшка олуьйтуш, шайн нене олуьйтуш, Бусана ехха хьистира. Амма иза тIеерза-м ца туьгура. Йо олура: «Со е! Со цуьнга ца йоьду!»
Бусана тIеерза ца туьгий хиинчу ВахIидий, Хьасаний, чу а иккхина, Бусанина ехха йиттира, цуьнан дегI дерриге а Iарждеш. Бусана чIогIа ша ерна кхоьрура, делахь а, Масега ца яха, яла а реза-м яра.
Дукха йилхина, легаш а гIаргIделла, юьхь а йистина, нара тIе йоьжна Iуьллу Бусана чIогIа ойланаш еш Iуьллура. Бусана дааза-малаза юьзна яра, кхунна Бешто дагара ца волура. Ойланаш еш Iуьллучу кхунна цIеххьана цхьа хIума дагадеара. И шена дагадеача, хIара берахь дуьйна шеца кхиина, хIокху сохьта жеро а йолуш йолчу шайн лулахо Эшарп йолчу яхара, шайн кертарчех лечкъина.

Бусана чуяьлча, Эшарп цIечу тIаьрсиган кIархаш тоьгуш Iаш яра, коре а хиъна, чухьоьжучу малха дуьхьал киса а оьзна.
– Хьуна хIун хилла, ва Бусана? – аьлла, Эшарп, шен тегар а дитна, хьалаиккхира. Бусана, цунна хьалха а йоьжна, ехха йилхира, Эшарпа ма елха а бохуш, хилларг а хоьттуш.
ТIаьххьара а Бусанас, хьала а гIаьттина, шен коьртара Iаьржа кортали Эшарпан кара а тухуш, дехар дира.:
– Хьайн Делан а дуьхьа, элчанан а дуьхьа де суна аса боху гIуллакх!.. Эшарп, хIинца ахь суна накъосталла ца дахь, со хIаллакьхуьлу-кх, дехьа, Эшарп, суна накъосталла!.. Тховса со Масе дIало-кх, яккхахьа со балех хьалха!
– Вай дера дийр ду-кх, Бусана, сайга далург-м, хIун де ас, Бусана? Ахь бохург со деш ю-кх, – аьлла, Эшарп, хьеран тIулг санна, аьгна йолу шен юьхь жимма ела а къажийна, юха а йистхилира. – Ас хIун дича бакъахьа хета хьуна, схьадийцахьа, Бусана, хIун де ас?
– Эшарп! ХIуъу дай а, Бештох цхьа-ши дош дIатоха хьажахьа, хьуо тешачу цхьана стагехула делахь а, я айхьа делахь а.
– Ас и дича, хьан гIуллакх кхочушхуьлий?
– Хуьлу хьуна, Эшарп, тIаккха сан гIуллакх кхочушхуьлу хьуна.
– И-м хала гIуллакх дац, Бусана, схьадийца, хIун ду иза. И-м ас хIокху сохьта цунах дIатухур ду хьуна.
– Эшарп! – аьлла, Бусана, елхаран къурдаш а деш, юха а йистхилира. – Со, Масе а яхана, яха ца хаа, Бештога а яхана, суо ейта реза ю-кх. Тховса со Масина йига нах богIу, со тховса, уьш бахкале а, баьхкича а, сайн аьтто ма-белли, тхешан беша а еана, керта йистехь ша лаьттачу такхора юккъе йоьр ю, хьайна со еза а езахь, аса айса-сайна тухийла а ца лаахь, Бештога, ван а воле, тховса цу ас буьйцучу такхора юккъехь со ларъе алахьа… Эшарп! Хьоьга баха гIуллакх доцу дела а, сайна хIинццалц а вайшинна юккъехь мел тешам лаьттина , хуу дела а ас хьоьга хIара гIуллакх ма хьахаде а ца олу.
– Ас и дуьйцу, ца дуьйцу-м тIаьхьа бен хуур дац хьуна. Ас суо яла ца леш йисахь, и гIуллакх Бештох дIатухур ду хьуна, цунна ахьа хIумма а са ма гатде, хIинца чехкка цIа а гIо, цIеранаш вайшиннах шекбовлале, – Эшарпа аьлча, Бусана, къевллина иза мара а йоьллина: «Эшарп! Эшарп! Со хьох тешна ю-кх», – аьлла, шен корталица юьхь дIа а лачкъийна, чехкка цIа яхара. Цуьнан дог тахана Iуьйранначул дикка паргIатдаьллера.

IX

Эшарп, кIархаш, пазаташ тIедуьйхина а яьлла, шен можа кортали дIатуьллуш йоллуш, хIара йолчу чувелира кхуьнан шича а, Бештон доттагIа а волу жима стаг Бета: «Дика мел дерш кху чу… Хьо хьуо ма ю, Эшарп? Стенга бахана шун къонахий?» – аьлла.
– Уьш бохий ахь?.. Уьш балха бахана бу-кх, – аьлла, Эшарп, ела а къежна, юха а йистхилира. – Ма дика ду, Бета, хьо вогIуш… ХIинца хуур ду-кх, хьуна хьайн доттагIа Бешто мел веза…
– ХIунда бах ахь? ХIун хилла хIинца? – аьлла, Бетас даиманна а цхьаъ вистхилча шен долчу гIиллакхца жимма корта а таIош, шен хьаьрса жима мекх схьалецира.
– Хьайн доттагIчунна накъосталла дан лаьий хьуна? – аьлла, Эшарп елакъежира.
– Лаьа, КъорIанора, ахьа-м доттагIчунна боху, доттагIа воцчунна а-м суна накъосталла дан!..
Эшарпа, шенчул атта Бетин аьтто хирбуйла хууш а, иза Бештон воцуш ца тору накъост вуйла хууш а, Бусанас шега аьлларг, башха дукха ца дестош, дIадийцира. И шега дийцича, Бусана бахьанехь Бешто хIинца а сагатдеш вуйла хууш волу Бета, шена хезинчух боккха кхаъ хилла, – хIара хаза кхаъ, тIерачу Дала со вен ца вехь, аса Бештога дIабуьйцур бу, тIе, со цунна юххехь а хир ву, – аьлла, Бета чехкка араиккхира.
Готтачу урамехула, мох санна, хьаьдда вогIучу Бетина дуьхьалкхийтира Бештон маьхча Зикара.
– Бешто цIахь вуй? – аьлла, Бетас хаттар дича, башха боларна чехка а воцчу Зикарс, шен Iаьржачу доккхачу куьйгаца мара а цIанбина, – вац, хIун дора ахьа цунах?.. – элира
– Стенга вахана иза? Цхьа чехка гIуллакх дара-кх сан цуьнца!
– ХIокху кIиранах ша марзвеллачу кIотара вахана ву-кх иза хIинца а.
– Билггала ваханий иза, хаьий хьуна?
– Дера, вахана-кх соьгара верта а эцна, Хедижатца ирахьIен воьду ша, аьлла, дIа-м. тIе, цуьнан нана шен цамгарна жимма чIагIъелла хиларна, хIинца со и цIа вало ваха тхешан говр кечъян воьдуш а ма ву.
– Ой, цIехала хьо белхан делаI, ма дош дацара-кх хIара дан-м ткъа! – аьлла, Бетас, цкъа соцунгIа а хилла, юха а Зикаре ма-дарра Бештоца доллу гIуллакх дIа а дийцина, элира: – Хьан говр цу орца кIотара йига сов гIийла ю, со хIокху сохьта тхешан говрахь цунна тIаьхьа гIур ву. Тхойшиъ цIа мича хена кхочур, ца хаьа суна, тхоьга ца хьоьжуш, хьайн ваша Хьамид а, сан ваша Решид а эций, маьркIажан бода къовлабеллачул тIаьхьа Бусанас ша хир ю аьллачу такхора юххехь и ларъелаш. Тхойшиъ а, кхиахь, тIевогIур ву шуна, – аьлла, Бета чехка дIаиккхира, Зикар а, шен кIезиг болар чехка а даьккхина, цIехьа вахара, шена тIедиллинчу гIуллакхна кечо ян.
Шайн керта кхаьчна Бета, воьддушехь божал чу а вахана, шен Iаьржа дин араозийна, цунна нуьйр а тиллина, чувахана шегара кхелина шаьлта охьайиллина, Iаьржа кечъеш ЖугIартахь йина шаьлта схьаэцна, чуьра схьаозош, цуьнан иралле а хьаьжна, верта а эцна, араиккхира. Бета чехконца, верта гIонжакъе а дихкина, «ХIун до ахьа, жIаьла, хIинца а цхьанахьа тIехь Iен доьду хир ду хьо!» – бохуш, шен дас корехула чуьра ара мохь бетташехь, «хIинцца схьавогIу со-м», – аьлла, чехконца говра тIе а хиъна, кех иккхира. Иза цу тайпана чехка юьртах а иккхина, къайлавелира.

X

Орца кIотарахь, цхьана лохачу, жимачу цIа чохь Хедижатца ирахьIен Бешто дикка шен сакъерало а моттуьйтуш, йоIаца чIогIа хабар дуьйцуш вара, гоьл тIе ког а баьккхина, цигаьрка а уьйзуш. ХIара шиъ наран шина маьIIе а хиъна Iара, кху шинна юккъе хиъна цхьа жима йоI яра, ханна итт шо хирдолуш. Цу йоьIан кху шимма дуьйцучух са ца къералора, иза наггахь набарна охьайоьдура, амма юххе Iачу Хедижата, шен дилхе цIечу куьйгаца муьшка а йой, сама-м йоккхура.
Бешто, шен нанас, ша ялале зуда ялае, аьлла, шега дехар дарна, Бусана шега ца еъча, цхьана а зудчух шен чам кхетар боццушехь, кху Хедижатана тIехьаьвзинера, хIара, ша санна, къен хиларна, атта шега йогIур ю, моьттуш. Амма Хедижата а кхунна жимма куралла йора, шен йиша а цхьана дукха бежнаш долчу стага йигча, ша а иштта цхьана таро йолчу стага юьгур ю моьттуш. Ца хаьа, Хедижатана моьттург чекхдер ду, дац-м. Бакъду, Хедижат шен маре яхана йиша санна хазам яцара. Хаза цахиларх-м зуда юьгуш ду. Безамо хазалла ца лоьху – «хазалла-сарралц, дикалла – валлалц» бохуш ду дан-м, делахь а Хедижатан салаьттачу наха, хьеран тIулг санна, аьгна йолу кхуьнан юьхь ца лоьхий-техьа аьлла шеко-м яра.

XI

– Ца хаьа суна-м, Хедижат, хIокху ялх-ворхI баттахь а ахь хьайн маре яхан дог дац баьхча, хьоьга хIун эр ду… – аьлла, Бештон къамел хадале, кху кертан говран дур деара, корах арахьажа аьлла Бешто дIавоьрзуш: «ХIей, нах! Бешто вуй кхузахь?» аьлла, уьйтIахь мохь белира. Корах арахьаьжинчу Бештона Бета вевзира, хIара, чехкка кор а диллина, вистхилира:
– Ву со-м кхузахь, эцца гоьзанах хьайн говр дIа а тасий, схьа чу вола.
– Чу веана Iен йиш яц, же! Же! Чехка араваьл!
– Ой, хIун хилла? ЦIе-х ца яьллий?
– Бешто! Битахьа бегаш, чехка, чехка аравалахьа!
Бета сихвеллий, бос байний вайча: «Цхьаъ доцуш-м дац хIара», – аьлла, Бешто, араиккхина, Бетина чехкка тIевахара.
– Же, Бешто! Хьайн говра тIе валал чехкка!
– Ой, хьо хьераваьлла? Я эгIтийна? ХIара хIун ду?
Схьадийцахьа цкъа! – аьлла, Бештос куьйгаш тесча, Бетас говра тIера чу кхевдина, кхуьнан лере а таьIна, шега Эшарпа Бусанин хьокъехь дийцина гIуллакх ма-дарра дIадийцира. Цул тIаьхьа Бешто, чехка чувеана, Хедижате ша ларамаза дIавахарна бехк ма билла а аьлла, дехьа чу вахана, йоккхачу стагей, цуьнан несей маршалла а делла, араиккхира.
– Говр мичахь ю хьан? – аьлла Бета юха а вистхилира.
– И, КъорIанара, ю ас цхьана кIанте яжо йигийтина.
– Ой, ткъа хIинца вайшинна и мичахь карор ву?
– ХIокху басох чу ма-воьсси йолчу цанашка воьду ша, элира цо ала-м, – аьлла, Бешто кех арахьаьдира.
Схьавоьл, хIоккхуза суна тIехьа говра тIе хаал хьо, вайшиъ хьело-кхи, – аьлла, говрахь волу Бета шена улло таьIча:
– Ой, дIавала, кху кIотарара араваллалц бакъахьа дац, – аьлла, Бешто юхагIортарх, вита а ца витина, иза шена тIехьа а хаийна, Бетас шен Iаьржа говр дIаэккхийтира.
Аьрру агIор басех чубоьдуш болчу новкъахула воьдучу кху шиннан бер тIехь шайна дуьхьал йогIучу Бештон говрах бIаьргкхийтира. И говр чехка а, тIерачу беран бертахь а йогIура.
Кхарна гергакхача доьлча, Бешто вевзинчу цу беро говр сацийра. ТIаккха шаьш цунна тIекхаьчча, Бешто: «Ой, борз, хьешан говр, яжон юьгу а олий, хоьхкуш хуьлу ткъа? – аьлла, велакъежча: «Со Делах волийла, ас хIара хехка-м хикинехь. ХIинцца, ас юхаийзошшехь, ша вадийра-кх хIокху со», – аьлла, и бер говра тIера охьадоьссира.
– Даьлла хьацар-м тера дац, марша Iойла хьо, жима бере, – олуш, чехка шен расхачу дина а ваьлла, Бешто дукха гена ца ваьллачу Бетина тIаьхьатилира.

XII

Малх делкъал дикка тIехъиккхинера, цо соьналла яйина, меттах а ца хьовш лаьттачу стиглара мокха мархаш, евдда, гуш яцара. Баьццара аренаш, малх Iаьткъина, тIехулара мажъеллера. Кху шерачу арахь лаьтта кIай, муккхий, буцций гIийла хьоькхучу махо, дикка хьаьжча, къаьсташ, жимма лестайора. Царна тIехула наггахь гуш хьийзаш чуьркийн вай а дара. ХIара аре кхачалуччуьра аьрцнаш, гена хиларна, кегийра а, Iаьржачу басахь а гора. ХIара аре шина декъе екъна Iуьллучу некъа тIехула, дикка хьаьжча, къаьсташ, геннахь, цхьа-ши гIаларт догIура.
Дукха хан ялале и ши гIаларт гучуделира, и шиъ – Бештой, Бетий вара. ХIара шиъ, хьалха яларех къуьйсуш говраш хаьхкича санна, чехка вогIура, кху шиннан говрашна хьацар чIогIа даьллера. Амма Бештон говрана хьацар къаьсттана чIогIа даьллера, тохара кIотарахь беро а и хекарна. Цунна даьлла хьацар кIайчу чопане дирзина догIура.
ХIара шиъ, кест-кеста шайн гIончакъехь дохкучу вертанех куьйгаш а Iуьттуш, куйнаш охьа а теттина, вовшашна тIеттIа таьIIина вогIура, шайн говрийн кхесийн даххаш тIе чIенгаш йохкуш, бертал а вахана.
Бешто, шен говр чехка яхарх, ца Iабара, кхуо юкъ-юкъа голашца шен говран йора дегI Iуьйдура. Кхуьнан кийра цIе яьллера, шаьш новкъа ваьллачул тIаьхьа шега Бетас, шен нана цамгарна гIелъелла, аьлчахьана. ХIукхунна цкъа сурт хIуттура, шен нана яла а елла, чохь боьлхуш зударий Iаш, тIаккха сурт хIуттура: Масас шен къена ши куьг Бусанин кIайчу дегIа тIе кхийдош а, Бусанас: «Ва! Бешто! Ца хили-кх хьо тахана со кху балех хьалхаяккха цIахь!» – бохуш, Масин юьхьа тIе мIараш туьйсуш а. ТIаккха Масас: «Стенна туьйсу ахь, котамо санна, мIараш? Хьо хьаьнгахь ю ца хаьа хьуна? Хьо-м Бешто бохучу цу кIиллогахь яций! Хьох томана дахьийта кхузткъа туьма цIена ахча-м Бештос ца кечдиний!» – аьлла, Бусана цIенкъа вон бертал тухуш а. И сурт шена дуьхьалхIоьттича, Бештос, кийрара дог тохалой, шен Iаьржачу хьаьж тIе шад а хIоттабой, говрана шед тухура.
– Ма еттахьа цу говрана шед, кIелвуьсур ву-кх вайшиъ, – элира шен лекха Iаьржа холхазан куй кагбеш чу а таIийна вогIучу Бетас.
Тахана а ца тоьхна кхунна шед маца тухур ю? – аьлла, Бештос юха а шен говрана шед туьйхира.
– ХIун дийр ду хьуна, хIета? – олуш, Бетас, шен говрана шина агIор шозза шед а тоьхна, шен говр хьалхаэккхийтира, амма дуккха хан ялале Бештон говр цунна тIаьхьа-м кхиира
ХIара шиъ иштта оьхуш, малх дикка чубуза герга бахара. Шен ненан са далале тIекхача лаар кийрахь алсам долчу Бештон, хIинца гушйолчу шайн юьртан момсарна герга мел таьIи, кийрара дог, кхоьруш, чехка детталора. Кхуьнан Бусанина чIогIа сацагатдалар – хIинца а бода болаза хилар дара.
Дукха хан ялале кхарна шайн юрт дикка цIена ган елира, наггахь ирахболу кIур а гуш. Бештона, шайн говраш яла йийшшина ягIахь а, шаьш хIумма а чехка доьлхуш ца хетара, кхуо, ша туху, ца туху а ца хууш, кест-кеста шен говрана шед тухура. Кхеран говраша чехка, чIогIа еттачу бергийн татано бацалахь егачу цаьпцалгийн екар ца хозуьйтура. ХIаваэхула ловзуш лела чIегIардигаш, кхарна тIекхочуш цкъа лахлой, некъ дика хуьлда шун» бохуш санна, цIеххьана чехка дека а декий, юха тIемаш а тухий, генна лакха довлура.
ХIорш юьртан бежан ара кхочуш, малх, къайлабала, дикка охьакерчинера. Цу арахула, наггахь беца тIе охьа а кхевдаш, цIехьа боьдучу бежан Iу, Бештой, Бетий кирхьа къевсина вогIу ши бере ву, моьттуш, саца а сецна, кхарна тIера бIаьрг дIа а бьккхина, кхарна генна тIаьхьа хьоьжуш лаьттара, хIинций-хIинций нускал далош богIу замой гучубевр бу, бохуш. ХIара бежан Iу, геннахь шена цхьа Iаьржа гIаларт гучудаьлча, юкъахйоллу нохчийн тапча схьа а яьккхина, и кечъян хIоьттира. Шен дагахь: «ХIинца уьш схьакхочур бу, тIаккха, ас хIара тапча кхоьссича, цара суна гIаддайча а йовлакх я кисет тосур ю… дела да сан гIад!» – бохуш, вела а къежаш.
Шаьш юьртана дикка гергакхаьчча, гонах серийн керт а йолуш лаьттачу шайн бахаман кертахь дIасалелаш адамаш ца гича, Бештон дагна паргIато хилира, шен нана еллехьара, иштта хирдацара-кх, аьлла. Цу бахаман кетIахь, тIаьхьарчу когаш тIе а хиъна, БештогIеран месала къорза жIаьла Iара, роггIанца цхьацца лерг а уьйбуш, Бешто цIа вогIу ларвеш санна, хIинца и вогIучу новкъа а хьоьжуш. БештогIеран цIийнан уьйтIа долучу кора кIелхьарчу меттара Бештон нана РакаIат къилбехьа а ерзийна Iуьллура. Цуьнан юьхь дикка иръеллера, шен таьIина ал ши бIаьрг цо наггахь бен вовшах а ца тухура, иштта наггахь бен са а ца доIура.
Цуьнан гIевланга хиъна Iаш кхеран лулахо йоккха стаг яра, шен хебаршкаихинчу юьхьа тIера кегий бIаьргаш РакаIатана тIера дIа а ца дохуш, нанас йина йиша хилла, кест-кеста цуьнан коьрта тIе куьг а дуьллуш. РакаIатана дехьа агIор чучча когаш а бехкина Iаш молла а вара, цкъа Еса дешна а даьккхина, КъорIа вовшах а тоьхна, наггахь балда меттах а доккхуш, дагахь цхьаъ доьшуш Iаш.
И йоккха стаг, Бешто цIа вогIу ларвеш, наггахь корехула керта а хьожуш, Iаш яра. ЦIеххьана дIахьаьжначу кхунна гира, цхьаммо эккхийна валош санна, чехка керта эккхаш Бешто а, Бета а. Малх а чубуьзна баьллера, са а дикка дайнера.
Говрара охьаиккхина Бешто, «цхьана бере хIара говраш дIасаозо лохьа!» – аьлла, чехкка чувахара, Бета, шайн говраш а эцца чехка кех а иккхина, лула керта хьаьдда, цхьа бер а даьккхина, цуьнга говраш дIасаийзо а елла, БештогIеран чу вахара.
Чуваьлла Бешто чуьрчу моллегий, йоккхачу стагей: «шу а дара кхузахь?» – аьлла, царах цIеххьана шен нанна улло гIорта бехк хеташ, цкъа неIарехь сецира, тIаккха йоккхачу стага: «Бешто, схьаволахьа хьайн бабина улло, хIара-м хьоьга чIогIа сатуьйсуш ярий», – аьлла, цунах бехказло хилла, Бешто, чехкка шен нанна улло а вахана: «Баба! Ахь хIун до?» – аьлла вистхилира.
Юххе Iачу йоккхачу стеган бIаьргех, кхунах къахетта, хи хьаьдира. Бешто оцу заманчохь РакаIатан хьаьж тIе куьг а дуьллуш, улло охьахиира.
Бешто, уллохь Iачех эхь ца хетахьара, воьлхуш РакаIатна тIеветталур вара. Цуьнан бос байнера, бIаьргаш гIеххьа хих буьзнера, нанна ша ца вевзича. Чуваьлла Бета, тIехьа ши куьг а диллина, неIарехь лаьттара, кест-кеста корехула ара а хьоьжуш, чехка тIехIуттуш лаьттачу маьркIажан хенан ойла а еш. ЦIеххьана дагаваьллачу Бетас, кора тIе вахана, кхеран жима лампа латийра, чохь гIеххьа серлаелира. Цул тIаьхьа, Бешто кхайкхина ара а ваьккхина, Бета, цуьнга «хьайн нанна юххехь хьо чохь саца» аьлла вукху накъосташна тIе а вахана, Бусанас йиллинчу метте гIур ву ша, аьлла, дIавахара.

