ТIекхочийла долу линкаш

Яздархой шортта белахь а, кхуьуш яц литература


Нохчийчоь --Поэташ Яралиев Юсуппий, Сатуев Хьусайнний

Нохчийчоь --Поэташ Яралиев Юсуппий, Сатуев Хьусайнний

Литературан шо аьлла кхайкхийна ду карара шо Оьрсийчохь. Амма дуккхаъчу яздархоша а, церан белхаш боьшучара а билгалдоккху оьрсийн а, кхечу 200 къоман а литература карарчу маьрехь беркъа хиларх, тоьлла йозанаш гучу ца довлуш, эшамехь хилар.

ХIинцачул 35 шо хьалха Нохчийн исбаьхьаллин литературе, керла тулгIе йохьуш къона яздархой а баьхкина, сихачу боларца кхиа йолаелла лору цхьаболчу яздархоша.

Цу хенахь гучубевллачу дешан говзанчех бу дийнна цхьа кочар яздархой: Бисултанов Апти, тахана воцуш волу Яндарбиев Зеламха, Гайтукаева Бана, Яралиев Юсуп, Хатаев Хьусайн, Бексултанов Муса, Ахмадов Муса, Цуруев Шарип, ишта кхин а,кхин а.

Цхьа могIа говзанчаша а,яздархоша шаьшша а билгалдаккхарца, нохчийн исбаьхьаллин литература шен кхиар лахдина, цхьа дIатийна, ладегIамехь ехаш ю карарчу хенахь. Цу тIера доладелира махкахь дика вевзаш волчу байтанчица, нохчийн меттан таронаш зуьйш къахьоьгучу Iилманчица Яралиев Юсупца къамел.

Яралиев: «Говзанчашна хаа ма хаьа. Тидам баре терра ду-кх иза. Тхо кегийнах долчу хена цхьа мур беара литература кхуьуш. Тхо сийсаздеш хIумнаш а лелийра Обкомехь биста кхаччалц.

Тахана ба-м бу дика яздеш берш а. Делахь а цхьа ийзалуш,юхабетталучех тера хета суна уьш. Дика бохкуш бу масала Хабаев ИсмаIал, Арсалиев Луба,Петирова ПетIимат,Халикова кхиберш а. Оцу Хабаев ИсмаIал «Къоман барт» аьлла цхьа ирта ю.

Мел дика язйина цо иза. Ас-м элира цуьнга иза ас, я кхузткъара ваьллачу кхечо воккхачуо язйина хила езаш ма яра… Дукхахберш цу байташца бехаш,буьйшуш-гIовттуш ца хета суна, тIебирззина,цунах болх а бина…

30-35 шо хьалха,суна хетарехь, исбаьхьаллин литература нахана езара,эшара ,керла хIума араяларе нахе са а туьйсура .

Ишта хета-кх суна. Стенна аьлча исбаьхьаллин дош бахам а ма бу. Даха дуьсу дерг,нехан кийра дуьжу дерг,дагахь дуьсу дерг и дош ду».

Нохчийн исбаьхьаллин литературах, цуьнан селханех, кханенах дийцина байтанча Яралиев Юсуп дог тешна ву, дерриге а халкъан мах хадош, цуьнан синмехаллаш дуьненна а йовзуьйтуш, даиманна а даха дуьсу дерг исбаьхьаллин дош хилар кхета а дина, нохчийн яздархоша кIадо йоцуш къахьоьгур ду, аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG