ТIекхочийла долу линкаш

Исмаилова Хадиджина 9 шо кхайкхийна прокуроро


Азербайджанехь Маршо Радион журналистна Исмаилова Хадиджина тIехь ечу кхелехь прокуроро дехна цунна 9 шарна набахти кхайкхор. Экономикан зуламаш дарна бехкейо президентан Алиев ИлхIаман Iедалера коррупци Iорайохуш хиллачу журналистна. Политикаца дозу и дов аьлла хета цхьамогIа дуьненаюкъарчу бакъонаш ларъечу юкъараллашна.

Кху беттан 25-чу денна тIехьатеттина кхело шен болх. Гарехь, оцу дийнахь кхайкхор бу сацам а. «Хадиджа йоьлуш яра, шена 9 шо набахтин прокуроро дехча, сан бер хIуманна а бехке дац» - элира Исмаилован нанас Эльмирас Маршо Радион корреспонденте.

XS
SM
MD
LG