XIII

МаьркIажал тIаьхьа дукха хан ялале сира ши говр а йоьжна йолчу цIеначу тачанки тIехь, Бусанина захало хьахийна молла а юкъахь, ХизаргIаьрга кхо стаг веара. Хизар, уьш тховса богIийла хууш, цIера ваьллера.
Зуда йига баьхкина хьеший ХизаргIеран сов цIа чохь бара. Уьш чубаьхкина дукха хан ялале царна хьалха шун хIоттийра: сискалгIин хьовлий, кхаьрзина жижиггий, дуткъа дина чIепалгашший, башха говза ца дина пулу а юкъахь. Учахь кхехкаш шиъ самовар яра. Чайнаш дуьттуш, дIасалелаш ВахIидан, Хьасанан накъостий а бара. Кертахула чехка дIасалелаш нах а, зударий а бара. УьйтIа юккъерчу гоьзанах кхозуш латийна панар а яра.
Оти чохь, цкъа южуш, тIаккха ирахIуттуш, йоьлху Бусана, хIинца билггал ша Масина дIайигна ели, моьттуш, чIогIа йоьхна яра. И кечъян гIерташ цхьацца зударий а, кхуьнан нийсархой-мехкарий а бохкура. Кест-кеста чубогIий, баккхийчу зударша Бусанина барт а тухура: «Лийра-х яций хьо, цуьнга яхча, цкъа хьайн наха бохург а дай, дIагIо, ца тахь, юхайогIур-кх» – олий.
Цу дешнашка Бусанас кIезиг ладугIура. Дукха елхарна иза йиш а хаьлла йиснера. Иза мохь хьоькхучуьра саццалц бохуш, совцийна лаьтташ и йига баьхкина нах а бара.
ТIаьххьара а, кIайчу дарин коч а юьйхина, бутт болу кIайн чилланан кортали а тиллина, Бусана кечйира, амма иза йоьлхучуьра тен-м ца туьгура.
Цхьа зама яьлча жимма йолхучуьра тийна Бусана, шен уллохь лаьттачу Эшарпна юххе а таьIна: «Цкъа араяла вайшиъ, кху чохь садукъделла-кх сан», – аьлла йистхилира.
– Яла дера-кх, – аьлла жоп делла, Эшарп хьалха а йолуш, хIара шиъ араелира. Чуьра зударий а, кху шиннан цхьа гIуллакх ду, моьттуш, кхарах шек а боцуш, IадIийра…
УьйтIа яьлла Бусана, Эшарпе, арахь жимма хьелой, чу гIо а аьлла, ша Бештона йиллинчу метте а яхана, такхорах юьйлира, шен дуьхьал гIодамийн цIов а лоцуш.
Дукха лаьттира Эшарп. ТIаккха цо чу а еана, ша йоьхна кеп а хIоттийна, чехка са а доьIуш, элира:
– Бусана, бешахула ара а иккхина, хитIа боьдучу новкъа дIаеди, аса ша юхаийзошшехь. – Чуьранаш чIогIа боьхна хьаьвзира. Бусанин нана, хIинца билггал шен кIенташа я майрачо Бусана юьйр ю, аьлла хеташ, елха хиира. Шеца ши накъост а ваьккхина, ВахIид Бусана яхана бохучу агIор ведда тIаьхьа вахара. Хьасан, шайн борачу шина алашина нуьйраш а техкина, шеца цхьаъ ваьккхина, чехконца Бусанина тIаьхьа велира. Кху керта гулбелла кхеран бу боху нах маьI-маьIнехула Бусана лаха дIасахьаьвдира, иштта цхьаболу баккхий зударий а хьаьвдира.
Зуда йига баьхкинчу баккхийчу нахе кхара Бусана еддий ца хаийтира. И хьеший, шайн хIума а юуш, цхьацца къамелаш а деш, Iара шаьш долчу веанчу ХизаргIеран цIийнан хьалхарчу воккхачу шина стагаца. ХIара хьеший цIенкъа тийсинчу кузаш тIехь Iара, чучча когаш а боьхкина, боккха гуо а бина, шайн дагахь, хIинца шаьш юуш йолу хIума йиъна девлча, дIагIор шаьш, бохуш. Амма Бусана шайн бешарчу такхора юккъехь-м йоллура, наггахь цIов дIатоттий, кертал арахьа готтачу урам-новкъа дIаса а хьожуш. Кхунна тIехдолуш а, кхунна тIедогIуш а аддам дацара, кхунна цхьа адам дистхуьлу а ца хезара. Бакъду, кхунна кху юьртахь а, маьI-маьIнехь шена генадоцуш а жIаьлеш лета-м хезара.
ЦIеххьана Бусанина хезира аьрру агIорхьа кху готтачу урамехула кертаца шена тIедогIучу адамийн гIовгIа. уьш виъ стаг вара. Уьш бара Бетий, Зигарий, Рашиддий, Хьамиддий. Уьш, куйнаш бIаьргаш тIе а теттина, шелтанаш тIе куьйгаш а дехкина, тебаш, дуьххьал Бусана йоллучу такхора тIе богIура. Царна кхуза бахка арабевлча, эвла юккъехь хезнера, Бусана яда а едда, цуьнан нах и лоьхуш бу, бохуш. Цундела, хIорш шаьш гучубовларна кхоьруш, меллаший, тебашший лелара. Тебаш, текхаш, шена цхьа адамаш тIедогIуш санна хетта, Бусана шекьелира, уьш шайца Бешто волуш я воцуш, ша дIайига богIу цуьнан накъостий бу, аьлла. Сирло хиллехьара, Бусанина уьш бевзар бара. Амма стиглахь наггахь бен гуш седа а боцуш, Iаьржо хиларна Бусанина, хIорш маса ситаг ву а хууш, уьш ма-барра ца бевзира, тIе, БетагIар а, дика са ца гуш, коьллеххий, нехан кертеххий тийсалуш, меллаша а богIура. Бусана хIинца кхераеллера, шен нахах шайна тIе цхьа стаг а кхаьчна, ша бахьанехь цхьа зулам даларна.
ХIун гIуллакх ду Бусана кхера? ХIорш-м гучу ца бовла а ма мегий. ХIунда бовлура хIорш гучу, жимчу Бусанин дог дохо а, Бештон дог лазо а! ца бевлча ца мега хIорш гучу? Хилча ца мега сел дог Iовжийна, сел гIитйла йисинчу Бусанин тховса аьтто?
ХIан-хIа! Бусана хIинца гучуяьлча товр дац. ХIинца, БетагIар шена тIебаьхкича, Бусанас эр ду:
«ХIунда хьеделира шу? Цхьана маьIIаргона вай гучудовлуьйтура-кх аша!» ТIаккха Бетас: «ГIовгIа ма ехьа, Бусана, цхьанна хозуьйту ахьа!» – аьлла, цуьнан пхьарс лаьцна, хIорш берриге а, БетагIара тогIи чохь таьллаш кIел йитинчу хIургонна тIе а бахана, шаьш кхуза бахкале барт ма-барра, цхьаьллиг-цхьаъ шек ца ваьн воллучу цхьанахьа генна Орца кIотара баха чехкка юьртах лелхар бу. Бештона а и хуур ду, тховса шайн нанна дикка гIоле хилча, паргIатваьнволу Бешто а шен динахь кхарна тIаьхьа вер ву. Уьш генабовлале, схьа а лаьцца, шен говр цхьана накъосте елла, хIургона тIе а хиъна, иза Бусанех хьерчар ву, кхуьнца болчу накъосташа цхьацца бегаш а беш. ХIорш берриш, а бела а буьйлуш, чIогIа къералучу синошца цу кIотара дIакхочур бу.
Цул тIаьхьа, кхо де далале а, даьлча а, Бештон нахий, Бетин нахий, шайн юьртахь бу боху тхьамданашший, дика наххий вовшах а тоьхна, ХизаргIаьрца машар а бийр бу, тамтовр а дийр ду. ТIаккха замой а бахана, кIотарара Бусана юьрта, БештогIеран цIа ялийна, кирхьана тIехьа а хIоттийна, дийнахь-бусий ловзар дийр ду. Керта оьхучу кегийчу а, баккхийчу а наха, цамгар яйелла Iуьллу РакаIат йолчу чу а оьхуш, Бештона далийна нускал декъалдийр ду: «Дика сахьат дойла… АллахI цIе йолчо хьан даго къобалъечу тайпана тIаьхье беркате йолда», – бохуш.
Ловзар дIадаьлча, нах шайн-шайн цIа боьрзур бу, тIаккха Бусанассий, Бештоссий масийтта шарахь чIагIбеш, шаьш вовшашца тесна безам шайн жимчу цIа чохь мерзза буур бу, вовшийн дагара а дуьйцуш, Бештос кест-кеста: «ДIадаханарш-м, вайшимма мел хало хьеггехь а, дIадевллера, Бусана! ХIинца вайшиъ цхьаьна ду-кх! ХIинца вайшиъ ваьшшиннан дегнаша дукха лехнарг кхочушхилла ду-кх!» – бохуш; цунна дуьхьал Бусанас эр ду: «Со тоха ца еллехьара, хIара иштта-м хир дацара хьуна, Бешто. ХIинца хаьий хьуна, суна хьо дукхавезаш хиллийла?» – «Хаьа, хаьа, сан жима Бусана! Хаьа сан хаза Бусана», – эр ду.
Иштта хир дара, хIинца Бусанина тIебогIучу БетагIара цхьаьнне гучу ца бовлуш, аьтто а баьлла, хIара дIайигча.
Бучана йоллучу такхорана тебаш схьабогIу БетагIар, шайна дуьхьал йогIу адамийн гIовгIа а хезна, чехконца нехан керта а лилхина, лаьтта бертал бийшира, цара ца бевлла бен са ца доIура.
Бусана а, кхечу агIор тIебогIучу нехан гIовгIанаш шена хезча, меттах ца хьовш, наггахь дайн са а доIуш, дIатийра.
СхьавогIучу шина стагах цхьаъ: «ГIирмасолта! Гуттар а ца догIу КIоце нускал, бохуш ца хезна хьуна?» – аьлла, велавелира.
– Цунна-м и хир я цахир, къанвеллачу Масина-х дера ца хуьлу иза, тховса Бусана а яхана-м, – цуьнан накъост а велавелира.
– Масина иза а дера ца хуьлу, Хизарна моьттург чекх а дера ца дели.
– Хизарна хIун моьттура, Iаьлбиг?
– И-м ас дуьйцур хьуна, схьайтал и цIе, – аьлла Iаьлбига, шен чIогIачу томканан цигаьрка а латийна, юха а элира: – ЦIа вахана вайшиъ хIумма дан а ца воллу, хIара цигаьрканаш оззалц кху керта юххе охьалахло вайша?
– Лахло, – ГIирмасолтас а аьлла, хIара шиъ Бусана йоллучу такхорана генавоцуш керта юххе охьалахвелира. ТIаккха Iаьлбига шен къамел дIадолийра.
– Селхана-стомара маьждигехь тхо, делкъан ламазера а девлла, гулделла Iаш, Хизара къамел дира-кхи, жа доло безам бу шен, бохуш… И хилла хьуна, шен йоI жа долчу Масе а елла, цунах вакха воллуш… ХIинца хаьа-кх суна, иза цо цунна аьллийла.
– И захало-м, къайлах дуьйцуш, дан гIерташ хилла Хизар, – аьлла, ГIирмасолта шен вон йогIу цигаьрка тоян вуьйлира.
– Хизар-м, нахана хIун ду а ца хууш, доккха цхьогал дай.
– Цуьнан цхьогалалла-м тховса Бештос, Бусанас дохий, моьтту суна, дедда къайла а даьлла.
– Цу шимма Хизаран цхьогалалла а, КъорIанора, дохий, и шиъ къайла а дер даьлла. Ца даьллехьара, хIинцале ВахIидагIарна Бусана каро хан яра… – аьлла, Iалбига, шен цигаьркан боккха кIур баьккхина, чу туьйхира.

XIV

РакаIатана, гIеххьа йист а хуьлуш, паргIато хилча, кхунна улло Iен молла вистхилира тIехь лаьттачу Бештога:
– ХIинца РакаIатана дикка гIоле а хилла, со дIавахча хIун дара-техьа?
– ХIара хIинца-м, цхьадика, паргIат ю, хьан гIуллакх хир ду, дIавахча мегар ду хьо-м, – аьлла Бештон къамел хедаш, кхеран кертан говран дур а деара, оцу минотехь кхеран уьйтIахь: «Бешто!» – аьлла мохь а белира.
Бешто, шен дагахь: «Сан накъостий бу-кх уьш», – аьлла, чехкка араиккхира.
– Бешто! Хьо вуй хIара? – аьлла, тIе а чевхаш, шен накъостаца цхьаьна кхеран керта иккхина Хьасан вистхилира.
«Ва! Со ву хIара-м, охьадисса», – аьлла. Бешто шайна тIеволавелча: «Ахьа хIун дей?.. ХIокхун Делан сохьта тхан зуда схьалол, хьайна хьайн са дезахь», – аьлла, Хьасан говрара охьа а иккхина, шаьлтана тIе куьг а диллина, кхеран чу волавелира.
– Ой, дIадовла, шу хьерадевлла? Я ЭгIийна?..
– Хабар-м дуьйцур а дацара, – аьлла, Хьасанан накъост а говрара охьа а иккхина, Хьасанна тIаьххье чухьаьдира.
– Соьгахь шун зуда а яц, эцца чохь Iуьллуш цомгаш тхан нана ю, и кхерор ю аша, Деландуьша, довла духа, – аьлла, Бештос, пхьаьрсаш а даржийна, Хьасан, цуьнан накъост чувоьдучуьра юхатеттира.
– Ой, хьан да валла хьакхица! Хьуна хIун моьтту? ДIавала! ДIавала тхуна хьалхара! – аьлла, Хьасан, шаьлта а яьккхина, чугIоьртира.
– Ма дийца хьаштдоцур, дIадовла сан кертара, соьгахь шун зуда а яц, кхунах цхьа зулам дан гIерта шу.
– ЭхIей! КIилло яI, и зуьдан хабар гой хьуна цо дуьйцу? – аьлла, шен шичо Бештона шаьлта айича, Хьасана: «Ахьа ядор яра сан йиша? Ахь хIиттор дара тхо юьхьIаьржа? – олуш, Бештона коьртах шаьлта туьйхира. Бешто, сов чIогIа бIагор а беана, хьаьвзаш, гуо а боккхуш, шайн уча аркъал охьавуьйжира, шен лаьттара ши ког, садаьллачу стага санна, дIа-схьа а хоьцуш.
Кхеран гIовгIанаш а хезаш, аравала кхера а кхоьруш, Iен молла тIаьххьара а, араиккхина, уча велира. Бешто меттаваза Iуьллуш вара. ХьасангIар, Бешто шайн карах вели, моьттуш, чехкка шайн говрашка а хевшина, кех лилхира. Молла, бIаьргаш а къаьрзина, цецваьлла лаьттара, цкъа шена гуш кех лилхинчу ХьасангIарна тIаьхьа хьоьжуш, тIаккха наггахь са а доIуш Iуьллучу Бештога хьоьжуш.
Шайн кертахь яьлла гIовгIанаш а хезна, билггал и хIун ду ца хуу, кхераелла Iен РакаIат а, иштта кхераелла цунна уллохь Iен йоккха стаг а, хоршаеъча санна, эгайора.
Дикка саметтадеана Бешто, хьала а гIаьттина, моллас лаца а лаьцна, чувигира. РакаIат йолчу чуволуш Бешто, корта белша тIе а биллина, цхьа агIо а оллийна вара. Бештона шаьлта коьртан агIо а лоцуш кхеттера: цуьнан юьхь мелчу цIийх юьзна, дика къаьсташ яцара.
Верриге цIийша а вуьзна, лаца а лаьцна, чувалош волу шен кIант вевзина РакаIат шен долчу гIоранца кIегархиира. Цуьнан юьхь къаьрзинера. Цуьнан бIаьргаш оцу бIаьрган негIар тухучу ханна хих буьзира, иза йистхилира меллаша:
– Бешто! – аьлла. ШозлагIа а иза цхьаъ ала юьйлира, амма, кхин йист ца хилалуш, дог лоцуш шаьлта шен Iоьттича санна, охьа-м яхара, вуьшта а цамгаро чIогIа ницкъ бина кIелйисина йолу РакаIат, шен кIантана, цIеххьана кхайкхина ара а ваьккхина, чевнаш яр ла а ца делла, садаьлла йисира.
Бештоний, цуьнга юьхь юьлуьйтуш воллучу моллиний, Бештона коьртах ехка хIума лоьхуш йоллучу йоккхачу стаганий РакаIатан садаьллийла ца хаьара.
Моллас, йилина, тоьъарг юьхь цIан а йина, йоккхачу стага чов гатанца дIа а йихкина, Бешто РакаIатана тIеволавелира, хIара тIевогIуш РакаIата хIун до-теша, аьлча санна, цуьнга хьаьжинчу моллиний, йоккхачу стаганий РакаIат садаьлла Iуьллий хиира. Йоккхачу стеган шийла мохь белира. Бешто, воьхна, цкъа юхахьаьжира, тIаккха йоккха стаг шел хьалха а эккхаш, РакаIатана тIехьаьдча, дIахьаьжинчу цунна шен нана еллий хиира: «Баба!.. Баба!.. – аьлла, Бешто, шен корта а лоцуш, РакаIатана улло вуьйжира. ТIаккха, хьала а айавелла, шен ненан юьхьа тIе куьг а хьоькхуш, кхуо юха а элира:
– Баба!..Баба! ахь хIун дин?.. баба! Ахь хIун дин! – Кхуьнан бIаьргех мела хи хьаьдира, ненан са даларо кхунна шена коьртах хилла чов йицйинера, хIара, цунна улло а воьжна, воьлхуш Iуьллура.

XV

Бусана йоллучу такхорана генавоцуш охьалахвелла Iен ГIирмасолтий, Iаьлбиггий, шаьшшиннан цигаьрканаш оьзна а ваьлла, хьала а гIаьттина, дIаволавелира. ГIирмасолтел ханна жимма къено волу Iаьлбиг, вела а велла, шена тIаьхьа хIоьттина дайчу боларехь вогIучу ГIирмасолте вистхилира:
– Кхин ца хаьа суна, ГIирмасолта, Бештон кара нускал а кхаьчна…
– Ойт! Давала цу меан делаI-кх! Тховсалерчу цхьана буьйсанна делахь а, хьуна я суна йоцу!.. ХIа?.. Iаьлбиг! Реза хир варий хьо? – аьлла, шена хьалха воьдучу Iаьлбигна белшах куьг а тоьхна, ГIирмасолтас юха а элира: – Делан а дуьхьа, Iаьлбиг, ма нисъеллий, кочий яра-кх Бусана, ян-м ткъа!.. Гинерий хьуна, Iаьлбиг, иза ловзаргахь, шен шуьйра накха тIе а боккхий, бад санна, техка а техкаш, хелхайолуш?
– ДIавалахьа, ГIирмасолта, вайшиннан тховсалера наб яйа гIерта-кх хьо! – аьлла, Iаьлбиг велавелира.
– Ян-м муххале а йовр яра тховса наб… даваларг, Бусана вайгахь а йолуш йовш елхьара бакъахьа дара-кх.
Кхоьруш, кийрара дог детталуш делахь а, кхара дуьйцург хазделла, Бусана ша йоллучохь ела а къежаш лаьттара. Нехан кертахь бертал Iохку БетагIар а, вовшашна муьшканаш а теIош, цергашца балдаш а лаьцна, буьйлуш Iохкура.
И ши стаг дIавахча, БетагIар, меллаша кертал сехьа а лилхина, Бусанина тIебаьхкира, и йолчу серийн кертал сехьа иккхинчу Бетас гIо а деш, Бусана кертал дехьаяьккхира, тIаккха ша дехьа а ваьлла, Бусанин пхьарс а лаьцна, чехкка дIаволавелира. Кхеран цхьа накъост кхарна хьалха велира, Зикрий, Хьамиддий тIаьхьахIоьттира.
ХIорш кху готтачу урам-новкъахь дукха генабовлале, кхарна говрашкахь шайна дуьхьал цхьа нах богIуш санна хийтира. Говрашкахь вогIург Хьасанний, цуьнан накъосттий вара, Бусанех дог а диллина, баккхийчех дагавала шайн цIа вогIу.
БетагIар, шайна уьш хаа ма-белли, шаьш тIекхаьчначу кертал дехьалелха буьйлира, амма цIеххьана ХьасангIар тIе а кхаьчна биса-м бисира.
Бусана а юкъахь БетагIар шайна бевзича, Хьасанний, цуьнан накъосттий, говрашкара охьа а лилхина, кхарна тIехьаьдира, кхарна дена а бохуш, шаьлтанаш а яьхна. Бусана, йоьхна, Бетех хьаьрчира. Бета иза а эцна, кIегарволавелира, кхуьнан накъостий, шаьлтанаш а яьхна, ХьасангIарна дуьхьало ян буьйлира. Хьасаний, цуьнан накъостий кхарна тоха мосуьйттазза а шаьлтанаш ластийра, амма хIорш, юха-дIаса хьодий, церан шаьлтанаш кIел шайн шаьлтанаш а тосий, ца кхеташ биса-м буьсура. Бетин накъосташка ХьасангIарна вуно атта шелтанаш етталур яра, делахь а хIорш Iадда-м Iара, тIейогIучу заманна шайн хинболу захалш уьш хеташ, царна шаьш тухур ю а моттуьйтуш, тоха а ца тухуш.
Иштта хьерчаш хIорш кIегарбогIуш, Бетина дагадеара, уьш хьерчачохь а битина, Бусана кIелхьараяккха. ТIаккха Бета, къевллина Бусанин пхьарс а лаьцна, ведда вогIуш, дукха генавалале, урам-новкъа схьа ца ван нехан керта эккха сецча, кхунна гира шайна дуьхьал вогIуш Бусанин ваша ВахIид. ВахIид, тогIи чохь цхьа шеко шеца йолуш таьллаш кIел лаьтташ хIургон ю, аьлла, мотт хилла, вогIуш вара. Амма БетагIарна дикка герга кхаьчча, уьш ма-барра бовза а бевзина, цергаш а хьакхийна, шаьлта баттара а ийзош, кхарна чухьаьдира.
Бусана, чIогIа йоьхна, мохь а ца хьакхалуш, йист а ца хилалуш йиснера.
Шена тIехьаьдда вогIу ВахIид вовза а вевзина, Бетас, Бусана шена тIехьа а лаьцна, юха кIегар а волалуш, шаьлта а яьккхина, ВахIид кхеро дагахь, мохь туьйхира:
– ТIе ма воьллахь! ТIе ма воьллахь! Везачу Делора, ву ас хьо кху шаьлтанца ворур! – аьлла.
– Ахь-м ворур я цаворур, кIилло, ас хьох вай билггал ворур! – аьлла, Бетина тIекхоччушехь, ВахIида цунна шаьлта ластийра, амма кIегаравоьду Бета аркъал охьа а воьжна, и шаьлта Бусанин коьртах кхийтира.
– Вай Дели!.. Вай! ВахIид! Йий-кх ахь со! – олуш, Бусана, Iаьржа бIагор хьаьвзина, яхлуш аркъал охьаюьйжира.
Шен йишина шен карах шаьлта кхетча, воьхна, юхаиккхина ВахIид, Iадийча санна, лаьттара, аьтту буйнахь кхозуш ерриге а цIеша юьзна шаьлта а йолуш.
Хьалаиккхина Бета, хIара ирча сурт гина:
– ЭхIей, цIе йожа-кх хьо белхан! – аьлла, Бусанина тIекхийтира. Бусана, берриге а хье биллина, са а даьлла Iуьллуш шена гича, Бетас, нехан керта а иккхина, хьаьдда вахана, хьерчаш бохкучу шен накъосташна уллохьа а таьIна, мохь туьйхира:
– Зикар! Во Зикар! ДIабахийта уьш! Бусана, ВахIидан карах чевнаш а хилла, кIелйисина! – Бетас оццу меттехь Бусана ялар царех лачкъийра, дов дахдаларна кхоьруш а, кхин а цхьа зулам даларна кхоьруш а…
ХьасангIарна мохь тоьхна Бета вовза а ца вевзира. Уьш, ЗикаргIара шаьш паргIат битча, Бетина етта дагахь, кху готтачу урам-новкъахула схьахьаьвдира, амма уллохь ВахIид а лаьтташ, елла Iуьллучу Бусанина тIе-м кхечира.
Ша тIекхаьчча, Хьасана: «ЮхьIаьржахIиттий-кх вай кху шайтIано а», – олуш, ша Бусанина айина мийра, и елла Iуьллийла а хиъна, юхабаьккхира. Цу дешнаша меттавалийначу ВахIидана сурт хIоьттира, цхьаболчу баккхийчу а, кегийчу а наха шай, шен ваший, Хизаррий эвла юккъехь мосазза гин, шайна тIе пIелгаш а хьежош: «Хизар, цуьнан бераш къонахий бу, моьттура. Шаьш къонахий хиллехьара, нахана делла дош кхочушдан шаьш бохучунна шайн йоI тIеерзор яра… хьай эхь!.. стаг хуьлу, шен доьзалхо шен лааме а ца верзавелча?» – бохуш санна.
ЗикаргIар, Бета лаьттачу керта а лилхина, бевдда, нехан керташкахула тогIи чу лилхира. ТIаккха Бета, Бусана ВахIидан карах еллийла а хоуьйтуш, шен накъостий цIа а хьовсийна,, ведда Бешто волчу вахара.

XVI

Шен нанна юххехь гIийла Iаш волчу Бештона цIеххьана Бусана яло бахана шен накъостий дагабаьхкира, тIаккха кхунна хийтира: «Нагахь уьш гучубовлахь я Бусана а эцца дIабоьлхуш царна орца тIаьхьа кхиахь, со бахьанехь ма бохам хир бу-кх царна! Со царна тIаьхьа ваха веза. Баба, ас дан накъосталла доцуш, елла дIаяьлла», – аьлла.
Моллега чохь Iе а аьлла, йоккхачу стаге шайн лулахошкий, гергарчаьргий РакаIат дIаяьллий хаийта цхьаъ вахийта, ша хIинцца схьавогIу, аьлла, Бешто меллаша аравелира. ТIаккха шен куй тIе а озийна, учахь Iуьллу нуьйр схьа а эцна, шен дазделлачу дегIаца меллаша божалин неIаре вахара.
Нуьйр арахьа йитина, божал чу а вахана, сирник латийнчу Бештона гира, биъ ког, Iад санна, булуш дIа а хецна, божли юккъехь елла Iуьллуш шен говр. И говр, тахана Бешто кIотара вахана волуш, цигахь яжо юьгу а аьлла, чIогIа хехкарна а, цул тIаьхьа, Бештос цу Орца кIотарара дуьйна кху шайн цIа кхаччалц хаьхкина ялаярна а, ницкъ чIогIа а хилла, еллера. Бештона Iаьржа бIагор беара, и сурт гича. Иза, кху елла Iуьллучу шен говрана тIе бертал а воьжна, ша цхьаъ бен кхин са долу дегI доцчу божал чохь, цхьаннах ийза а ца луш, велха волавелира, чохь елла Iуьллучу шен нанна а, белла Iуьллучу кху шен динна а.
ХIара дин Бештона шен са санна безаш бара, и эцна сахьт а далале, ловзарга ваханчохь, нах цецбовлуш и дин а хьовзийна, охьахиъча, Бусанега ша дуьххьара сакъийрина дела.
Кхеран чохь чубаьхкинчу зударийн белхар доладелира. Бешто цхьанна а мичахь ву ца хаьара. И ван-м божал чохь вара, дог Iаба ца туьгуш, воьлхуш Iаш.
Юха а цIеххьана шен накъостий дага а баьхкина, Бешто, меллаша хьалаайавелла, божал чуьра аравелира.
Бешто, кетIа а кхаьчна, шайн утарма схьа а лаьцна, дIахьаьвзаш воллуш, хIара волчу хьаьдда вогIу Бета кхунна тIе Iоттавелира.
Вехьа а вехьаш вогIучу Бетас, Бештона хилла лаьтта бохамаш а ца хууш, ша кхунна тIе кхоччушехь, элира:
– Бешто! ХIара ирча болх бу! Бешто, хIара ирча болх бу!
– ХIун хилла?.. ХIун хилла?.. – олуш Бешто утармица дIахIоьттра.
– Бусана ели-кх ВахIидан карах. – И дешнаш шена хеззашехь, Бештос, буьйдачу дашо дагийча санна, шен даг тIе куьг диллира; цуьнан бага, цхьаъ ала воллуш санна, гIаттинчохь йисира; иза, шершшина утармица охьавахара.
– Бешто! Бешто! Ахь хIун до? Бешто, хьуна хIун хилла? – бохуш, Бета цунна гонаха хьаьвзира. И хIун ду хьажа а, Бештона хи дан а Бета чухьаьдира.
Сени чу ваьллачу Бетина елла Iуьллу РакаIат гира. ХIара, меллаша юха а ваьлла, сенин неIарехь лаьтта чуьйнан гIуммагIа а эцна, Бештона тIе хьаьдира. Ша тIекхоччушехь, Бетас наггахь са а доIуш аркъал воьжна Iуьллучу Бештон юьхьа тIе хи туьйхира, тIаккха корта хьала а ойуш, бага а хи доьттира.
Дукха хан ялале Бешто жимма меттавеара, тIаккха жимма хи мелча, цунна дикка са чу деара.
Бетас ша кIегархаийча, Бешто, утармех букъ а тоьхна, Бете а хьаьжна, меллаша вистхилира:
– Бета!..
– ХIун бах ахь, Бешто?
– Бета! Хьох эхь хета суна, Бусана йийна, аьлча и ла а ца делла, садаьлча санна, со охьавожарна. Бусанин ялар ахь суна хазийча, сан дегIе цхьа лазар иккхира, хIуъу хаьддехь а, сан кийрара цхьа хIума хедира. Суна цкъа а дIа ца даьндолу ан хIоьттина, со цо талхор а ву. Со телхина ваьлла стаг ву. Атта-м ца хIоьттна хьуна суна и ан. ЛадогIахьа, Бета!.. Чохь елла Iуьллуш со вина сан нана ю; сайн ваша санна, суна дукхабезна сан дин а божли чохь белла Iуьллу, сайн сил а дукхаезна Бусана а шен вешин карах елла Iуьллуш ю, – аьллачу Бештон бIаьргех мела, даккхий, горга хин тIадамаш луьста эга доладелира. Кхуьнга ладоьгIуш, кхунна тIехь лаьттачу Бетина-м, кхунах къахетта, хIара охьавоьжчахьана а оьхуш дара даккхийчу бIаьргех луьста мела хин тIадамаш.

XVII

ШолгIачу дийнахь цу хиллачу девна юкъа кху юьртахь бу боху баккхий нах а, тхьамданаш а буьйлира. Цара и дов пхи-ялх де далале дIа а дерзийра.
Бешто меттахь шина кIиранах Iиллича, цунна коьртах хилла шаьлтанан чов йирзира, амма, цунах хьалхаваьлла, хьалаайавелча а, Бештона хIоьттина ан дIа-м ца делира.
Бештона шена хиллачу бохамаша а, хIоьттинчу эно а чIогIа ницкъ бора. Цо беш цхьа а тайпа болх бацара. Иза, маж а йитина, дIаволавелира, цо хIума а кIезиг йоура, и ша юуш ерг а, шен гергарчу нахе а воьдий, я бевзачу нахе воьдий, йоура. Цу тайпана Бештос I2 шо дIадаьхьира. ХIара нахаца уьйр кIезиг йолуш вара, вистта-м хIара ца ваьлла бен ца хуьлура. Юьртахь наха долийра, хIара телхина, бохуш, тIаккха дукха хан ялале хьерваьлла бохуш а делира.
Цхьана дийнахь кхуьнга Бетас элира:
– Бешто, наха хьо хьерваьлла бохуш а дуьйцу, со волчу схьа а волий, хьайн маж дIа а яккхий, соьца чу-ара а волуш, Iехьа. Бакъду, Бешто, со да волуш долу хIума ас хьуна кхоориг цахилар, – аьлла.
И шега аьлча, Бетина тIе а кхетта, Бешто вехха вилхира. Бештос ца дира Бетас шега аьлларг, иза массо а хIуманах догдаьллий, дуьненах чам байний вара.
Бештос, шега Бетас наха хьерваьлла боху, аьлла дийцичахьана, кест-кеста ша-шега олура:
«Вала а ваьлла-кх со хьер: нах а суна ца беза, дуьне а суна ца деза, ваха а суна ца лаьа. Ас цхьаммо а цалелориг леладо. Нагахь со хьер ца ваьллехь а, волуш-м воллу».
Бешто, шен ненах а, Бусанех а, динах а ваьлчахьана, деш хIума а доцуш, вакъа а велла, кест-кеста шен наний, Бусаний йолчу кешнашка а воьдий, велха а воьлхуш, лелаш вара. Дерриг гIуллакх Бештон кешнашка вахар дара. Цуьнан синкъерам а и бара.

XVIII

Шена и бохам баьлла тахана 15 шо кхочуш а Бешто ша хIинца воьлхуш Iуьллучу кху кешнашка велха веанера, ша хIинццалц ма-варра.
Бешто ша бертал Iуьллучу Бусанин кошан борза тIера хьалаайавала вуьйлира, амма иза, нийсса ира ца хIотталуш, Бусанин шира баьццара чурт а лаьцна, кхозавелира. И чурт, чаьрпазийн сурташ а дохкуш, пошмакхийн, тукаран сурташ а дохкуш, кечдина дара. Ша дакъазаваьккхина и доккха де дуьхьалтийсира Бештона. ХIара хIинца ша лаьттачохь, цхьа куьг даг тIе а диллина, лаьттара. Кхунна, цхьана агIор, шена чов хиллачул тIаьхьа елла шен нана дуьхьалтуьйсура, вукху агIор, Бусанин ер дуьхьалхIуьттура. ТIаккха кхунна дуьхьалтесира шен елла говр а, цунна тIе а кхетта шен велхар а, Бусанин ер шена хезча ша охьавожар а, цул тIаьхьа ша талхар а.
Цхьана куьйга чурт а лаьцна лаьттачу Бештос, цIеххьана шен бага цхьа якъалуш санна хетта, шен даг тIе диллина куьг шен ехачу Iаьржачу можа тIехула бете даьхьира. Амма хIара оцу заманчохь, цIеххьана Iаьржа бIагор а хьаьвзина, дегIера ницкъ дIа а болуш, Бусанин баьццарчу борза тIе аркъал охьа-м вуьйжира.
Оцу заманчохь кху кешнашна генайоцуш басахь йолчу кIотарарчу жимачу маьждигехь делкъан ламазана молла кхайкхира: «ОллохIу-акбар!.. ОллохIу-акбар!.. ОллохIу-акбар!.. ОллохIу-акбар», – аьлла.
Дин чIагIдеш, нохчийн Iадат чIагIдеш кхойкху и молла, Бусанин коша тIехь Iуьллучу Бештона ца хезира. Бешто садаьлла Iуьллуш вара, ши ког, ши куьг дIа-схьа а тесна.

***

Дешархо! Ца хаьа, ахь хIун боху-м, бакъду, суна хетарехь, хьал дукха а дезна, шен йоIах йохка-эцар еш, Хизара Бусана жа долчу Масе яла дош ца деллехьара а, Хизар а, цуьнан кIентий а и дош кхочушдан ца гIиртинехьара а, кхераяларх елла РакаIат а лийр яцара, хехкарх ницкъ а хилла Бештон говр а лийр яцара, шен вешин карах Бусана а лийр яцара, церан баларш ца ладелла, ан а иккхина, цу сингаттамо талхийна, Бешто а лийр вацара.
Дешархо, догIахьа кху ирачу балхе ла! Таллахьа, дешархо, хIара гIуллакх, даггара ойла а еш!

Баду́ев, СаIид Сулейма́нович - нохчийн яздархо а, байтанча а, цул совнаха, нохчийн литературан бухбиллархо а ву. Бадуев СаIид вира 1903 шеран марсхьокъу-беттан 28-чу дийнахь, Соьлж-гIалахь. Цуьнан да махбархо вара. Жималлехь да-нана доцуш, байлахь висира иза. Иза Соьлж-ГӀалан реалан доьшийлахь (училищехь) доьшуш волчуьра дӀаваьккхира цуьнан дешарх дӀадала ахча ца хиларна. 1922-чу шарахь цо Буру-ГIалахь чекхъехира кооперацин курсаш . 1938-чу шарахь Совет Пачхьалкхахь яьржина хиллачу репрессийн таIзарна буха нисвелла, бехказа чувоьллира иза. Бадуев СаIидан дахаран некъ хедира Гулагехь, гIуран-беттан 20-чу дийнахь, 1938-чу шарахь. Ала догIу, Iедало репрессиш емалйиначул тIаьхьа, цуьнан цIе меттахIоттайира. Шен йоцачу оьмарехь ларийра иза иттанаш дийцарш а, байташ а язъян, цул совнаха, иза 15 пьесин автор ву.

XS
SM
MD
LG